kopilkaurokov.ru - сайт для учителей

Создайте Ваш сайт учителя Видеоуроки Олимпиады Вебинары для учителей

Методическая разработка урока по чеченскому языку

Нажмите, чтобы узнать подробности

Методическая разработка урока по чеченскому языку.

Вы уже знаете о суперспособностях современного учителя?
Тратить минимум сил на подготовку и проведение уроков.
Быстро и объективно проверять знания учащихся.
Сделать изучение нового материала максимально понятным.
Избавить себя от подбора заданий и их проверки после уроков.
Наладить дисциплину на своих уроках.
Получить возможность работать творчески.

Просмотр содержимого документа
«Методическая разработка урока по чеченскому языку»

11-г1а урок

Урокн ц1е: «Акхарой. Дош . Дешдакъа»

1алашо: берашна тайп-тайпана акхарой йовзийтар . Цара бохьучу пайданах хаамаш балар. Берийн дешнех , дедакъойх болу хаамаш шорбар.


Кхочушдан лерина жам1аш

1.Предметни: брашна евзар ю тайп-тайпана акхарой .Берашна 1емар ду акхарой вовшех къасто , уьш йовза. Бераша шорбийр бу дешнех ,дешдакъойх болу хаамаш, 1емар ду дешдакъош схемица билгалдаха.

2.Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, учебника аг1он т1ехь шаьш хьалха-таьхьа 1амор долчунан план х1отто. Цу планан рог1алла ларъеш учебникаца болх бан. Берашна хуур ду шайн кхиамийн мах хадо, кхачамбацарш довза царех ларбала.

  • Познавательни: берашна хуур ду акхарой стенгахь еха, х1ун пайда бохьу , уьш муха 1алашъян деза. Берашна 1емар ду дешнийн схеманашца болх а беш , цу схемехь дешдакъош билгалдаха. Берийн алсам дер ду тидаме хилар.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочуьнга ладог1а , цуьнан хаттаршна жоьпаш дала. Берашна 1емар ду вовшашка хаттарш дала , царна жоьпаш дала. Берашна хуур ду шаьш бинчу белхан мах хадо.Берашна 1емар ду тобанашкахь болх бан , шайн накъосташна г1о дан. Билгалбохур бу кхачамбацарш, кхиамаш а.


3.Личностни: берийн лаам кхоллалур бу акхарой 1алашъян , церан доладан. 1аламе безам кхоллалур бу берийн .

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

-Де дика хуьлда шун бераш!

-Диканца дукха ехийла!

2.Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар «Х1ун ю совнаха?»

(Хьехархочо уьн т1е д1аухку суьрташ: ча, борз, страус, пхьагал, тарсал, лом, цхьогал)

-Хьовсал кху суьрташка .Х1ун ю кхарна юкъахь совнаха? (Страус)

-Х1унда ю страус совнаха? (Берийн жоьпаш)

-Страус совнаха ю , х1унда аьлча важа йисинчу х1уманех акхарой олу , ткъа ткъа страус олхазар ду. Алал массара акхарой.

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана урокехь? ( Вай дуьйцур ду акхаройх лаьцна)

3. 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла учебникан 16-г1а . Х1ун ю цу т1ехь гуш ерг? Х1ун 1амор ду вай хьалхара?

-Х1орш х1ун ю? (Акхарой)

-Х1ун 1емар ду вайна хьалхара?

  • Суна 1емар ду акхаройн ц1ераш яха.

-Х1ун дийр ду вай схеманашна?

  • Суна 1емар ду дешнийн схеманашца болх бар.

-Х1ара х1ун ю? (Сурт ду)

-Х1ун дийр ду вай суртана?

  • Суна 1емар ду суьртах лаьцна дийцар х1отто.

-Вайна тахана 1емар ду акхарой довза, хуур ду цара х1ун пайда бо, уьш мичахь еха. Вайна 1емар ду дешнийн схеманашца белхаш бан, суьртах лаьцна дийцар х1отто.

4.Акхарой йовзийтар.

-Х1ун 1амор ду вай хьалхара?

-Акхаройн ц1ераш яха.

  • Суьрташца болх бар.

-Х1ара х1ун ю? (Ча ю )

-Х1ара х1ун ю? ( Борз ю)

-Х1ара х1ун ю? (Пхьагал ю)

-Х1ара х1ун ю?( Лом ду)

-Х1ара х1ун ю? (Цхьогал ду)

-Х1ара х1ун ю? (Тарсал ю)

-Царех массарех х1ун олу? (Царех массарех акхарой олу)

-Кхин муьлха акхарой евза шуна? (Берийн жоьпаш)

-Акхарай стенгахь еха? (Хьуьнхахь)

-Шуна х1ун аьлла хетта: уьш оьший вайна? (Берийн жоьпаш)

-Моссо акхаро оьшуш ю , цара боккха пайда бохьу

-Х1ун 1еми шуна?

  • Суна 1еми акхаройн ц1ераш яха.

-Кхин д1а х1ун 1амор ду в ай? (Схеманашца болх бан)

  • Схеманашца болх бар.

-ЧА дешан масса дешдакъа ду? (ЧАААА- цхьа дакъа ду)

-Хьан юьллур яра ЧА дешан схема?

-Хьовсал цо иза нийса йиллиний, книги т1ехь муха ю иза? (Бераша тидам бой жоп ло)

-Кхин муьлха дешнаш ду оцу схемина дог1уш? (Борз , лом ду)

-Маса дешдакъа ду ПХЬАГАЛ дешан? (ПХЬААА-ГАААЛ- шиъ дешдакъа ду)

-Хьовсал цо иза нийса йиллиний, книги т1ехь муха ю иза? (Бераша тидам бой жоп ло)

-Кхин муьлха дешнаш ду оцу схемина дог1уш? (Цхьогал, тарсал ду)

-Х1ун 1еми шуна?

  • Суна 1еми схеманаца болх бан.

5. Сада1аран миноташ.

Дог1а

Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,

Мархаш йоьлху, йоьлху.

Т1адамаш лаьтта 1ена, 1ена, -

Мала хи, к1а, мала.

К1ено охьатаь1ий:

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у дог1у, дог1у.

(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа, куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьалаерзайо, т1аккха охьаерзайо)

6. Дозуш долу къамел кхиор.

-Х1ун дийр ду вай х1инца?

-Суьртах лаьцна дийцар х1оттор ду.

  • Суьртах лаьцна дийцар х1оттор.

-Х1ун ю суьрта т1ехь гуш ерг? (Суьрта т1ехь гуш ду лаьмнаш)

-Х1ун ю лаьмнашкара охьадог1уш? ( Охьадог1уш шовда ду)

-Х1орш х1ун ю? (Берийн жоьпаш)

-Х1орш нохчийн шира б1аьвнаш ю.

-Шу хиллий лаьмнашкахь? Муха дара цигара х1аваъ?

-Муьлха акхарой гина хьуна?

-Мегар дуй акхарой шена хазъелла аьлла , ц1а яло? (Берийн жоьпаш)

-Акхарой схьалеца , ц1а яло мегар дац. Х1унда аьлча уьш ю адамаш сана шайн доьзал болуш, доьзалах д1ахадар чевне хуьлу царна.

  • Ловзар : « Ц1ера дийнат я акхаро»

-Бераш аса тайп –тайпана х1уманийн ц1ераш йохар ю , шу д1адийша аса ц1ера дийнат аьлча, хьалаг1овтта акхаро аьлча.

Лом, етт, ж1аьла, борз , цхьогал , пхьагал, ча, говр, тарсал , цициг, эса.

6. Жам1 дар.

-Муьлха акхарой евзира шуна?

-Стенгахь еха акхарой?

-Шуна гиний цхьа а акхаро?

7.Рефлекси.

-Дагаяйита вайн план.

-Х1ун дан ницкъ кхечи хораннан?

Суна евзи…

Суна 1еми…

Суна хии..




Получите в подарок сайт учителя

Предмет: Прочее

Категория: Уроки

Целевая аудитория: 1 класс.
Урок соответствует ФГОС

Скачать
Методическая разработка урока по чеченскому языку

Автор: Есембаева Мадина Кюриевна

Дата: 01.05.2025

Номер свидетельства: 669258

Похожие файлы

object(ArrayObject)#853 (1) {
  ["storage":"ArrayObject":private] => array(6) {
    ["title"] => string(119) "Методическая разработка урока по чеченскому языку. "Хаарийн б1ов""
    ["seo_title"] => string(68) "metodicheskaia_razrabotka_uroka_po_chechenskomu_iazyku_khaariin_b1ov"
    ["file_id"] => string(6) "669544"
    ["category_seo"] => string(7) "prochee"
    ["subcategory_seo"] => string(12) "meropriyatia"
    ["date"] => string(10) "1746949218"
  }
}
object(ArrayObject)#875 (1) {
  ["storage":"ArrayObject":private] => array(6) {
    ["title"] => string(93) "Методическая разработка урока по чеченскому языку"
    ["seo_title"] => string(54) "metodicheskaia_razrabotka_uroka_po_chechenskomu_iazyku"
    ["file_id"] => string(6) "668323"
    ["category_seo"] => string(7) "prochee"
    ["subcategory_seo"] => string(5) "uroki"
    ["date"] => string(10) "1744518077"
  }
}
object(ArrayObject)#853 (1) {
  ["storage":"ArrayObject":private] => array(6) {
    ["title"] => string(93) "Методическая разработка урока по чеченскому языку"
    ["seo_title"] => string(56) "metodicheskaia_razrabotka_uroka_po_chechenskomu_iazyku_1"
    ["file_id"] => string(6) "668882"
    ["category_seo"] => string(7) "prochee"
    ["subcategory_seo"] => string(12) "planirovanie"
    ["date"] => string(10) "1745375393"
  }
}
object(ArrayObject)#875 (1) {
  ["storage":"ArrayObject":private] => array(6) {
    ["title"] => string(93) "Методическая разработка урока по чеченскому языку"
    ["seo_title"] => string(56) "metodicheskaia_razrabotka_uroka_po_chechenskomu_iazyku_2"
    ["file_id"] => string(6) "668888"
    ["category_seo"] => string(7) "prochee"
    ["subcategory_seo"] => string(12) "planirovanie"
    ["date"] => string(10) "1745379219"
  }
}
object(ArrayObject)#853 (1) {
  ["storage":"ArrayObject":private] => array(6) {
    ["title"] => string(151) "Конспект урока по чеченскому языку. Тема: «Шалхачу элпашца билгалдеш долу аьзнаш»."
    ["seo_title"] => string(80) "konspekt_uroka_po_chechenskomu_iazyku_tema_shalkhachu_elpashtsa_bilgaldesh_dolu_"
    ["file_id"] => string(6) "653475"
    ["category_seo"] => string(16) "nachalniyeKlassi"
    ["subcategory_seo"] => string(5) "uroki"
    ["date"] => string(10) "1719151446"
  }
}


Получите в подарок сайт учителя

Видеоуроки для учителей

ПОЛУЧИТЕ СВИДЕТЕЛЬСТВО МГНОВЕННО

Добавить свою работу

* Свидетельство о публикации выдается БЕСПЛАТНО, СРАЗУ же после добавления Вами Вашей работы на сайт

Удобный поиск материалов для учителей

Проверка свидетельства