Методическая разработка внеклассного занятия «Башня знаний» (интеллектуальная игра) Iалашо: Нохчийн матте болу безам кхиор а, чlагlбар а. Гlирс: плакат, бlаьвнаш, сахьт (гlуман), магнитофон, диск. I Буьйцучу маттаций бен цхьа а хIума дийца йиш яц вайн. Историх, арифметиках, литературах, грамматиках, физиках - доцца аьлча, цхьана а хIуманах лаьцна хIумма а ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. Мотт вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а уггаре а ца хилча йиш йоцу гIирс бу. Иза хьекъалан а, ойланан а хазна ю. ХIора халкъан а ненан мотт - цуьнан дахаран хазна ю. Ненан мотт хIора къоман а, хIора халкъан а культуран бух бу. Иза кIорггера дика Iамор вайн декхар ду. Яздархо К.Паустовскийс нийса яздина ненан маттах лаьцна ша аьлла дешнаш: «ХIора стеган а шен маттаца йолчу юкъаметтиге хьаьжжина, цуьнан культуран барам къастийна ца Iаш, цуьнан граждански мехалла а кхоччуш нийса къасто мегар ду. Шен махке болу бакъ безам шен матте бацахь маьIна долуш бац. Мотт вай Iама а бо, дахаран тIаьххьара денош тIекхаччалц саццаза Iамо декхар а ду…» II Нохчийн шира бlаьвнаш чlогlачу меттехь ян йолош хилла. И меттиг мел чlогlа елахь а, ларма еш хилла ор доккхий (ялта lалашдан).Цул лакхахь – кхай (божал чохь кхаба). Цул лакхахь – коьрта цlа (доьзал чохь lа цlа), цу чохь кхерч хилла.Цул лакхахь - кхоъ сов цlа (хьеший тlеоьцуш хилла). Цул лакхахь – теман цlа (хехой lаш хилла, гонаха тергам беш). Цул лакхахь тхов хилла – чарх. Чархана тlе буьллуш хилла боккха тlулг – цlурко. Цхьана шарахь йина валадезаш хилла бlов, нагахь йина ца довлахь йохо езаш хилла и. Бlов йина девлла де даздеш хилла. III Стихотворени «Бlаьвнаш» юьйцу Эльдарбиев Мохьмада а, Хадаева Лианас а. Кусаев I. Дж. IV Хlора командин тхьамда, цlе, кхайкхам. Нийса деллачу жоьпана тlулг тlебилла бакъо ло. Бlов лакхаяьлларг тоьлу. 1. Хьалхара го «Исторех лаьцна» а) муьлхачу шарахь вайнах сибрех бахийтина (23 февраль 1944 шо) б) муьлхачу шарахь сибрера цlа бан бакъо елла ( 1957 шо) 2. Рогlера го «Гlиллакх-оьздангалла» а) нускал далош лелош долу гlиллакхаш (дийца) б) тезетехь лелош долу гlиллакхаш (дийца) Рогlера го «Нохчийн фольклор» Вайнехан халкъан барта кхолларалла хилла д1ах1оьттина зама хууш яц. Иза кхоллаелла йоза а, йозанан литература а кхиале дуккха а хьалха. Геннарчу ширачу заманахь дуьйна тайп-тайпана чулацам а, к1орггера маь1на а долу исбаьхьа барта произведенеш кхуллуш схьадеана вайн халкъ. Коьрта долчу декъана цу юкъа дог1у: туьйранаш, иллеш, эшарш, наьрт-эрстхойх долу дийцарш, х1етал-металш, кицанаш. Халкъан барта кхоллараллин доккха маь1на ду. Ширачу заманахь иза барта кхуллуш хилла халкъана юкъара схьабевллачу дешан говзанчаша. Йоза цахиларе терра, цхьана стагера кхечуьнга а йовлий, х1ораммо шеггара хийца а хуьйцуш, т1етохарца хаз а йой, т1аьхьенера т1аьхьене а йовлуш, халкъан барта кхолларалла а хуьлий д1ах1уьттуш хилла халкъо ша кхоьллина произведенеш. Заманца уьш т1етт1а к1арглуш, хазлуш, ирлуш, исбаьхьаллин кепе йоьрзуш хилла. Муьлха туьйранна тlера ю кийсак а) Хез-хезаш д1ахезира и г1уллакх хьалха юххерчу, т1аккха генарчу ярташкарчу нахана. Схьаэха бевлира нах, ц1ен олхазар дохка шайна бохуш, дехарш деш. Амма баккхийчу наха ца духкура шайна дукхадезаделла олхазар. Тlаьххьара а д1ахезира и махкана т1евиллина волчу цхьана воккхачу элана. («Тамашийна олхазар» ) Муьлха туьйранна тlера ю кийсак б) Хьаьдда баханчу 1ахаро луларчу жен ж1аьле шен бала ма-барра д1а а бийцина, шена г1оьнна даг1ахьара хьо аьлла, дехар дина. Ж1аьла, реза а хилла, 1ахар бежаш лелачу метте деана. Цигахь 1ахарца къайлах барт а бина, шовданна уллорчу куллах доьлла д1алечкъина ж1аьла. («Барзо lахарца мохк къовсар») 4. «Нохчийн мотт» цlе йолу го. Дешнийн маьlна а) ИСТАНГ - (истанган, истангана, истанго, истангаца, д. т. истангаш) - батийначу т1ерг1ах куц доккхуш бина куз. б) БАШЛАКХ - (башлакхан, башлакхна, башлакхо, башлакх- ца, д. т. башлакхаш) - шийлачу хенахь, белш д1алоцуш коьрта туьллу к1адийнан куй. 5. Рогlера го «Нохчийн литература» а) I. Гайсултановн дахарх а, кхоллараллех а лаьцна дийцар б) С. Яшуркаевн дахарх а, кхоллараллех а лаьцна дийцар 6. Рогlера го «Кицанаш» Кицанаш - кхетам луш долу доций аларш ду. Цара гойту адамийн хьекъал а, дахаран бакъдерг а. Адамийн дахарехь зеделларг довзуьйтуш а, гойтуш а кхоьллина халкъо кицанаш. Кицанаша дуьйцу адамо шен дахарехь тидаме эцна, ойла йина, цуьнан лаам хилла г1уллакх. Кхетам баларца цхьаьна, цара хиламан а, х1уманан а мах а хадабо, жам1 а до. Кицанаша хестайо адамийн дика амал а, г1иллакх-оьздангалла а, хестадо тешаме хилар а, адамалла йолуш къинхетаме хилар а, цуьнца цхьаьна адамийн сакхташ а, вон амалш а емалйо, сийсаз а йо. Кицанаш тайп-тайпана хуьлу: Даймахках а, къинхьегамах а, доттаг1аллех а, дахаран тайп - тайпанчу хиламех а, зеделлачу а, дикачу а, вочу а адамех лаьцна а. а) Дика кlант – гlала, вон кlант – бала (маьlна) б) Аьхка – мало, lай – хало (маьlна) 7. Рогlера го «Фразеологизмаш» Хlора мотт хазбо фразеологизмаша. а) Ша бадийна воьду – бохург хlун ду б) Куьйгаш тlехь лелаво – бохург хlун ду 8. Рогlера го «Хlетал – металш» Дуккха а б1ешераш хьалха кхоьллина халкъо х1етал-металш а. Уьш а, туьйранаш санна, цхьаммо вукхуьнга барта дийцарца таханлерчу дийне схьадеъна. Х1етал-металш к1орггерчу ойланца, х1илланца жоп гойтуш х1иттийна. а) -Х1етал-метал хаийла шуна: хина т1ай, некъана накъост. (Говр) -Х1етал-метал хаийла шуна: ког - ц1а чохь, корта - арахь. (Хьостам) - Х1етал-метал хаийла шуна: гуттар а лесташ доьду и, амма цкъа а д1а ца кхочу и. (Ага) б) -Х1етал-метал хаийла шуна: даима стигал хьала хьоьжург. (Туьнталг) -Х1етал-метал хаийла шуна: некъал дехьа- сехьа веха ши ваша.(Бlаьргаш) -Х1етал-метал хаийла шуна: сих-сиха т1етт1а боьду ши берд. (Балдаш ) 9. Стихотворени юьйцу, цlурко тlулг тlе буьллу. |