КХЕТОРАН КЕХАТ
Лелаш долчу нормативан-бакъонан документашца догӀуш, нохчийн мотт (оьрсийн мотт а санна) Нохчийн Республикин пачхьалкхан меттанстатус йолуш бу (2007 шеран 25 апрелан N 16-РЗ йолу «Нохчийн Республикин меттанийн хьокъехь» Нохчийн Республикин закон (06.03.2020 ш. N 13-РЗ ред.). Иза нохчийн халкъан оьздангаллин коьртахьал а ду, дешаран хьукматашкахь дешаран предмет санна хьоьхуш а бу.
«Ненан (нохчийн) мотт» дешаран предметан белхан программа (кхидӀа Программа) кхолларан бухбу хӀара нормативийн-бакъонийн документаш:
Россин Федерацин конституци (26 статья);
2012 шеран 29-чу декабран №273-Ф3 йолу «Россин Федерацин дешаран хьокъехь» Федеральни закон (5, 8, 12, 14 ст.) (02.07.2021 ш. ред.);
1991 ш. 25 октябран № 1807-1 йолу «Россин Федерацин халкъийн меттанех» Федеральни закон (2, 6, 9, 10 ст.) (11.06.2021 ш. ред.);
Йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран Федеральни пачхьалкхан дешаран стандарт, Россин Федерацин серлонан Министерсвос 2021 ш. 31 майхь № 286 йолу омранца чӀагӀдина долу;
Кхетош-кхиоран герггара программа (къобалйина йукъарчу дешаран федеральни дешаран-методикин цхьаьнакхетараллин сацамца (02. 06. 2020 ш. № 2/20 йолу протокол);
Россин Федерацин къаьмнийн ненан мотт хьехаран концепци (Россин Федерацин серлонан Министерсвон коллегехь чӀагӀйина 2019.10.01);
Йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран коьртачу дешаран герггара программа (къобалйина йукъарчу дешаран федеральни дешаран-методикин цхьаьнакхетараллин сацамца (18.03.2022 ш. № 1/22 йолу протокол);
2003 шеран 23 мартан Нохчийн Республикин конституци (09.01.2022 ш. хийцамашца);
2007 шеран 25 апрелан N 16-РЗ йолу «Нохчийн Республикин меттанийн хьокъехь» Нохчийн Республикин закон (06.03.2020 ш.N 13-РЗ ред.);
2014 шеран 30 октябран N 37-РЗ йолу «Нохчийн Республикин дешаран хьокъехь» Нохчийн Республикин закон (06.03.2020 N 13-РЗ ред.);
2020 ш. 17 августан № 180 йолчу «Нохчийн Республикин дешар кхиор» Нохчийн Республикин пачхьалкхан программина хийцамаш йукъабалоран хьокъехь» Нохчийн Республикин Правительствон Постановлени (2022.03.17 бинчу хийцамашца);
Нохчийн Республикин тӀекхуьу чкъор син-оьздангаллин кхетош-кхиоран а, кхиаран а йукъара концепци (тӀечӀагӀйина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо 14.02.2013 ш.);
Нохчийн меттан нийсайаздаран коьртачу бакъонийн гулар тӀечӀагӀйарх №83 йолу Указ (тӀечӀагӀдина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо 2020 шеран апрелан 29-чу дийнахь)
Нохчийн Республикехь нохчийн мотт а, литература а хьехаран концепци (чӀагӀйина 2022.05. 12 № 3 йолчу Ӏилманан Советан кхеташонехь);
Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш /Джамалханов З.Д., Мациев А.Г., Овхадов М.Р., Халидов А.И., и.д. кх. – Соьлжа-гӀала: АО «Издательско-полиграфический комплекс «Грозненский рабочий», 2022. – 64 а.
Программа кхочушйаран бухахь системехь-гӀуллакхдаран некъ бу.«Ненан (нохчийн) мотт» дешаран предмет Ӏамор тӀехьажийна ду гуманитарни циклан кхечу дешаранпредметашца межпредметни уьйр кхочушйарна.
«Ненан (нохчийн) мотт»дешаран предметан йукъара характеристика
«Нохчийн мотт» дешаран предметан герггара белхан Программа йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран программаш кхочушйечу организацешна (хьукматашна) хӀоттийна йу.
Школан дешаран хӀинцалерчу тенденцешна а, Ӏаморан жигарчу методикашна а тӀехьажийна йолу «Ненан (нохчийн) мотт» дешаран предметан белхан программа хӀотторехь хьехархошна методикин гӀо лацаран Ӏалашонца кечйина йу хӀара Программа.
Белхан Программас хьехархочун аьтто бийр бу:
1)нохчийн мотт хьехаран процессехь йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран Федеральни пачхьалкхан дешаран стандартехь кепе далийна Ӏаморан личностни, метапредметан, предметан жамӀашка кхачаран хӀинцалера некъаш кхочушдан;
2) Йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран Федеральни пачхьалкхан дешаран стандартаца (Россин Федерацин серлонан Министерсвос 2021.05.31 № 286 йолу омранца чӀагӀдина долу); Йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран коьртачу дешаран герггарчу программица (къобалйина йукъарчу дешаран федеральни дешаран-методикин цхьаьнакхетараллин сацамца (18 мартан 2022 ш. № 1/22 йолу протокол); Кхетош-кхиоран герггарчу программица (къобалйина йукъарчу дешаран федеральни дешаран-методикин цхьаьнакхетараллин сацамца (02. 06. 2020 ш. № 2/20 йолу протокол); Нохчийн Республикин тӀекхуьу чкъор син-оьздангаллин кхетош-кхиоран а, кхиаран а йукъара Концепцица (тӀечӀагӀйина Нохчийн Республикин куьйгалхочо 14.02.2013 ш.) цхьаьнадогӀу Ӏаморан кхочушдан лору жамӀаш а, «Нохчийн мотт» дешаран предметан чулацам а Ӏаморан шерашца къасто а, хӀоттамца дӀанисбан а; 3)билггал йолчу классан башхаллаш тидаме а оьцуш, билгалдина дакъа/тема Ӏаморна дешаран хенан магийнчу герггарчу дӀасайекъарх, ткъа иштта дакъойн/темийн Ӏаморан коьчал карайерзорхьама йалийнчу дешаран гӀуллакхдаран коьртачу кепех пайда а оьцуш, календарно-тематикин планировани кечйан.
Программин чулацам тӀехьажийна бу йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран Федеральни пачхьалкхан дешаран стандарто «Ненан мотт а, ненан маттахь литературин йешар а» предметан областана лехамийн декъахь далийнчу йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран коьрта дешаран программа кхиамца карайерзоран жамӀашка кхачарна.
Программа тӀехьажийна йу «Ненан мотт а, ненан маттахь литературин йешар а» предметан областана йукъайогӀучу нохчийн меттан курсана кхачо йарна а, гӀо лацарна а.
«Ненан (нохчийн) мотт» дешаран предметан герггарчу белхан Программин чулацам йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран Федеральни пачхьалкхан дешаран стандартаца цхьаьнабогӀуш бу.
Дешаран предметан чулацам внеурочни гӀуллакхдарехула а кхочушбан тарло: экскурсеш, тематикин мероприятеш, къийсамаш (конкурсаш), и.д.кх.
«Ненан (нохчийн) мотт» дешаран предметан белхан Программин чулацаман коьрта линиш
Дешаран предметан коьчал меттаӀилманан дакъошца йогӀуш хӀоттийна йу. Нохчийн меттан систематически курс Программехь хӀокху чулацаман линишца йалийна йу: «Маттах лаьцна хаамаш», «Фонетика, орфоэпи, графика, орфографи»; «Лексика», «Морфемика», «Морфологи», «Синтаксис», «Орфографи а, пунктуаци а», «Къамел кхиор».
Программехь къаьсташ йу кхо блок: «Къамелан гӀуллакхдаран тайпанаш», «Систематически курс» (1-чу классехь хьалхарчу эха шарахь – «Йоза-дешар Ӏамор»), «Къамел кхиор».
«Къамелан гӀуллакхдаран тайпанаш» цӀе йолу хьалхара блок йоьзна йу шайн вовшашца йолчу уьйраца цхьаьна къамелан гӀуллакхдаран деа тайпанехула кхиарца, йуьхьанцарчу классийн дешархойн (тӀекеренан Ӏалашонаш къасто хаа, къамелан тӀекеренехь нийса дакъалаца) коммуникативни карадерзарш кхиорца; къамелан этикетан бакъонех пайдаэцаран практика алсамйаккхарца.
«Систематически курс» цӀе йолчу шолгӀачу блоко йукъалоцу меттан дакъойх пайдаэцарна тӀехь тергам барна кхачо йен чулацам, дешаран а, практикин а хьелашкахь меттан дакъойх пайдаэцаран бухера карадерзарш а, хаарш а кхиор; хӀинцалерчу нохчийн литературни меттан норманех болу йуьхьанцара кхетамаш кхоллар. ХӀара блок тӀехьажийна йу (Ӏамийнчун гурашкахь) хӀинцалерчу нохчийн литературни меттан норманаш практикехула карайерзорна; дахаран йерриге сферашкахь нохчийн маттах пайдаэцарехь жоьпаллин а, кхетаме а йукъаметтиг кхиорна.
«Къамел кхиор» цӀе йолу кхоалгӀа блок. Чулацаман коьртачу декъах кху блокехь тексташца бен болх бу: кхета хаар кхиор, йеллачу тексташна анализ йар, тайп-тайпанчу функциональни-маьӀнийн тайпанийн, жанрийн, стилийн шен тексташ кхоллар.
«Ненан (нохчийн) мотт» дешаран предмет ӀаморанӀалашо а, хьесапаш а
Йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран тӀегӀанехь «Ненан (нохчийн) мотт» дешаран предмет Ӏаморан Ӏалашо – дешархойн коммуникативни хьуьнарш кхоллар (барта а, йозанан а, монологан а, диалоган а къамел кхиор), уьш къамелан гӀуллакхдарна практикехь йукъабалор; дешархошкахь нохчийн маттах а, халкъан культурица цуьнан уьйрах а билггал долу хаарш кхоллар.
Йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран тӀегӀанехь «Ненан (нохчийн) мотт» дешаран предмет Ӏаморанхьесапаш ду дешархошкахькхоллар а, кхиор а:
нохчийн меттан шатайпаналлех, къоман ламастех, шен халкъан культурех йуьхьанцара кхетам; этнически кхетам (самосознани) кхиор;
нохчийн матте позитиван эмоцин-мехаллин йукъаметтиг, цуьнан цӀеналла а, башхалла а ларйарехь декъах хиларан синхаам; нохчийн матте бовзаран дог дар, шен къамел кхачаме дало гӀертар;
тӀекеренан Ӏалашонашца, хьелашца, хьесапашца богӀу меттан гӀирсаш харжарехула, нохчийн маттахь жамӀаш дарехула а, шена хетачунна бух балорехула долу хьуьнар кхоллар а, кхиор а;
хьехархочун/одноклассникийн барта аларш хазарехь тӀеэца хьуьнар кхоллар а, кхиор а;
нийса йеша а, нийса йазйан а, урокан темехула диалогехь а, коллективан беседехь дакъалаца, чолхе доцу барта монологан аларш а, йозанан тексташ а хӀитто хаар кхоллар а, кхиор а;
нохчийн меттан системех а, хӀоттамах а болу йуьхьанцара кхетамаш (фонетикех, графикех, лексикех, морфемикех, морфологех, синтаксисах);
функциональни говзалла а, хийцалучу дуьненаца кхиаме зӀе латто а, кхин дӀа долчу кхиаме дешарна кийча хилар а кхоллар а, кхиор а.
Дешаран планехь «Ненан(нохчийн) мотт» дешаран предметан меттиг
Йуьхьанцарчу йукъарчу дешаран Федеральни пачхьалкхан дешаран стандартаца цхьаьнадогӀуш, «Ненан (нохчийн) мотт» дешаран предмет «Ненан мотт а, ненан маттахь литературин йешар а» предметан областана йукъа а йогӀу, Ӏамо тӀейожош а йу.
«Ненан (нохчийн) мотт» Ӏаморна леринчу сахьтийн йукъара терахь – 405 с.
(хӀора классехь кӀирнах 3с.): 1-чу классехь – 99 с., 2-чу классехь – 102 с., 3-чу классехь – 102 с., 4 классехь – 102 с.
Дешаран учрежденин бакъо йу дешаран предмет Ӏаморнаделлачу сахьтийн барам, дешаран йукъаметтигийн декъашхоша кхуллучу планан декъан сахьтийн чоьтахшаалсамбаккха.
«НЕНАН (НОХЧИЙН) МОТТ» ДЕШАРАН ПРЕДМЕТАН ЧУЛАЦАМ
4 КЛАСС
Нохчийн маттах болу хаамаш
Нохчийн мотт Нохчийн Республикин пачхьалкхан мотт санна.Мотт – халкъан синъоьздангаллин коьртачу мехаллех цхьаъ санна.
Мотт бовзаран тайп-тайпана некъаш: тергам, анализ, лингвистикин эксперимент, мини-таллам, проект.
Фонетика, графика, орфоэпи
Йеллачу параметрашца дашехь а, дашехь доцуш а аьзнийн характеристика, дустар, классификаци йар. Дешан аьзнийн-элпийн таллам.
Къамел даран (говорение) а, йешарана процессехь нийса интонаци (иэшар). Аьзнийн, аьзнийн цхьаьнакхетарийн аларан норманаш; дешнашкахь, хӀинцалерчу нохчийн литературни меттан норманашца йогӀу, йохалла (Ӏаматехь Ӏамочу дешнийн кӀеззиг масалшна тӀехь).
Лексика
Къамелехь синонимех, антонимех, омонимех пайдаэцарна тӀехь тергам.
Къамелехь дешнийн чӀагӀделлачу цхьаьнакхетарех (фразеологизмех) пайдаэцарна тӀехь тергам (довзийтар).
Дешан хӀоттам (морфемика)
Хийцалучу дешнийн хӀоттам, морфемаш атта къасталучу дешнашкахь орамаш, дешхьалхенаш, суффиксаш, чаккхенаш билгалйахар (Ӏамийнарг карладаккхар).
Дешан лард. Чолхе дешнаш (довзийтар).
Морфологи
Коьрта а, гӀуллакхан а къамелан дакъош (йуьхьанцара довзийтар).
ЦӀердош. ЦӀердешнийн легар. 1, 2, 3, 4чу легарийн цӀердешнаш. Долахь цӀердешнийн легар (цӀераш, фамилеш).
Билгалдош. Лаамаза а, лааме а билгалдешнаш. Билгалдешнийн легар.1,2-чу легаран билгалдешнаш. Легалуш доцу билгалдешнаш (хьенан? стенан? хаттаршна жоп лун билгалдешнаш).
Терахьдош. Масаллин а, рогӀаллин а терахьдешнаш.
ЦӀерметдош. Йаххьийн цӀерметдешнаш (карладаккхар). Цхьаллин а, дукхаллин а терахьан йаххьийн цӀерметдешнийн дожаршца хийцадалар.
Хандош. Хандешан билгалза кеп. Хандешнийн карара, йахана, йогӀу хан. Хандешнаш хенашца хийцадалар.
Куцдош (йукъара кхетам). МаьӀна, хаттарш, къамелехь пайдаэцар.
ДештӀаьхье.
Хуттург. Цхьалхе а, чолхе а предложенешкахь хуттургаш.
Дакъалгашца, ма, церан маьӀна.
Синтаксис
Дош а, дешнийн цхьаьнакхетар а, предложени а, церан тераллех а, башхаллех а кхетар; аларан Ӏалашоне хьаьжжина, предложенийн тайпанаш (дийцаран, хаттаран, тӀедожоран); синхаамийн иэшаре (айдаран а, айдаран йоцу а) хьаьжжина, предложенийн тайпанаш; йаьржина а, йаржаза а (Ӏамийнарг карладаккхар). Цхьалхечу предложенин синтаксически таллам.
Цхьанатайпанчу меженашца йолу предложенеш: хуттургаш йоцу а, хуттургашца йолу а. Цхьанатайпанчу меженашца йолчу предложенешкахь дагардаран интонаци (иэшар).
Цхьалхе, чолхе предложени (йовзийтар).
Орфографи а, пунктуаци а
Орфографин син иралла нийсайаздаран гӀалат дан тарлун меттигах кхетар санна; ша хӀоттийна а, схьакховдийна а тексташ талларехь таллам а, ша шена таллам а (карладаккхар а, нийсайаздаран керлачу коьчалехь пайдаэцар а).
Нийсайаздаран (орфографин) дошамах, дешан нийсайаздар къастош (нисдеш), пайдаэцар.
Нийсайаздаран бакъонаш а, царах пайдаэцар а: дешхьалхенийн цхьаьна а, къаьстина а йазйар; хуттургаш йоцуш а, хуттургашца а цхьаьнатоьхначу предложенешкахь сацаран хьаьркаш.
Шина цхьалхечу предложенех лаьттачу чолхечу предложенехь сацаран хьаьркаш (тергам).
Къамел кхиор
Барта а, йозанан а тӀекеренан хьелаш (кехат, декъалваран открытка, дӀакхайкхор (объявлени), и.д.кх.); диалог; монолог; текстан цӀарехь текстан тема йа коьрта ойла гайтар.
Йозанан къамелан нийса хилар, хьал долуш хилар, исбаьхьалла атидаме аоьцуш, тексташ (йелларш а, шен а) нисйар.
Схьайийцар, дӀайазйар (текстан барта а,йозанан кепехь а ма-йарра схьайийцар, текстан барта хоржуш схьайийцар).
Сочинени йозанан белхан тайпа санна.
Талламан, йовзийтаран йешар. Текстехь гучу кепехь балийна хаам лахар. Текстехьболчу хааман буха тӀехь цхьалхачу жамӀийн кепаш йалор. Текстехь болчу хааман интерпретаци а, жамӀдар а.
ЙУЬХЬАНЦАРЧУ ЙУККЪЕРЧУ ДЕШАРАН ТӀЕГӀАНЕХЬ «НЕНАН (НОХЧИЙН) МОТТ» ДЕШАРАН ПРЕДМЕТАН ПРОГРАММА КАРАЙЕРЗОРАН КХОЧУШДАН ЛОРУ ЖАМӀАШ
ЛИЧНОСТНИ ЖАМӀАШ
Йуьхьанцарчу школехь «Ненан (нохчийн) мотт» предмет Ӏаморан жамӀехь кхетош-кхиоран гӀуллакхдаран коьрта некъашкхочушдечу хенахь дешархочун кхоллалур ду хӀараличностни жамӀаш:
гражданско-патриотически кхетош-кхиоран:
шен Даймахкаца мехалаллин йукъаметтиг кхоллайалар, цу йукъахь республикин истори а, культура а гойту, ненан мотт Ӏаморехула а;
шен этнокультурин а, россин а граждански идентичностах кхетар, Нохчийн Республикин пачхьалкхан маттах санна, ненан (нохчийн) меттан маьӀналлех кхетар;
шен мехкан а, даймехкан а дӀадаханчун, таханенан, хиндолчун декъахь хилар, цу йукъахь исбаьхьаллин говзаршца болх барехь, хьелаш дийцаре дарехула а;
шен а, кхечу а халкъашка ларам, цу йукъахь исбаьхьаллин говзаршкара масалийн бухатӀехь кхуллуш берг а;
йукъараллин декъашхочух санна, адамах болу дуьххьарлера кхетам, адаман бакъонех а, жоьпаллех а, ларамах а, адаман сийлаллех а, леларан гӀиллакх-оьздангаллин норманех а, адамашна йукъарчу йукъаметтигийн бакъонех а, цу йукъахь исбаьхьаллин говзаршкахь гайтинарш а;
син-оьздангаллин кхетош-кхиоран:
шен дахарехь а, йешарехь а зеделлачунна тӀе а тевжаш, хӀора адаман индивидуальность ларар;
догъэцар а, ларам а, диканиг лаар а гучудаккхар, царна йукъахь шегара хьал а, синхаамаш а бовзийтархьама, нийса меттан гӀирсах пайдаэцар а;
кхечу адамашна куьйган (физически) а, моральни (оьздангаллин) а зен дарна тӀехьажийнчу леларан муьлхха а кепаш цайезар (пайдаэца цатарлучу меттан гӀирсех йоьзнарш а цхьаьна);
эстетикин кхетош-кхиоран:
исбаьхьаллин культурица лараме йукъаметтиг а, шовкъ а, искусстван тайпанашна а, шен а, кхечу а халкъийн ламасташна а, кхоллараллина а экамалла;
исбаьхьаллин гӀуллакхдаран тайп-тайпанчу кепашкахь ша гайта гӀертар, меттан говзаллехь а цхьаьна; тӀекеренан а, ша гайтаран агӀирсах санна, ненан меттан мехалаллех кхетар;
физически кхетош-кхиоран, могашаллин культура а, эмоцинхьал а кхолларан:
меттан дешаран процессехь кхин тӀе(тӀетоьхна) хаам лохуш, гонахехь (цу йуккъехь хаамийн а) могашаллин а, кхерамзаллин (шена а, кхечу адамашна а) а дахаран кепан бакъонаш ларйар;
къамелехь ша гайта тарлун некъаш харжарехь а, къамелан этикетан а, тӀекеренан бакъонийн а норманаш ларйарехь а гучудолу дегӀан а, синӀаткъаман а могашаллинтӀалам бар;
къинхьегаман кхетош-кхиоран:
адаман а, йукъараллин а дахарехь къинхьегаман маьӀнах кхетар, къинхьегаман жамӀаш жоьпаллин хьаште хьажор а, лардаран йукъаметтигаш а, къинхьегаман гӀуллакхдаран тайп-тайпанчу кепашкахь дакъалацаран говзаллаш, исбаьхьаллин говзаршкара масалш дийцаре деш, тайп-тайпанчу корматаллашка кхоллалун шовкъ;
экологин кхетош-кхиоран:
тексташца болх баран процессехь кхуллу Ӏалам Ӏалашдаран йукъаметтиг;
цунна зен ден дараш цадезар;
Ӏилманан хаарийн мехаллаш:
дуьненан Ӏилманехула долчу суьртах йуьхьанцара кхетамаш (цу йукъахь меттан системех, дийнна дуьненан Ӏилманехула долчу суьртан цхьана декъах санна, йуьхьанцара кхетамаш);
довзаран хьашташ, жигаралла, дӀадолорна тӀера хилар, довзарехь хаа лаар а, шен лаамалла а, цуьнца цхьаьна ненан (нохчийн) мотт Ӏаморехь бовзаран хьашто а, и бовзарехь жигаралла а, шен лаамалла а.
МЕТАПРЕДМЕТАН ЖАМӀАШ
Йуьхьанцарчу школехь «Ненан (нохчийн мотт)» предмет Ӏаморан жамӀехь дешархочун кхоллалур ду хӀарадешаран универсальни довзаран дараш.
Коьрта маьӀнийн дараш:
тайп-тайпана меттан дакъош дуста (аьзнаш, дешнаш, предложенеш, тексташ), меттан дакъош дустархьама баххаш билгалдаха (къамелан дакъа хилар, грамматикин билгало, лексикин маьӀна, и.д.кх.);
меттан дакъойн тераллаш къасто;
къастийнчу билгалонца объекташ (меттан дакъош) цхьаьнатоха;
меттан дакъойн (аьзнийн, къамелан дакъойн, предложенийн, текстийн) классификаци йархьама ладаме билгало къасто; меттан дакъошна классификаци йан;
хьехархочо йеллачу тергаман алгоритмаца меттан коьчалехь закономерносташ а, бӀостаналла а каро (схьалаха); меттан дакъошца болх беш, дарийн алгоритмана анализ йан, меттан дакъойн анализ йарехь ша дешаран (Ӏамаран) гӀуллакхаш къасто;
билгалйинчу алгоритман буха тӀехь дешаран а, практикин а хьесап кхочушдан оьшучу хааман тоаме цахилар гучудаккха, кхин тӀе оьшучу хааман хьашт кепе дало;
меттан коьчална тӀехь тергамбаран хьелашкахь бахьанийн-тӀаьхьалонийн уьйраш билгалйаха, жамӀаш дан.
Коьрта талламан дараш:
хьехархочун гӀоьнца Ӏалашо кепе йало, меттан объектан, къамелан хьолан хийцамийн план хӀотто;
тӀедиллар кхочушдаран масех кеп йуста, уггар йогӀуш йерг харжа (йалийнчу критерийн буха тӀехь);
схьакховдийнчу планаца чолхе боцу лингвистикин мини-таллам дӀабахьа, схьакховдийнчу планаца проектан тӀедиллар кхочушдан;
жамӀаш кепе дало а, меттан коьчална тӀехь бинчу тергаман (классификацин, дустаран, талламан) жамӀийн бухатӀехь уьш тешаллашца тӀечӀагӀдан а; билгалйинчу меттан коьчалан анализан процессехь хьехархочун гӀоьнца хаттарийн кепаш йало;
процессийн а, хиламийн а, церан тӀаьхьалонийн а и санначу йа терачу хьелашкахь хила тарлучу кхиаран прогноз йан.
Хаамца болх бар:
хаам схьаэцаран хьоста харжа: боьху хаам схьаэцархьама, нисбархьама оьшу дошам;
билгалдинчу хьостанехь (дошам тӀехь, справочник тӀехь) йеллачу алгоритмаца гучу кепахь балийна болу хаам схьалаха (каро);
шенна йа хьехархочо и талла (дошамашна, справочникашна, Ӏаматашна тӀе о хьожуш) схьакховдийначу некъаца бакъ болу а, бакъ боцу а хаам бовза;
Интернет машанехь хаам (дешан йаздарх, аларх, дешан маьӀнах, дешан схьадаларх, дешан синонимех) лохуш, баккхийчеран (хьехаран белхахойн, дайн-нанойн, законехь векалш болчеран) гӀоьнца информационни кхерамзаллин бакъонаш ларйан;
дешаран хьесапе хаьжжина, анализ йан а, кхолла а текстан, видеон-, графикин, озан хаам;
таблицийн, схемийн кепахь билгалбинчу лингвистикин хаамах кхета; лингвистикин хаам бовзийтархьама ша схемаш, таблицаш кхолла.
Йуьхьанцарчу школехь «Ненан (нохчийн) мотт» предмет Ӏаморан жамӀехь дешархочун кхоллалур ду хӀарадешаран универсальни коммуникативни дараш.
ТӀекере:
хетарг тӀеэца а, кепе дало а, бевзачарна йукъахь Ӏалашонашца а, тӀекеренан хьелашца а цхьаьнайогӀу эмоцеш гайта а;
къамелхочуьнца лараме йукъаметтиг лело, диалог а, дискусси а дӀайахьаран бакъонаш ларйан;
хетарг тайп-тайпана хила тарлуш хиларх кхета;
оьзда а, аргументаш йалош а шена хетарг дӀаала;
хӀоттийнчу хьесапе хьаьжжина, къамелан алар хӀотто;
къамелан хьоле хьаьжжина, барта а, йозанан кепахь а тексташ (суртхӀоттор, ойлайар, дийцар) кхолла;
тергаман, мини-талламан, проектан тӀедахкарийн жамӀех а, шимма цхьаьна а, тобанашца а бинчу белхан жамӀех а нахана гуш-хезаш дӀадийца доцца къамел дар кечдан;
къамел даран (выступленин) текстана иллюстрацин коьчал (дехкина суьрташ, даьхна суьрташ (фото), плакаташ) харжа.
Йуьхьанцарчу школехь Ӏаморан чаккхенгахь «Нохчийн мотт» предмет Ӏаморан жамӀехь дешархочункхуьур духӀара дешаран универсальни регулятивни дараш.
Самоорганизаци:
жамӀе кхачархьама, дешаран хьесап кхочушдарехула дарийнплан хӀотто;
хьаьржинчу дарийн хьалх-тӀаьхьалла (рогӀалла) хӀотто.
Самоконтроль:
дешаран гӀуллакхдаран кхиаман/аьтто цабаларан бахьанаш къасто;
къамелан а, нийсайаздаран а гӀалаташ иэшорхьама, шен дешаран дараш нисдан;
меттан дакъойхпайдаэцархьама, къасторхьама, характеристика йархьама хӀоттийнчу дешаран (Ӏаморан) хьесапца гӀуллакхдаран жамӀ цхьаьнадало;
маттехула йолчу коьчалца болх беш дина гӀалат схьалаха, нийсайаздаран(орфографин) а, пунктуацин а гӀалатсхьалаха (каро);
одноклассникийн гӀуллакхдаран а, шен гӀуллакхдаран а жамӀаш дуста, йалийнчу критерешца церан нийса (объективно) мах хадо.
Цхьаьна гӀуллакхдар:
хьехархочо йеллачу планированин кепан, йукъан гӀулчийн а, хенийн а дӀанисйаран буха тӀехь, стандартни (типовой) хьолехь, йоццачу хенан а, йеххачу хенан а Ӏалошонаш (йукъара хьесапашкахь дакъалацар тидаме о оьцуш, индивидуальни) кепе йало;
цхьаьна гӀуллакхдаран Ӏалашо тӀеэца, цуьнга кхачаран дараш цхьаьна хӀитто: ролаш дӀасайекъа, бартбан, цхьаьна бечу белхан процесс а, жамӀаш а дийцаре дан;
куьйгалла дан, тӀедиллинарг кхочушдан, аьллачун тӀехь хила а кийча хилар гайта;
белхан шен дакъа жоьпаллица кхочушдан;
йукъарчу жамӀехь ша лаьцначу декъан мах хадо;
йеллачу (схьакховдийнчу) кепашна тӀе а тевжаш, цхьаьна ден проектан тӀедахкарш кхочушдан.
ПРЕДМЕТАН ЖАМӀАШ
1-4 классашкахь «Ненан (нохчийн) мотт» дешаран предмет Ӏаморо аьтто бо:
адамийн тӀекеренан коьртачу гӀирсах санна нохчийн маттах кхета, нохчийн мотт нохчийн халкъан синъоьздангаллин коьрта мехалла санна тӀеэца;
халкъан ламасташ а, культура а карайерзорехь а, чӀагӀйарехь а нохчийн меттан маьӀнахкхета;
ненан мотт бовзаран шовкъ а, и Ӏамо лаам а гайта;
Россин Федерацин меттан а, культурин а цхьааллин а, тайп-тайпаналлин а шортенах, Россин халкъийн кхечу меттанашна йукъахь нохчийн меттан меттигах а йуьхьанцара кхетамаш кхолла;
нохчийн меттан фонетикех, лексикех, грамматикех, орфографех, пунктуацех йуьхьанцара хаамаш кхолла;
къамелан гӀуллакхдарехь карадерзийнчу хаарех пайдаэца хаар кхолла, къамелехь Ӏамийнчу лексикех пайдаэца, карайерзийнчу лексикех а, маттах долчу хаарех а пайда а оьцуш, барта аларш хӀитто;
къамелан этикетехула Ӏамийнчу кепех пайда а оьцуш, къамелан тӀекеренехь дакъалаца;
нохчийн маттахь къамелан гӀуллакхдаран массо а тайпанаш (ладогӀар, къамел дар, йешар, йоза) вовшахтоха а, кхио а, билгалйинчу темехула даккхий доцу дийцарш хӀитто хаар кхолла.
КЛАССАШКАХУЛА ПРЕДМЕТАН ЖАМӀАШ
4 КЛАСС
Дешархо Ӏемар ву:
Россин Федерацин махкахь меттан а, культурин а тайп-тайпаналлех кхета, мотт халкъан син-оьздангаллин коьртачу мехаллех цхьаъ хилар тӀеэца;
тӀекеренан коьртачу гӀирсах санна, меттан маьӀнахкхета; Нохчийн республикин пачхьалкхан а, къоман тӀекеренан а мотт санна, нохчийн меттан меттигах кхета;
нийса барта а, йозанан а къамел адаман оьздангаллин йукъара гайтам санна тӀеэца;
деллачу дешнашна синонимаш йало; деллачу дешнашна антонимаш йало;
къамелехь маьӀна нисдан оьшу дешнаш гучудаха, контекстехула дешан маьӀна къасто;
атта схьакъасталучу морфемашца долчу дешнийн хӀоттамехула таллам бан; дешан хӀоттаман схема хӀотто; дешан хӀоттам йеллачу схемица цхьаьнабало;
карайерзийнчу грамматикин билгалонийн комплексца (Ӏамийнчун барамехь), дош билггалчу къамелан декъан хилар къасто;
цӀердешнийн грамматикин билгалонаш къасто: легар, класс, терахь, дожар;
билгалдешнийн грамматикин билгалонаш къасто: терахь, дожар, кеп (лааме, лаамаза );
билгалдешнаш дожарца лего;
терахьдешнаш довза а, царах пайдаэца а, масаллин а, рогӀаллин а терахьдешнаш къасто;
хандешан билгалза кеп къасто(схьалаха); хандешан хан къасто;
йуьхьан цӀерметдешан йуьхьанцарчу кепан грамматикин билгалонаш къасто: йуьхь, терахь; йаххьийн цӀерметдешнех, текстехь ца оьшу йух-йуха аларш дӀадахархьама, пайдаэца;
дош, дешнийн цхьаьнакхетар, предложени къасто (йовза);
аларан Ӏалашоне а, эмоцин иэшаре а хьаьжжина а, предложенийн классификаци йан;
йаьржина а, йаьржаза а предложенеш йовза;
цхьанатайпанчу меженашца йолу предложенеш йовза; цхьанатайпанчу меженашца йолу предложенеш хӀитто; цхьанатайпанчу меженашца йолчу предложенех къамелехь пайдаэца;
цхьалхе йаьржина предложенеш а, шина цхьалхечу предложенех лаьтта чолхепредложенеш а дӀасакъасто; цхьалхечу предложенина синтаксисан таллам бан;
Ӏамийнчу нийсайаздаран бакъонех пайдаэца, царна йукъахь: долахь цӀерашкахь доккха элп; йукъарчу цӀерашкахь а, кхечу къамелан дакъошкахь а (нохчийн меттан дешнашкахь) я, яь, ю, юь, е (ё) элпаш; тӀеэцначу (йукъарчу) дешнашкахь а, кхечу къамелан дакъошкахь а я, ю, е (ё) элпаш; долахь цӀерашкахь я, яь, ю, юь, е (ё) , тӀеэцначу (долахь цӀерашкахь) я, ю, е (ё) элпаш; мукъаза элпаш (къ, кӀ, кх, гӀ и т.д.) ; -эв,-аьв,-ев йаздаран бакъонаш; оьрсийн маттера а, оьрсийн маттехула а тӀеэцначу дешнашкахь щ, ь, ы, ф элпаш йаздар; мукъа аьзнаш [и ], [уь ] деха хилар гойтуш, й элп йаздар; йеха а, йоца дифтонгаш иэ, уо ; чаккхенгахь -г, -к элпаш долчу цӀердешнашкахьа и и элпаш; дешан чаккхенгахь шала мукъаза элпаш; нохчийн меттан шалха мукъаза элпаш; дешан чаккхенгахь н ; цӀердешнашца а, йаххьийн цӀерметдешнашца а дештӀаьхьенийн къаьстина йазйар; ца, ма дакъалгийн хандешнашца къаьстина йаздар; й, ъ, ь долчу дешнийн сехьадаккхар; шала мукъазчу элпашца долчу дешнийн сехьадаккхар; шалхачу мукъазчу элпашца долчу дешнийн сехьадаккхар; дукхаллин терахьан цӀердешнийн чаккхенаш; дешхьалхенийн цхьаьна а, къаьстина а (ца, ма, а) йазйар; а хуттурго а, хуттургаш йоцуш а цхьаьнатоьхначу цхьанатайпанара меженашца йолчу предложенешкахь сацаран хьаьркаш; шина цхьалхечу предложенех лаьттачу чолхечу предложенехь сацаран хьаьркаш;
80 дашал сов барам боцу тексташ нийса схьайазйан;
Ӏамийна нийсайаздаран бакъонаш тидаме а оьцуш, 75 дашал сов барам боцу тексташ олуш дӀайазйан;
опискаш, Ӏамийнчу бакъонашна орфографин а, пунктуацин а гӀалаташ схьалаха а, нисдан а;
тӀекеренан хьолах кхета (муьлхачу Ӏалашонца, хьаьнца, мичахь хуьлуш йу тӀекере); тӀекеренан хьолахь нийса (адекватни) меттан гӀирсаш харжа;
нийса интонаци, къамелан зӀе хиларан норманаш, орфоэпин норманаш ларйеш, барта диалоган а, монологан а аларш (4-6 предложени) хӀитто;
барта а, йозанан кепахь (йозанан тӀекеренан билгалчу хьолана лерина (кехаташ, декъалваран открыткаш, дӀакхайкхорш (объявленеш), и.д.кх.) а, йаккхий йоцу тексташ (3-5 предложенех) кхолла;
текстан тема а, коьрта ойла а къасто; темина йа коьртачу ойланна тӀе а тевжаш, текстана ша цӀе тилла;
предложенийн а, текстан дакъойн а къеп нисйан;
йеллачу тексташна план хӀотто;
текст ма-йарра схьайийцар кхочушдан (барта а, йозанан кепахь а);
текст хоржуш (йукъ-йукъара) схьайийцар кхочушдан (барта);
билгалйинчу теманашца сочиненеш йазйан (хьалххе кечам биначул тӀаьхьа);
довзийтаран, талламан йешар, хаам лахар кхочушдан; бешначу (хезначу) хааман буха тӀехь барта а, йозанан кепехь ацхьалхечу жамӀийн кепаш йало; текстехь йолчу хааман интерпретаци йан а, жамӀаш дан а;
шен дешнашца Ӏамийнчу кхетамийн маьӀна даста; Ӏамийнчу кхетамех пайдаэца;
дошаман (кехатан а, электронан а носитель тӀехь) гӀоьнца, тӀаьхьа хьожучу чуваларан хьелашкахь Интернет чохь дешан маьӀна нисдан.
НОХЧИЙН МЕТТАН ТЕМАТИКИН ПЛАНИРОВАНИ
4 КЛАСС
№ п/п
Программин дакъойн а, темийн а цӀераш
Сахьтийн барам
Электронни дешаран ресурс.
Разделан сахьташ
Талл.б.
Кхолл.б.
1.1
1амийнарг карладаккхар
25
1
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru
ps95.ru/dikdosham/
Разделан жам1:
25
2.1.
Ц1ердош
20
1
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
ps95.ru/dikdosham/
Разделан жам1:
20
3.1.
Билгалдош
10
1
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
ps95.ru/dikdosham/
Разделан жам1:
10
4.1.
Хандош
10
1
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
ps95.ru/dikdosham/
Разделан жам1:
10
5.1
Терахьдош
5
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
ps95.ru/dikdosham/
Разделан жам1:
5
6.1
Ц1ерметдош
5
1
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
ps95.ru/dikdosham/
Разделан жам1:
5
7.1
Чолхе предложенеш
2
1
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
ps95.ru/dikdosham/
Разделан жам1:
2
8.1
Т1едерзар
2
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
ps95.ru/dikdosham/
Разделан жам1:
2
9.1
1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар.
23
1
Разделан жам1:
23
1
Программин сахьтийн барам
102
8
НОХЧИЙН МЕТТАН ПОУРОЧНИ ПЛАНИРОВАНИ - 4 КЛАСС
Сахьтийн барам
Терахь
Электронни дешаран ресурс
№ п/п
Урокан тема
Сахьт
Т.б.
Кх.б.
План
Факт
1
Дош. Предложени. Текст.
1
03.09.2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru//
2
Дош. Предложени. Текст.
1
04. 09.2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru//
3
Предложенин меженаш.
1
06. 09.2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
4
Предложенин меженаш.
1
10. 09.2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
5
Текстийн тайпанаш.
1
11. 09.2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
6
Талламан болх .
1
1
13. 09.2024
Диктант
7
Г1алаташ т1ехь болх. Аьзнаш а, элпаш а.
1
17. 09.2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
8
Аьзнаш а, элпаш а. Дешдакъа.
1
18. 09.2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
9
Аьзнаш а, элпаш а. Дешдакъа.
1
20. 09.2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
10
Дешан х1оттам.
1
24. 09.2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
11
Дешан х1оттам.
1
25. 09.2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
12
Чолхе дешнаш.
1
27. 09.2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
13
Дешхьалхенийн нийсайаздар. Дешхьалхе, дешт1аьхье.
1
01.10.2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
14
Дешхьалхенийн нийсайаздар. Дешхьалхе, дешт1аьхье.
1
02. 10.2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
15
Къасторан ь, ъ хьаьркаш.
1
04. 10.2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
16
Къамелан дакъош.
1
08. 10.2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
17
Къамелан дакъош.
1
09. 10.2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
18
Къамелан дакъош.
1
11. 10.2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
19
Къамелан дакъош.
1
15. 10.2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
20
Талламан болх.
1
1
16. 10.2024
Диктант
21
Г1алаташ т1ехь болх. Предложенин цхьанатайпа нара меженаш.
1
18. 10.2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
22
Предложенин цхьанатайпанара меженаш.
1
22. 10.2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
23
Предложенин цхьанатайпанара меженаш.
1
23. 10.2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
24
Предложенин цхьанатайпанара меженаш.
1
25. 10.2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
25
Текст.
1
05.11. 2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
26
Текст.
1
06.11. 2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
27
Изложенина кечам бар (аг1о 43).
1
08.11. 2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
28
Изложени «Шеран заманаш».
1
1
12.11. 2024
Изложени
29
Г1алаташ т1ехь болх бар. Ц1ердош.
1
13.11. 2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
30
Ц1ердешнийн дожарш. Ц1ерниг дожар.
1
15.11. 2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
31
Доланиг дожар.
1
19.11. 2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
32
Лург дожар.
1
20.11. 2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
33
Дийриг дожар.
1
22.11. 2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
34
Коьчалниг дожар.
1
26.11. 2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
35
Хотталург дожар.
1
27.11. 2024
https://desharkho.ru/
36
Меттигниг дожар.
1
29.11. 2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
37
Дустург дожар.
1
03.12. 2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
38
Ц1ердешнийн дожарш. Карладаккхар.
1
04.12. 2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
39
Ц1ердешнийн легарш.
1
06.12. 2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
40
Ц1ердешнийн легарш.
1
10.12. 2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
41
Ц1ердешнийн легарш.
11.12. 2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
42
Талламан болх.
1
1
13.12. 2024
Диктант
43
Г1алаташна т1ехь болх.1амийнарг т1еч1аг1дар.
1
17.12. 2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
44
Ц1ердешнийн дукхаллин терахь.
1
18.12. 2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
45
Ц1ердешнийн дукхаллин терахь. Сочинени «1а» (аг1о 73) (кечам)
1
20.12. 2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
46
Сочинени «1а».
1
1
24.12. 2024
Сочинени
47
Г1алаташна т1ехь болх Ц1ердешнийн дукхаллин терахь.
1
25.12. 2024
Йозанан таллар
48
Билгалдош.
1
27.12. 2024
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
49
Билгалдош.
1
10.01. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
50
Лааме а,лаамаза а билгалдешнаш.
1
14.01.2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
51
Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш.
1
15.01.2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
52
Билгалдешнийн дожаршца хийцадалар.
1
17.01. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
53
Билгалдешнийн дожаршца хийцадалар.
1
21.01. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
54
Билгалдешнийн хьалхара легар.
1
22.01.2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
55
Билгалдешнийн хьалхара легар.
1
24.01. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
56
Билгалдешнийн шолг1а легар.
1
28.01. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
57
Карладаккхар, т1еч1аг1дар.
1
29.01. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
58
Терахьдош.
1
31.01. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
59
Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш.
1
04.02. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
60
Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш.
1
05.02. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
61
Ц1ерметдош.
1
07.02. 2025
https://desharkho.ru/
62
Йаххьийн ц1ерметдешнаш.
1
11.02. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
63
Йаххьийн ц1ерметдешнаш.
1
12.02. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
64
Ц1ерметдош т1еч1агдар.Изложени («Ши накъост» аг1о 107) (кечамбар)
1
14.02. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
65
Изложени «Ши накъост»
1
1
18.02. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
66
Г1алаташна т1ехь болх. Ц1ерметдош т1еч1агдар.
1
19.02. 2025
Изложени
67
Хандош.
1
21.02. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
68
Хандешнийн хенашца хийцадалар.
1
25.02. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
69
Хандешнийн хенашца хийцадалар.
1
26.02. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
70
Хандешан билгалза кеп.
1
28.02. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
71
Хандешан билгалза кеп.
1
04.03. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
72
Хандешан карара хан.
1
05.03. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
73
Хандешан йахана хан.
1
07.03. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
74
Хандешан йог1у хан.
11.03. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
75
Талламан диктант.
1
1
12.03. 2025
Диктант
76
Г1алаташна т1ехь болх бар. Хандешнашца ца,ма нийсайаздар.
1
14.03. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
77
Чолхе предложении.
1
18.03. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
78
Чолхе предложении.
1
19.03. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
79
Т1едерзар.
1
21.03.2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
80
Т1едерзар.
1
25.03.2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
81
1амийнарг карладаккхар. Предложени.
1
26.03. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
82
1амийнарг карладаккхар. Предложени.
1
28.03. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
83
Дешан х1оттам.
1
08.04. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
84
Дешан х1оттам.
1
09.04. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
85
Дешан х1оттам.
1
11.04. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
86
Къмалан дакъош. Ц1ердош
1
15.04. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
87
Къмалан дакъош. Ц1ердош.
1
16.04.2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
88
Къмалан дакъош. Ц1ердош.
1
18.04. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
89
Билгалдош.
1
22.04. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
90
Билгалдош.
1
23.04. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
91
Билгалдош.
1
25.04. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
92
Терахьдош.
1
29.04. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
93
Терахьдош.
1
30.04. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
94
Ц1ерметдош.
1
06.05. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
95
Ц1ерметдош.
1
07.05. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
96
Хандош.
1
13.05. 2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
97
Хандош.
1
14.05.2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
98
Талламан диктант.
1
1
16.05. 2025
Диктант
99
Г1алаташна т1ехь болх бар.
1
20.05.2025
https://desharkho.ru/
https://urok95.ru/
100
1амийнарг т1еч1аг1дар.
1
21.05.2025
101
1амийнарг т1еч1аг1дар.
1
23.05. 2025
102
1амийнарг т1еч1аг1дар.
1
26.05.2025
ПРОГРАММИЦА САХЬТИЙН БАРАМ
102
8