kopilkaurokov.ru - сайт для учителей

Создайте Ваш сайт учителя Курсы ПК и ППК Видеоуроки Олимпиады Вебинары для учителей

Конспект урока по чеченскому языку. Тема: «Шалхачу элпашца билгалдеш долу аьзнаш».

Нажмите, чтобы узнать подробности

Методическая разработка. 

Конспект урока по чеченскому языку: Тема: «Шалхачу элпашца билгалдеш долу аьзнаш».

Вы уже знаете о суперспособностях современного учителя?
Тратить минимум сил на подготовку и проведение уроков.
Быстро и объективно проверять знания учащихся.
Сделать изучение нового материала максимально понятным.
Избавить себя от подбора заданий и их проверки после уроков.
Наладить дисциплину на своих уроках.
Получить возможность работать творчески.

Просмотр содержимого документа
«Конспект урока по чеченскому языку. Тема: «Шалхачу элпашца билгалдеш долу аьзнаш».»

12-г1а урок.

Тема: «Шалхачу элпашца билгалдеш долу аьзнаш».

1алашо: шалхачу элпашца билгалден аьзнаш довзийтар; шалхачу элпийн башхаллаш йовзийтар, царех нийса пайдаэца 1амор.

Юкъара дешаран ардам (УУД):

Предметни: дешархошна 1емар ду шалхачу элпаш довза;1емар ду дешнашкахь уьш билгалдаха.

Метапредметни:

  • Регулятивни: хьехархочун г1оьнца урокан коьрта 1алашонаш , т1едахкарш билгалдаха; уьш кхочушдарехь нийса некъаш каро; хуур ду шайн белхан план х1отто.

  • Коммуникативни: 1емар ду хьехархочун хаттаршна нийса жоьпаш дала; шайн хаарш масалшца т1еч1аг1дан;1емар ду шайн оьшург хатта, вовшашца къамеле бовла.

  • Х1ума довзаран: 1емар ду учебникаца болх бан, оьшу материал каро, цуьнах пайдаэца; ойлаяр,тидамбар кхуьур ду.

Личностни: нохчийн метан башхаллаш евзаш , нохчийн мотт дика 1амо лаам кхир бу дешархойн.

Урок д1аяхьар.

I.Урокан ц1е а , 1алашонаш а йовзийтар.

II. Дешархойн хьалхалера хаарш жигарадахар.

1.Ц1ера болх таллар.

  • Упражнени № 51, аг1о 25.

-Д1адеша шаьш яздина дешнаш. Муха хийцало дош мукъа аз деха я доца хилча?

2. Дешнаш тобанашка декъар.

Ахка , аьхке, говр , г1ант, кад, кхакха, къам, к1а,тата, т1ам, паста, п1елг, урс, уьстаг1, орам, оьпа, човка, ч1ара, ялг1у, яьшка.

-Х1адеша и дешнаш. Шина тобане декъа и дешнаш.

-Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане? (Аьхке, г1ант, кхакха,къам,к1а,п1елг, уьстаг1, оьпа, ч1ара, яьшка).

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша и дешнаш цхьана тобане?(Шайна юьххьехь шалха элпаш дерш).

-Муьлха дешнаш далийна аша шолг1ачу тобане? (Ахка, кад, тата, паста, урс, орам, човка, ялг1у).

-Муьлхачу билгалонашца далийна аша и дешнаш цхьана тобане?(Шайна юьххьехь шалха элпаш доцурш).

-Д1аязде хьалхарчу тобанера дешнаш. Шалхачу элпашна буха хьакха сиз.

III. Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.Уьш кхочушъян некъаш билгалдахар.

-Д1адеша уьн т1ера дешнаш.

ШАJLЛХUYАЧУ ЭЛFGDПАШSZUЦА БИLJGЛГАЛYURWДЕШ ДОJLЛУ АЬЗNVZНАШ

-Муьлха дешнаш ду уьш? (Шалхачу элпашца билгалдеш долу аьзнаш).

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

-Х1ун ю вайн урокан коьрта 1алашо?

IV. Керла хаарш а, гIуллакх даран кепаш а кхоллар.

1. Кхоллараллин диктант.

(Хьехархочо уьн т1е д1аухку суьрташ: г1абакха, х1оа, кхаба, ч1ара, аьрзу, уьстаг1, къолам, к1еза, т1улг, п1елг, оьпа).

-Х1ун ю суьрташ т1ехь гуш ерг?

-Д1аязъе ц1еран ц1ераш. Х1ора дешан юьххьерчу элпана сиз хьакха.

-Муьлха аьзнаш билгалдо цара? ([г1], [х1],[ч1], [аь],[уь]…).

-Муьлхачу элпашца билгалдо уьш йозанехь? (Шалхачу элпашца).

2. Бакъо таллар.

-Д1аеша 27-чу аг1онна т1ера бакъо.

-Муьлха аьзнаш билгалдо шалхачу элпашца?

3. Шалхачу элпашца билгалдечу аьзнийн тидам бар.

  • Упражнени № 54, аг1о 27.

(Дешархоша шаьш кхочушйо упражнени).

V. Сада1аран миноташ.


VI. Пайдаэцар — хаарш а, шардалар а кхоллар.

  1. Дешанаш вошех къасточу аьзнийн тидам бар.

  • Упражнени № 55, аг1о 27.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушъян еза упражнени?

-Д1адеша дешнаш. Х1ун ду и дешнаш вошвшех къастош дерг? (Дешнашкахь долу шалха элпаш , царех тера элпаш).

2. Ши аз билгалдечу дешнийн тидам бар.

  • Упражнени № 56, аг1о 27.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушъян еза упражнени ?

-Д1аеша текст. Стенах лаьцна ю иза?

-Муьлхачу элпаша билгалдо ши аз? (Ё,е, ю, юь,я,яь).

-Царех муьлханаш ду шалха?

-Караде текста юкъахь ши аз билгалден дешнаш. Д1аязде уьш.

VII. Рефлекси.

VIII.Урокан жам1.

-Муьлха аьзнаш билгалдо шалхачу элпашца?

IX. Ц1ахь бан болх балар.

  1. Упражнени № 57, аг1о 28.

  2. Бакъо, 56чу аг1онна т1ера.






Получите в подарок сайт учителя

Предмет: Начальные классы

Категория: Уроки

Целевая аудитория: 3 класс.
Урок соответствует ФГОС

Скачать
Конспект урока по чеченскому языку. Тема: «Шалхачу элпашца билгалдеш долу аьзнаш».

Автор: Урусбиева Хава Сулумбековна

Дата: 23.06.2024

Номер свидетельства: 653475


Получите в подарок сайт учителя

Видеоуроки для учителей

Курсы для учителей

ПОЛУЧИТЕ СВИДЕТЕЛЬСТВО МГНОВЕННО

Добавить свою работу

* Свидетельство о публикации выдается БЕСПЛАТНО, СРАЗУ же после добавления Вами Вашей работы на сайт

Удобный поиск материалов для учителей

Проверка свидетельства