Синтаксис стенах олу? Синтаксисехь х1ун 1амадо?
Предложени стенах олу ? Предложенеш муха хуьлу? Хаттаран предложени, айдаран предложени, дийцаран предложени стенах олу?
Логически (маь1нин) тохар стенах олу? Нохчийн маттахь логически (маь1нин) тохар даша т1е маса кепара дахьа тарло?
Предложенехь дешнийн хьалха-т1аьхьа нисдаларан раж маса кепара ю? Нохчийн маттахь дешнийн нийса раж муха хуьлу? Инверси стенах олу?
Предложенехь дешнийн цхьаьнакхетар муха нисло?
Предложенехь дешнийн уьйр маса кепара ю? Цхьанакхетаран уьйр стенах олу? Цхьанакхетаран уьйрехь дешнаш цхьаьна муха кхета? Предложенехь дешнийн цхьаьнакхетарехь коьрта а, дозуш долу а дешнаш муха нисло? Церан маь1на а муха ду?
Карара уьйр стенах олу? Карара уьйр маса кепара ю?
Бартбар стенах олу? Бартбар муьлхачу къамелан дакъойн нисло, муха нисло? Бартбарехь коьрта дош стенах хуьлу, дозуш долу дош стенах хуьлу?
Урхалла стенах олу? Урхалла муьлхачу къамелан дакъойн нисло, муха нисло? Урхалла маса кепара хуьлу? Ц1еран урхалла мухачух олу? Ц1еран урхалла маса кепара хуьлу? Хандешан урхалла мухачух олу? Дешт1аьхьенан урхалла мухачух олу? Урхаллех коьрта дош мухачух стенах хуьлу, дозуш долу дош стенах хуьлу? Куцдешан урхалла стенах олу?
Т1етовжар стенах олу? Т1етовжар муьлхачу дешнийн нисло, муха нисло? Т1етовжарехь коьрта дош стенах хуьлу, дозуш долу дош стенах хуьлу?
Нохчийн маттахь коьрта меже маса ю?
Подлежащи стенах олу? Подлежащи нохчийн маттахь муьлхачу дожарехь хила тарло? Оьрсийн маттахь долчу подлежащех стенца а, муха а къаьста нохчийн маттахь долу полежащи?
Оьрсийн маттахь подлежащих йозуш йоцу меже муха хуьлу, иза вайн маттахь муха нисло? Подлежащих вайн маттахь йозуш йоцу меже маца хуьлу, йозуш йолу меже маца хуьлу?
Сказуеми стенах олу ? Сказуеми муьлхачу къамелан декъах хуьлу? Сказуемино муьлхачу хаттаршна жоп ло?
Подлежащи муьлхачу къамелан дакъойх хуьлу?
Нийса кхачам стенах олу, иза муьлхачу къамелан дакъойх хуьлу?
Кхечуьнга йолу предложени стенах олу? Кхечуьнга ца йолу предложени стенах олу?
Сказуемино подлежащица а , нийсачу кхачамца а бартбар муха нисло? Ц1еран х1отаман сказуеми стенах олу ? Ц1еран х1отаман сказуемино муьлхачу хаттаршна жоп ло? Сказуемин ц1еран дакъа стенах олу , иза муьлхачу къамелан дакъойх хуьлу ? Хоттам стенах олу, хотаман маь1нехь муьлха хандешнаш лела?
Подлежащиний, ц1еран х1оттаман сказуеминий юккъехь тире маца юьллу?
Сказуемин ц1еран декъо а, хоттамо а хьун гойту?
Хандешан х1оттаман сказуеми стенах олу? Хандешан х1оттаман сказуемехь инфинитиван а, г1оьнан хандешан а х1ун маь1на ду ? Хандешан х1оттаман сказуемехь г1оьнан хандешан маь1нехь муьлха хандешнаш лела тарло?
Ийна х1оттаман сказуеми муха нисло?
Яьржина а, яржаза а предложенеш мухачарех олу? Предложенин коьртаза меженаш муьлхарнаш ю?
Кхачам стенах олу, иза муьлхачу къамелан дакъойх хуьлу?
Нийсачу кхачамний, лач кхачамний юккъера башхо муха ю?
Дийриг дожаран кхачам муха хуьлу, и стенца къаьста дийриг дожаран подлежащих?
Къастам стенах олу, иза муьлхачу къамелан дакъойх хуьлу? Берта а, бертаза а къастамаш муха хуьлу? Доланиг дожаран къастам муха къаьста доланиг дожаран кхачамах?
Юххедиллар стенах олу, цуьнан башхалла муха ю? Юххедиллар муха къаьста шишша цхьаьна лелачу ц1ердешнех? Юххедилларехь дефис маца юьллу?
Латтамаш стенах олу, уьш муьлхачу къамелан дакъойх а хуьлу? Латтамийн тайпанаш а, церан маь1наш а муха ду?
Цхьалхечу предложенийн муьлха кепаш евза шуна? Юьхьан предложени стенах олу? Билгалза юьхьан предложени стенах олу? Юьхьза предложени стенах олу? Ц1еран предложени стенах олу?
Юьззина предложени, юьззина йоцу предложени а стенах олу?
Предложенин цхьанатайпанара меженаш стенах олу? Яьржина цхьанатайпанара меженаш мухачарех олу? Цхьанатайпанара а, цхьанатайпанара боцу а къастамаш муха хуьлу?
Предложенин цхьанатайпанарчу меженашкахь муьлха хуттургаш лела, церан маь1на а, сацаран хьаьркаш а хиттор а муха ду?
Довзийтаран хуттург я муха къаьста къасторан хуттургах я-нах?
Юкъара дош стенах олу, цхьанатайпанарчу меженашца цуьнан нийсаяздар муха ду?
Предложеница грамматически дозуш доцу дешнаш муьлхарш ду?
Т1едерзар стенах олу? Т1едерзар муьлхачу къамелан дакъойх хила тарло? Т1едерзар предложенехь мичахь хила тарло, цуьнан нийсаяздар муха ду? Т1едерзар подлежащих муха къаьста? Даьржина т1едерзар мухачух олу? Ой, Х1ай, Ва айдардешнаш т1едерзарца муха яздо?
Юкъадало дешнаш стенах олу? Юкъадалочу дешнийн маь1наш муха ду? Нохчийн маттахь дукха лелаш долу юкъадало дешнаш муьлхарш ду, уьш предложенехь стенца а къестадо?
Юкъаяло предложенеш йозанехь стенца къестайо? Яьржина а, яржаза а юкъаяло предложенеш йозанехь муха къестайо?
Дешнаш- предложенеш стенах олу? Дешнаш- предложенеш йозанехь стенца къестайо? Ва, Х1ай, Ой айдардешнаш дешнашца - предложенешца муха яздо?
Предложенехь айдардешнаша х1ун г1уллакх до? Айдардешнех предложенин меженаш хуьлий?
Предложенехь айдардешнаш стенца къестадо?