kopilkaurokov.ru - сайт для учителей

Создайте Ваш сайт учителя Курсы ПК и ППК Видеоуроки Олимпиады Вебинары для учителей

Урокан ц1е: "Терахьдош"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Урок подготовила для начальных классов. По чеченскому языку

Вы уже знаете о суперспособностях современного учителя?
Тратить минимум сил на подготовку и проведение уроков.
Быстро и объективно проверять знания учащихся.
Сделать изучение нового материала максимально понятным.
Избавить себя от подбора заданий и их проверки после уроков.
Наладить дисциплину на своих уроках.
Получить возможность работать творчески.

Просмотр содержимого документа
«╨Ъ╨╛╨┐╨╕╤П ┬л╨в╨╡╤А╨░╤Е╤М╨┤╨╛╤И. ╨о╨║╤К╨░╤А╨░ ╨║╤Е╨╡╤В╨░╨╝┬╗.»



Урокан ц1е: «Терахьдош. Юкъара кхетам».

1алашо: терахьдешнех лаьцна юкъара кхетам балар. Терахь дешан маь1на довзийтар (х1уманийн масалла я рог1алла билгалъяр).

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна девзар ду терахьдешнаш , 1емар ду къамелехь а , йозанехь а царех пайдаэца.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: Шайн болх кхиамаш дика хир болчу кепара д1ах1отто а 1емар ду берашна. Шайн кхиамийн бахьанаш довза , царех пайдаэца 1емар ду. Кхачамбацарш ган , царех пайдаэца 1емар ду.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина я доца жоьпаш дала, хуур ду вовшех дагабовла. Берашна хуур ду шаьш дика кхеттарг накъосташна хьеха, ца кхеттарг хата.

  • Познавательни: берашна 1емар ду шайна оьшу г1ирс лаха , цунах пайдаэца. Бераш т1екхуьур бу терахьдешнаш шина тайпана хилар: масаллин а , рог1аллин а.Берашна хуур ду цхьанна т1ера пхеанна т1екхаччалц долчу терахьдешнна т1ехьа ъ язъяр, исс ,итт терахьдешнийн чаккхенгахь шала мукъазнаш яздар. Берийн алсамдер ду ойлаяр , тидам бар,х1ума довза а , лаха а лаам.

3. Личностни: берашна луур ду , говзалла а йолуш , шайн говзаллехь бакхий а буьйш корматтала а йолуш дешархой хила.

Урок д1аяхьар.





1.Маршалла хаттар. Де дика хилла хьа Танзила. Ма хаза бу и малх. И малх вайна боьлуш бу. Вайшина санна дериге дуьненна а боьлуш бу и.Вовши елаълой и малх санна . Урок д1айолае вайшим.

Вайшинна уроке деана ду хьекъале олхазар .(РОЛИК ) (Бух1а ю иза.) Слайд (2)









2. Ц1ера болх таллар.

Шардар №218, аг1о 110.

(Бераша д1адоьшу шаьш яздина билгалдешнаш, дуьйцу лааме е , лаамаза а билгалдешнийн башхаллех лаьцна).

-Х1унда яздина ц1ен, к1айн бохучу дешнийн чаккхенгахь –н? (Цхьана дешдекъах лаьттачу билгалдешнийн чаккхенгахь яздо –н).

Д1аяханчу урокехь муьлхачу къамелан декъах лаьцна дийцира вай?Цара х1уманан х1ун гойту? Муьлхачу хаттаршна жоп ло цара?



  1. 1алашо йовзийтар. Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор

Таханлера урок вайшин шатайпанара хир ю. Хьокх урокехь вайшим т1еч1аг1дийр ду вайшин хаарш, ишта девзар ду керла хаарш. Хьара урок шатапнара хьунда хир ю аьлча, ахь айхьа лохур ду тахан хаарш ишта эр ю таханлера вайн урокан ц1е.

Д1аяздел терахь классера болх (Слайд 3.)

Муьлха къамелан дакъош девза хьуна? Декъа дешнаш

(Слайд 4)

Урок, хаза, ловзу, можа, кхоъ, дешархо, дика, бераш, ведира, шолг1а.

Муьлха дешнаш дисси (кхоъ, шолг1а.)

Х1етал метал хаила х1уна.

Маса мел ю аса дуьйцу

Эшахь гойту рог1алла.

Хьем ца беш, ахь ала дош,

Вай дуьйцург ду (Терахьдош.) (Слайд 5).

-Д1аеша урокан ц1е. (Терахьдош. Юкъара кхетам). (Слайд 6)

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

-Х1ун кхиамаш бохур бу ахь?

-Танзила, вайна тахана девзар ду терахьдешнаш. Хуур ду стенна оьшу терахьдешнаш , цара х1ун гойту

4. Керла тема хьехар.

  • Терахьдешнийн тидам бар.

- Танзила , хьуна девзий цхьа а дагардар? (жоп).

-Схьадийца.

Суна а девза цхьа хаза дагардар. Ладог1ал, оцу т1ехь дуьйцуш дерг .

(слайд 7)

Цхьаъ - шиъ - нана-п1елг,

Кхоъ - диъ - хьажо-п1елг,

Пхиъ - ялх - юккъерниг,

Bopxl- 6apxl - маза-п1елг,

Исс - итт -ц1азаниг,

By хьо х1инца т1аьххьарниг.



-Маса п1елг багарбира цу т1ехь? (Итт).

-Муьлхачу дешнаша г1о дира хьуна и хаа? (Цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ,пхиъ, ялх, ворх1, барх1 исс, итт.). (слайд 8)

-Цара х1ун гойту? (П1елгаш масса бу гойту).

-Д1аязде и дешнаш.Хаттарш ло царна.


-Ладог1а кхечу дагардаре. (Слайд 9)

Тухур ю вай чот:

К1ира долош ду оршот,

Шолг1а де ду шинара,

Кхоалг1аниг- кхаара,

Доьалг1аниг -еара,

Пхьоьалг1а ду п1ераска,

Ткъа ялхалг1а - шот,

Ворх1алг1аниг ду к1ира.

Тхоьца хьо ца вог1у,

Гила гонна юккъера д1ахила!

Маса де ду к1иранчохь? (Ворх1).

-Муьлхачу дешнаша гойту оцу денойн рог1алла? (Хьалхара, шолг1а , кхоалаг1а, доьалг1а, пхоьалг1а, йолхалг1а , ворх1алг1а).(Слайд 9).

-Д1аязде и дешнаш. Хаттарш х1иттаде царна .

-Муьлха къамелан дакъош ду уьш?

  • Бакъо таллар.

-Стенах олу терахьдош? Даладе масалаш. (Слайд 11).

Тухур ю вай чот: аьллачу дагардар т1ехь муьлха денош билгалдевли вайшинна

Дошаман болх: (Слайд 12).

К1иран денош -Дни недели

Оршот - Понедельник

Шинара - Вторник

Кхаара - Среда

Еара - Четверг

П1ераска - Пятница

Шот - Суббота

К1иранде - Воскресенье


Терахьдешнийн тидамбар ,билгалдахар.

Шардар № 220, аг1о 112.

-Д1аеша хьалхара предложени. Муьлханиг ду терахьдош? (Маса шо? Итт).



  • Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 221 , аг1о 112.

5. Сада1аран минот.

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

  • Терахьдешнийн нийсаяздар таллар.

Шардар № 223, аг1о 113.

-Д1адеша терахьдешнаш. Муьлхачу терахьдешнийн чаккхенгахь яздо ъ? Д1адеша уьш.

-Муьлхачу терахьдешнийн чаккхенгахь яздо шала мукъазнаш? Д1адеша.

(слайд 8).

Стенна оьшу вайн дахарехь терахьдешнаш?(Слайд13,14)

Терахьдешнаш долуш

  • Хьан маса шо ду?

  • Сан шийтта шо ду.

  • Шун доьзалехь маса бер ду?

  • Тхан доьзалехь диъ бер ду.

  • Доьзалехь масолг1а бер ду хьо?

  • Тхан доьзалехь со кхоалг1а бер ду.

  • Хьо масолг1ачу классехь доьшуш ву?

  • Со кхоалг1ачу классехь доьшуш ву.

Терахьдешнаш доцуш

  • Хьан маса шо ду?

  • Сан шо ду.

  • Шун доьзалехь маса бер ду?

  • Тхан доьзалехь бер ду.

  • Доьзалехь масолг1а бер ду хьо?

  • Тхан доьзалехь со бер ду.

  • Хьо масолг1ачу классехь доьшуш ву?

  • Со классехь доьшуш ву.



7. Жам1 дар.

-Стенах олу терахьдош? (Слайд 15)

-Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло терахьдешнаша?

-Стенна оьшу терахьдешнаш?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехира аша?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 224, аг1о 113.

Бакъо аг1о-112.

Просмотр содержимого презентации
«imena_prilagatelnye-antonimy-sinonimy»

Урок чеченского языка  Терахьдош (юкъара кхетам) ГБОУ «Центр образования» Учитель начальных классов Тухашева Т.М

Урок чеченского языка

Терахьдош (юкъара кхетам)

ГБОУ «Центр образования»

Учитель начальных классов

Тухашева Т.М

Х1етал -метал хаийла х1уна: Маса мел ю аса дуьйцу Эшахь гойту рог1алла. Хьем ца беш, ахь ала дош, Вай дуьйцург ду .

Х1етал -метал хаийла х1уна:

Маса мел ю аса дуьйцу

Эшахь гойту рог1алла.

Хьем ца беш, ахь ала дош,

Вай дуьйцург ду .

Урок, хаза, ловзу, доьшу, можа, кхоъ, дешархо, дика, бераш, ведира, шолг1а.

Урок, хаза, ловзу, доьшу, можа, кхоъ, дешархо, дика, бераш, ведира, шолг1а.

Дагардар Цхьаъ -шиъ -нана п1елг, Кхоъ -диъ- хьажо п1елг. Пхиъ -ялх- юккъерниг, Ворх1 -барх1- маза п1елг, Исс- итт- ц1азаниг. Ву хьо х1инца т1аьххьарниг.

Дагардар

Цхьаъ -шиъ -нана п1елг,

Кхоъ -диъ- хьажо п1елг.

Пхиъ -ялх- юккъерниг,

Ворх1 -барх1- маза п1елг,

Исс- итт- ц1азаниг.

Ву хьо х1инца т1аьххьарниг.

Тухур ю вай чот: К1ира долош ду оршот, Шолг1а де ду шинара, Кхоалг1аниг-кхаара, Доьалг1аниг-еара, Пхьоалг1аниг ду п1ераска, Ткъа ялхалг1а-шот, Ворх1алг1а ду к1ира. Тхоьца хьо ца вог1у, Гила гонна юккъера д1ахила! Маса де ду к1иранчохь?

Тухур ю вай чот:

К1ира долош ду оршот,

Шолг1а де ду шинара,

Кхоалг1аниг-кхаара,

Доьалг1аниг-еара,

Пхьоалг1аниг ду п1ераска,

Ткъа ялхалг1а-шот,

Ворх1алг1а ду к1ира.

Тхоьца хьо ца вог1у,

Гила гонна юккъера д1ахила!

Маса де ду к1иранчохь?

Цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ,пхиъ, ялх, ворх1, барх1, исс, итт .

Цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ,пхиъ, ялх, ворх1, барх1, исс, итт .

Хьалхара, шолг1а , кхоалг1а, доьалг1а, пхоьалг1а, ялхалг1а , ворх1алг1а.

Хьалхара, шолг1а , кхоалг1а, доьалг1а, пхоьалг1а, ялхалг1а , ворх1алг1а.

Х1уманийн масалла я рог1алла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу. Масала: цхьаъ, цхьайтталг1а. Ши 1аж Кхо пхьагал кхоалг1а дитт

Х1уманийн масалла я рог1алла гойтучу къамелан декъах

терахьдош олу.

Масала: цхьаъ, цхьайтталг1а.

Ши 1аж

Кхо пхьагал

кхоалг1а дитт

К1иран денош -Дни недели  Оршот - Понедельник  Шинара - Вторник  Кхаара - Среда  Еара - Четверг  П1ераска - Пятница   Шот - Суббота  К1иранде - Воскресенье

К1иран денош -Дни недели

Оршот - Понедельник

Шинара - Вторник

Кхаара - Среда

Еара - Четверг

П1ераска - Пятница

Шот - Суббота

К1иранде - Воскресенье

- Хьан маса шо ду? - Сан шо ду. - Шун доьзалехь маса бер ду? - Тхан доьзалехь бер ду. - Доьзалехь масалг1а бер ду хьо? - Тхан доьзалехь со бер ду. - Хьо масалг1ачу классехь доьшуш ю? - Со классехь доьшуш ю.

- Хьан маса шо ду?

- Сан шо ду.

- Шун доьзалехь маса бер ду?

- Тхан доьзалехь бер ду.

- Доьзалехь масалг1а бер ду хьо?

- Тхан доьзалехь со бер ду.

- Хьо масалг1ачу классехь доьшуш ю?

- Со классехь доьшуш ю.

- Хьан маса шо ду? - Сан шийтта шо ду. - Шун доьзалехь маса бер ду? - Тхан доьзалехь диъ бер ду. - Доьзалехь масалг1а бер ду хьо? - Тхан доьзалехь со кхоалг1а бер ду. - Хьо масалг1ачу классехь доьшуш ю?  -Со кхоалг1ачу классехь доьшуш ю.

- Хьан маса шо ду?

- Сан шийтта шо ду.

- Шун доьзалехь маса бер ду?

- Тхан доьзалехь диъ бер ду.

- Доьзалехь масалг1а бер ду хьо?

- Тхан доьзалехь со кхоалг1а бер ду.

- Хьо масалг1ачу классехь доьшуш ю?

-Со кхоалг1ачу классехь доьшуш ю.

Терахьдош   .  Къамелан дакъа х1уманийн масалла  я рог1алла Маса ? Масалг1а?

Терахьдош

.

Къамелан дакъа

х1уманийн масалла

я рог1алла

Маса ?

Масалг1а?

Cинквейн Терахьдош. Масаллин,рог1аллин. Г1одо,дагардо,дусту.  Дахарехь оьшуш долу къамелан  дакъа ду.

Cинквейн

Терахьдош.

Масаллин,рог1аллин.

Г1одо,дагардо,дусту.

Дахарехь оьшуш долу къамелан

дакъа ду.

Х1ун хии суна тахана урокехь?  Стенах ца кхийти со?  Суна урок хаза хийти…….

Х1ун хии суна тахана урокехь? Стенах ца кхийти со? Суна урок хаза хийти…….

Ц1ахь бан болх.  Бакъо 1амо,  Шардар№224,аг1о 113 .

Ц1ахь бан болх.

Бакъо 1амо,

Шардар№224,аг1о 113 .


Получите в подарок сайт учителя

Предмет: Начальные классы

Категория: Презентации

Целевая аудитория: 4 класс.
Урок соответствует ФГОС

Скачать
Урокан ц1е: "Терахьдош"

Автор: Тухашева Тоита Магомедовна

Дата: 04.05.2017

Номер свидетельства: 413214

Похожие файлы

object(ArrayObject)#863 (1) {
  ["storage":"ArrayObject":private] => array(6) {
    ["title"] => string(45) "Урокан тема: «Терахьдош»"
    ["seo_title"] => string(25) "urokan_tiema_tierakh_dosh"
    ["file_id"] => string(6) "349858"
    ["category_seo"] => string(13) "vsemUchitelam"
    ["subcategory_seo"] => string(5) "uroki"
    ["date"] => string(10) "1476693038"
  }
}
object(ArrayObject)#885 (1) {
  ["storage":"ArrayObject":private] => array(6) {
    ["title"] => string(35) "Нохчийн метан урок "
    ["seo_title"] => string(21) "nokhchiin-mietan-urok"
    ["file_id"] => string(6) "197900"
    ["category_seo"] => string(7) "prochee"
    ["subcategory_seo"] => string(5) "uroki"
    ["date"] => string(10) "1428329791"
  }
}


Получите в подарок сайт учителя

Видеоуроки для учителей

Курсы для учителей

ПОЛУЧИТЕ СВИДЕТЕЛЬСТВО МГНОВЕННО

Добавить свою работу

* Свидетельство о публикации выдается БЕСПЛАТНО, СРАЗУ же после добавления Вами Вашей работы на сайт

Удобный поиск материалов для учителей

Проверка свидетельства