Урокан тема: «Терахьдош»
Урокан 1алашо: 1 .Терахьдашах лаьцна долу дешархойн хаарш
карладахар,т1еч1аг1дар.
2.Дешархойн дозуш долу къамел кхиор.
3 Дошам т1ехь болх бар.
4.Дешархойн дуьненан 1 аламе болу безам кхиор а, вайна гонахара 1алам деза а, лардан а 1амор.
5.Ледарчу дешархошца а, каде болчу дешархошца а къаьстина болх бар.
Урокан г1иpc:
Телевизор, ДУД, диск
сурт «Ши хенак1ур»,таблица «терахьдешнийн нийсаяздар»,карточкаш .
нохчийн меттан ниисаяздаран дошам, кхеторан дошам. «1аламан совг1аташ» нохчийн-орсийн дошам.
Урокан план
1.Урокан низам д1ах1оттор 2.Ц1ахь бина болх таллар 3.Дошаман болх
4.Дозуш долу къамел кхиор
5.Терахьдош кардадаккхар 6.Поэзин миноташ
7.Урокан жам1 дар
8.Ц1ахь бан болх
Урок д1аяхьар
I. Урокан низам д1ах1оттор
II.Ц1ахь бина болх таллар
1.Фронтальни хаттарш:
Хьехархо: Муха яздо 1-5 кхаччалц долу лааме терахьдешнаш
ц1ерниг дожарехь?
Дешархо: Цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ, пхиъ-чаккхенга йиш хадоран
хьаьрк(ъ) дуьллуш яздо
Хьехархо: Терахьдешнаш 11-15 кхаччалц нийсаяздаран бакъо
йийца.
Дешархо: Цхьайтта, шийтта, кхойтта, дейтта, пхийтта-
терахьдешнашна юккъехь элп «й» яздо.
Хьехархо: Муха яздо х1оттаман терахьдешнаш?
Дешархо: X1оттаман терахьдешнаш масех дашах лаьтта.
Уьш вовшах къаьстина яздо.
2.Шина дешархочо карточкашца болх бо.
1.Карточка.
Т1едиллар:д1аязде терахьаш дешнашца:
4 йиша;4 турпалхо;4 дитт;4 кад.
2.Карточка.
Т1едиллар:масаллин терахьдешнех рогТаллин терахьдешнаш де.Д1аязде уьш нийса.
Ворх1,барх1,исс,итт,цхьайтта,пхийтта,шовзткъа.
III.Дошаман болх.
1.Шалха элп К1,к1.
Ло характеристика
Дешархо: Шалха,мукъаза,легашна т1ера,доккха,жима элп
к1 ду.
2. Дошаман статья xlоттор
а) Суьрта т1ехь гойту хенак1ур
б) Хенак1ур бохучу дешан лексически маь1на дастар.
в)Дошаман статья: хенак1ур
(хенак1уьран, хенак1уьрна, хенак1уьро, хенак1уьрца, д .т.хена-к1арраш)-дечигийн чкъураюккъера н1аьний дууондаз1ок йолу олхазар (дятел)
IV.Дозуш долу къамел кхиор.
1 .Суьрта т1ехь болх бар. («Ши хенак1ур» боху сурт) а)Хаттаршна жоьпаш далар
б)Жима дийцар xlorrop а,цунна ц1е тиллар а Ши хенак1ур Суьрта т1ехь ши хенак1ур ю,наха хьуьнан «лоьраш» олу царах.Каде хьийза жима хенак1ур,дитташ н1аьнех ц1андеш.Цхьанна садолу х1ума карийна,шолг1аниг цуьнан тидам беш ю. Уыи пайда бен олхазарш ду. в) Дийцар д1аяздо тетрадаш т1е.
V.Терахьдош карладаккхар а,т1еч1аг1дар а.
1 .Д1аяздинчу дийцар т1ехь болх бар.
Т1едиллар:дийцарехь долчу терахьдешнашна к1ел сиз
хьакха,барта дийца церан тайпанаш.
2.Синтаксически къастам бе цхьана предложенина:
Каде хьийза жима хенак1ур, дитташ н1аьнех
ц1андеш.(Цхьалхе, яьржина, дийцаран предложени ю).
З.Дешархоша шаыи болх бар.(Шардар 152)
4.Шаьш бина болх таллар
5.Доски т1ехь болх бар (ловзаран кепехь).
Дешархой кхаа тобане бекъало.
Т1едиллар: масаллин терахьдешнаш рог1аллин,дакъойн,
гулдаран, декъаран кепе х1иттаде.
| 1-тоба | И-тоба | Ш-тоба |
1.Масаллин | 40 | шиъ | 12 |
2.Рог1аллин | | | |
3.Дакъойн | | | |
4.Гулдаран
5. Декъаран
Т1едиллар нийса кхочуш а деш,хьалха яьллачу тобано толам
боккху.
6.Морфологически къастам бе (карточкашца болх бар кхаа дешархочо)
13-г1а де
рог 1 ал лин
чолхе
ц1ерниг д.
лаамаза
кхойтталг1а
де
19 шо
Масаллин
чолхе
ц1ерниг д.
лаамаза
ткъайосна
шо
иссе а к1ант
гулдаран
цхьалхе
ц1ерниг д.
лаамаза
иссе а
к1ант
7.Шардар 157 8.Харжаман диктант
Т1едиллар:ладог1а,д1аязде терахьдешнаш Хьехархочо кицанаш доьшу,дешархоша терахьдешнаш д1аяздо.
а)Барх1 шо даьлча а карабо аьшпаш шен баьрччехь. б)Эзар доттаг1 верг ваьлла,эзар сту-етт берг вайна. г) Пхи во1 волчу ден пхьоьханахь дош лела.
VI. Поэзин миноташ.
Хезий шуна: чов хилча, диттан аз Вайн берийн делхарх тера дека, Хи долу кевстигах а,хилча вас,
И, беран ,б1аьрхи санна, лепа.
Ма летадейша ца гечлун къинош.
Ма хилийша дитташца хьере: Дитташца дехаш ду, ма боху,синош Хеназа деллачу берийн.(М.Сулаев)
Хьехархо:
Муьлха дешнаш ду шуна лексически маь1на ца девзаш? (Кевстиг-кора древесины; хьех-липа)
Авторна ала лууш дерг х1ун ду? Мегар дуй дитташ хедо?
VII. Урокан жам1 дар
1 .Муьлхачу къамелан декъах олу терахьдош?
VIII. Ц1ахь бан болх.Дешархойн жоьпийн мах хадор.
1 аламах лаьцна клип гойту дешархошна . (...Кхиа, 1ама. Адамашкачул а алсам 1аламе ладеНа. Готуьйсуш лелачу хиэ а,хиэ кхуллучу махо а,махо техкочу rla-бецо а,г1а-бецо кхобучу дийнато а хьекъале дуйцур ду хьуна , лаамийн х1азарх бихкинчу адаман матточул). Т1едиллар:
1. ц1ахь жима дийцар язде «1 алам лардан деза»
2. терахьдешнаш даладе шайн предложенешна юкъа.
$,$ 33 -41
2