kopilkaurokov.ru - сайт для учителей

Создайте Ваш сайт учителя Курсы ПК и ППК Видеоуроки Олимпиады Вебинары для учителей

Хандешан х1оттаман сказуеми. Урок-семинар

Нажмите, чтобы узнать подробности

Хандешан х1оттаман сказуеми 8 класс. Талламан, лехаман болх.

Вы уже знаете о суперспособностях современного учителя?
Тратить минимум сил на подготовку и проведение уроков.
Быстро и объективно проверять знания учащихся.
Сделать изучение нового материала максимально понятным.
Избавить себя от подбора заданий и их проверки после уроков.
Наладить дисциплину на своих уроках.
Получить возможность работать творчески.

Просмотр содержимого документа
«Хандешан х1оттаман сказуеми. Урок-семинар»

МУНИЦИПАЛЬНИ БЮДЖЕТНИ ЙУКЪАРДЕШАРАН ХЬУКМАТ

«ГУЬМСЕ- ГIАЛИН ДАДАГОВА ДАНИН

ЦIАРАХ № 3 ЙОЛУ ГИМНАЗИ»





УРОКАН КОЬЧАЛ:

Хандешан х1оттаман сказуеми.





































Хьехархо: Абдулхалимова Iимранан Зарема







Урокан коьчал:

Хандешан х1оттаман сказуеми.

Анпал (проблема): Муха кхолладелла хандешан х1оттаман сказуеми? Г1ур ву, доьшур ду, йог1ур йу и муьлха сказуеми ду: цхьалхе, ц1еран х1оттаман йа хандешан х1оттаман?

Урокан Iалашо: Хандешан х1оттаман сказуемех болу хаамаш к1аргбар, муха кхолладелла хаийтар.

Пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечам беш, муьлхачу т1едилларехь оьшу сказуеми, муха къастадан деза и довзийтар, грамматически лард нийса билгалйаккха хаар.

Берийн дегнашкахь болу къинхетам кхиор.

Хьесап дар:

Керланаш хаар, хаарш тIедузар.

ПКЭ д1айала барх1алг1ачу классехь дуьйна кечам бар.

Урокан тайпа: лехамийн метод.

Сказуемих лаьцна хууш дерг к1аргдар, цадевзарг т1едузар.

Урокан гIирс:

Интерактивни у (доска), исбаьхьаллин гIирсаш, дошамаш, тетрадаш, книшкаш.























Низамца урок д1айолор.





Хьехархо: Де дика хуьлда шун, хьомсара бераш! Вовше делалой, урокана кечам бай, охьаховша.

Мотиваци.



Урок д1айолош ас шуна цхьа дийцар доьшур ду.

1. Цкъа дешархочо шен хьехархочуьнга хаьттина:

2. - Х1ара дуьне къизаллех лаьтташ ду йа къинхетамах лаьтташ ду? 3. Хьехархочо жоьпана дуьхьал дийцар дийцина.

4. Дукха хьалха вехаш 1аш хилла сийлахь паччахь. 5. Цо буьйра дина цхьа исбаьхьа элиц1а де аьлла, 1аламат хаза дара цигахь. 6. Кхийолчу тамашийна х1уманашна йуккъехь йара цхьа хаза йоккха чоь. 7. Цу чохь долу дерриге пенаш, тхов, не1арш, лаьтте а куьзганийн йара. 8. Куьзганаш цхьа тамашийна сирла ц1ена дара, чувеаначу хьешана цу сохьта хуур а доцуш, шена хьалха дерг куьзга дуй. 9. Цул сов, оцу йоккхачу чоьнан пенаш дина дара, цу чохь долу зов а хозуьйтуш.

10. «Хьо мила ву?» – олий хотту ахь, массо а аг1ор хьуна дуьхьала жоп луш санна хеза «Хьо мила ву?» «Хьо мила ву?» «Хьо мила ву?»

11. Оцу йоккхачу чоь чу цкъа дедда ж1аьла деанера, т1аккха иза цец а даьлла йуккъехь сецира. 12. Дийна ж1аьлийн арданго гуо бинера цунна массо а аг1ор, лакхахь а, лахахь а. 13. Ж1аьло шен цергаш гуттар а ирйира, т1аккха массо а аг1ор, (цунна шен сурт гира) цунна иштта ж1аьлеш гира. 14. Дикка кхераделла ж1аьла ч1ог1а уьг1ира. 15. Т1аьххье зевно а цуьнан уг1ар хазийтира. 16. Ж1аьла кхин а ч1ог1а уг1ура. 17. Зов а ца соцура. 18. Ж1аьла цергаш а хьекхош, х1аваъ а лоьцуш, д1а-схьа дедда лелара, цуьнан гайтарш а лелара гонахьахула.

19. Цигарчу лайшна 1уьйранна ж1аьла делла карийра, гуобаьккхина гуш долчу миллион ж1аьлешна йуккъехь. 20. Оцу доккхачу ц1а чохь цхьа а вацара цунна вуон болх бан. 21. И ж1аьла деллера цо ша шен суьрташца т1ом бар бахьана долуш.

22. Хьехархочо чекхдаьккхира: «Х1инца гой хьуна, дуьнено ша ца дохьу хьуна дика а, вуон а. 23. Цунна адам бен а ца хета. 24. Вайна гонаха хуьлуш долу массо а х1ума – иза вайн вешан ойланийн, синхаамийн, лаамийн, вайн леларан а гайтарш ду.

25. Дуьне доккха куьзга ду.»

26. Уггаре а хазачу суьрташца, уггаре а дикачу синхаамашца, уггаре а ц1еначу ойланашца, уггаре хьекъалечу синойланашца а дузий вай х1ара дуьне?!



Хьехархо: Шуна муха хета, муьхачу 1алашонца йина хилла паччахьо и г1ала?

Берийн жоьпаш:

Куьзгано адаман йа экханан долуш долу сурт ма-дарра схьагойту, нагахь адамна, куьзган чу хьаьжча, ша довза, ша мила ву хаьа Дала кхетам беллехь, экханан и кхетам бац.

Цо, ж1аьло, куьзган чохь схьагинарг ша дуй ца хууш, дераллица, оьг1азаллица цергаш гучуйехира. Цунна куьзган чохь схьагучара иштта оьг1азаллица, дераллица шайн цергаш гучуйехира. Мохь белира цуьнан, 1адийна мохь, изза мохь йух-йуха хьекхабуьйлира оцу чохь, ж1аьлина ца хаьара иза шен мохь буй, куьзганаша схьагойтург ша дуй.

Дахар ду-кх иштта, куьзган чохь санна, хьо схьагойтуш, ахь диннарг: дика делахь, дика, вон делахь, вон, дераллица, оьг1азаллица, хьаьжа йуккъе шад бина, хьо чу хьаьжча, изза сурт гойту-кх куьзгано, дахаро жоп ло-кха хьан диканна, хьан вонна аьлла йина хилла паччахьо и г1ала.

-Аша нийса боху, со йоккхайе шун жоьпех.

Ас х1унда далийра вайн урок йолалуш и дийцар?

-(Х1инцалерачу уьйр-марзо, сий-ларам, йахь, г1иллакх-оьздангалла, къинхетам д1абаьллачу къизачу заманахь дукха нисло и «ж1аьла санна» адамаш. Ткъа тахана, урокехь, вай гайта деза, уггар хьалха вайна т1ера д1адуьйладелла, масал, мел ч1ог1а ира цергаш хиларх, лерга потт эккхийттал мохь хьекхарх, ахьа велавелла къинхетаме дог д1акховдадахь, дуьне а хьуна хьасталур ду, шен 1илманан сирла не1арш беркатца хьуна д1а а йоьллуш.)

Хьехархо: Шух х1оранна а хьалха куьзга ду. Цу чу хьовсий, шайн кхоллайелла ойла д1айазйе.

Берийн жоьпаш:

-Куьзгано, даг чохь дерг ца гайтахь а, йуьхь т1ехь дерг гойту. Лаа ма ца аьлла «Ши б1аьрг синан куьзга ду».

-Сан сурт оцу куьзган чохь оьг1азе дац, х1унда аьлча сингаттамо хьийзош вац со, сан накъостий бу, вай долчу баьхкина хьеший бу, цундела сан йуьхь йекхна йу.

-Сан х1ун ойла кхоллайелирий, дика ду-кх и куьзга долуш, со ма-варра го-кх суна со цу чохь, делахь, уггаре дика куьзга, хьан мах хадо адамийн б1аьргаш ду. Айса-сайн хадийна мах бу куьзган чу хьаьжча ас хадош берг, и суна нийса ца хета.

- Дика бераш ду, со йоккхайе шун жоьпех.


Берийн хаарш карладахар (актуализация знаний).

Хьехархо: Къамелехь коьрта меже сказуемеш къасто 1емар ду вай тахана, цхьа 1илманан бух болуш. Т1аккха уьш муха къастало, церан ойла ца йеш, къамел до вай. 1илманан декъехь уьш муха къастадо вай? Тахана урокехь уьш схьакъасто, билгалйаха цхьа бух хила беза вайн, и х1ун бух бу? Уггар хьалха хандош х1ун йу хаьа деза вайна и вайн 1амийна шолг1ачу классехь, пхоьалг1ий, йалхалг1ий классашкахь и хаарш т1едуьйзира вай. Вайна хиира цуьнан х1ун билгалонаш йу: хенаш, саттамаш, классаш, кепаш, терахьаш, хандашах, суффикс р т1екхетарца, масдар хуьлу, предложенехь коьрта меже сказуеми хуьлу.

-Х1ун дуьйцур ду вай тахана урокехь? (Вай тахана предложенин коьртачу меженах сказуемих лаьцна дуьйцур ду.)

-Х1ун 1алашо х1оттийна аш шайна хьалха? (Оха тхайна хьалха х1оттийна 1алашо йу сказуемих лаьцна хаа а, экзаменна кечам беш оцу хаарех пайдаэца а.)

-Схьаалал соьга, муьлха предложенин меженаш йевза шуна? (Тхуна йевза предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш. Уьш йу, коьрта меженаш-подлежащи, сказуеми, коьртаза меженаш- къастам, кхачам, латтам.)

- Муха хуьлу предложенехь подлежащи? (Подлежащи хуьлу грамматически, Ц1ерниг дожарехь мила? муьлш? х1ун? бохучу хаттаршна жоп луш, логически (маь1нин), Доланиг хьенан? стенан? Лург хьанна? стенна? Дийриг хьан? стен? Меттигниг хьаьнга? стенга? бохучу хаттаршна жоп луш.)

Берашна хьалха 1алашо х1оттор (Целеполагание ).

- Муьлха сказуемеш девза шуна? (Тхуна девза хандешан цхьалхе сказуеми, ц1еран х1оттаман сказуеми.)



Хьехархо: -Х1инца ас бовзуьйтур бу шуна вайн урокан некъ. Шун ц1ера болх бара цхьалхе сказуемиш йукъа далош преложенеш х1иттайан. Аша ц1еран х1оттаман сказуемишца х1итто йезаш йара, ткъа вукхара подлежащиний, ц1еран х1оттаман сказуеминий йуккъехь тире йолуш х1итто йезаш йара. Кхин а шайн ойланашкахь къинхетам шуна муха го аьлла, суьрташ дахка дезара. Х1ораммо шайна хьалха х1оттитйна 1алашо кхочушйар.

(Бераша ц1е йоккху 1алашонийн. Хандешан х1оттаман сказуемих болу хаамаш к1аргбар, муха кхолладелла хаийтар.

Пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечам беш, муьлхачу т1едилларехь оьшу сказуеми, муха къастадан деза и довзийтар, грамматически лард нийса билгалйаккха хаар.

Берийн дегнашкахь болу къинхетам кхиор.)

И 1алашо кхочушйан х1ун хаа деза вайна? Вайна хуург карладаккха дезий вай?


- (Вай 1амийнарг карладаккха деза, хьалха 1амийнарг карла ца даккхахь, и дика ца хаахь, вай керлачу темех кхетар дац.)

- Д1айазде таханлера терахь, классера болх.

Ткъа х1инца вай керлачу темина т1ехь болх бийр бу (реализация новой темы).

Лахьанан беттан ткъе барх1алг1а де.

Классера болх.

Хандешан х1оттаман сказуеми.

Вай лакхахь ма-аллара, вайн къамел дешнех лаьтта, ткъа дешнех предложенеш кхоллало. Хьовсал, бераш, аш деллачу жоьпаш йукъахь дуй сказуемеш? Д1айазде уьш.

Дешнийн диктант.

Гойту, ма ца аьлла, куьзга ду, оьг1азе дац, хьийзош вац, накъостий бу, хьеший бу, йекхна йу, кхоллайелирий, дика ду-кх, го-кх, б1аьргаш ду, мах бу, нийса ца хета, деша, дешар, доьшур, дешар ду, доьшур ду, деша лаьа.



Кхаа бог1амалге д1анисде дешнаш:

Хандешан цхьалхе сказуеми, ц1еран х1оттаман сказуеми, ца девза хандешнаш

Гойту,

ма ца аьлла,

кхоллайелирий,

го-кх,

деша.

Куьзга ду,

оьг1азе дац,

хьийзош вац,

накъостий бу,

хьеший бу,

йекхна йу,

дика ду-кх,

б1аьргаш ду-кх,

мах бу,

нийса ца хета,

дешар ду.

Доьшур-?

доьшур ду-?

деша лаьа-?

-Вай кхоьллина тобанаш йу, цара ц1ахь лехаман, талламан болх бина. Ас шуна уьш йовзуьйтур йу.

















-Х1инца вай дош лур ду хьалхарчу тобанна «Теорин говзанчаш». (Цара ц1ахь дуккха къахьегна, уьш хьошалг1а бахна шолг1ачу классера, барх1алг1ий классаш т1е кхаччалц, 1илманчаш болче. Шаьш бинчу белхан боцца хаам кечбина цара.)

Классашца хийцало

(б, в, д, й)

Хандош

(Сказуеми довзархьама, вайна хандашах болу хаамаш бовза беза. Оха хандешнийн кластер х1оттийна. Хенаш, саттамаш, классаш, кепаш, терахьаш, хандашах, суффикс р т1екхетарца, масдар хуьлу, предложенехь коьрта меже сказуеми хуьлу.

8 хан йу





-р- т1екхетарца масдар хуьлу

4 саттам бу



2 терахь ду

2 спряжени йу ду

2 кеп йу





Билгалза кеп хуьлу

Предложенехь коьрта меже сказуеми хуьлий лела.







2 класс

Х1уманийн дар билгалдечу дешнаша х1умано йа адамо х1ун до? х1ун дина? х1ун дира? бохучу хаттаршна жоп ло: доьшу, дешна, дийшира, доьшур ду. Уьш хандешнаш ду.

Хандош хенашца хийцало. Цуьнан коьрта кхо хан йу: карара хан, йог1у хан, йахана хан.

Карара хан: х1ун до? х1ун хуьлу? – ловзу, дог1у.

Йахана хан: х1ун дин? х1ун дира? х1ун дина? х1ун динера? х1ун дора? – левзи, левзира, левзина, левзинера, ловзура.

Йог1у хан: х1ун дийр ду? – ловзур ву.

Хандош-Сказуеми

4 класс





3 класс



Сказуемино, предложенехь подлежащих лаьцна х1ун олу, гойту.

Сказуемино х1ун до? х1ун дина? х1ун дийр ду? бохучу хаттаршна жоп ло.

Атйокх йека. Стигал йекхна. Со г1ала г1ур ву.











5 класс



Подлежащица дозаделла а долуш, цо кхочушдеш долу дар йа хилар гойтучу предложенин коьртачу меженах сказуеми олу. Цуьнан хаттарш схьадевлла ду х1ун дан? х1ун хила хаттарех.

Билгалдаккхар. Цкъацкъа сказуемино жоп ло муха йу? хьенан (йа стенан) йу? мел йу (ду)? маса ду?





Деша, йохйала, боху дешнаш хандешан билгалзачу кепехь ду. Билгалзачу кепехь долчу хандешнашна х1ун дан? х1ун хила? хаттарш х1иттадо. Билгалзачу кепехь долчу хандешнаша хан ца гойту.

Ца, ма боху дакъалгаш хандешнашца къаьстина йаздо: ца лоху, ма ала, ца хаьа.







6 класс

Дар йа хилар гойтучу къамелан декъах хандош олу. Цо жоп ло х1ун дан? х1ун хила? бохучу а, царах схьадевллачу а хаттаршна.

Хандош предложенехь сказуеми хуьлу.























6 класс



Хандешан коьрта кхо хан йу: карара хан, йахана хан, йог1у хан.

Хандешан йаханчу хено дар йа хилар къамел дале хьалха хилла хилар гойту. Хандешан йаханчу хенан пхи кеп йу:





Х1инцца йахана хан: х1ун дин? х1ун хили?



Гуш йахана хан: х1ун дира? х1ун хилира?





Йахана йаьлла хан: х1ун дина? х1ун хилла?







Хьалха йахана хан: х1ун динера? х1ун хиллера?





Ихна хан: х1ун дора? х1ун хуьлура?







Хандешан йог1учу хено дар йа хилар къамел динчул т1аьхьа хирг хилар гойту. Йог1учу хенан ши кеп йу:


6 класс



Хинйолу хан: х1ун дийр ду? х1ун хир ду?





Хила мега хан: х1ун дер? х1ун хир?







7 класс



Хандашо билгалдечу даран долуш долчуьнца йолу йукъаметтиг гойту саттамо. И йукъаметтиг къамел деш волчунна хетарехь билгалйолуш йу.

Хандашо билгалдеш долу дар билггала хуьлуш, хилла йа хир долуш хила тарло. И дар хилар лууш, и кхочушдар т1едожош йа цхьа бехкам, цхьа бахьана хилча хирг хилар билгалдоккхушйа цунах цхьа хаттар кхоллалуш хила а тарло.

Цуьнга хьаьжжина, нохчийн маттахь къастабо саттамаш:



Билгала саттам



Бехкаман саттам







Лааран саттам



Т1едожоран саттам





8 класс





Подлежащица цхьаьна предложенин бух а кхуллуш, подлежащис кхочушдеш долу дар йа хилар йа цуьнан цхьа билгало гойтучу коьртачу меженах сказуеми олу.

Сказуемеш хуьлу:









Хандешан х1оттаман сказуеми

Цхьаннал сов хандашах лаьтташ дерг - хоттаман сказуеми: йеша лаьа, ган хьожур ву, хаа-м ца хаьа.

Ц1еран х1оттаман сказуеми

Ц1еран декъах а, г1оьнан хандешан хоттамах а лаьтта сказуеми: х1ун йу? муха йу? стенан йу? маса ду (йу)? масалг1а ду (йу)?

Хандешан цхьалхе сказуеми

Деккъа цхьана хандашах хилла сказуеми: йоьдура, д1аиккхира.















Доьшур- Хандешан хила мега хан: х1ун дер? х1ун хир?

доьшур, г1ур, вог1ур т1е хандешан хоттам кхетарца хандешан

х1оттаман сказуеми кхоллало: доьшур ду, г1ур йу, вог1ур ву.

деша лаьа- Цхьаннал сов хандашах лаьтташ дерг - хоттаман сказуеми.













Хьехархо: Шун хаттар дуй оцу тобане дала? Х1ун билгалдели шуна? (Тхан ч1ог1а самукъадели кхоччуш тхайна сказуемеш девзина а, дагайаьхки лахарчу классашкахь тхайн дуьххьарлерачу хьехархочуьнца оха хандешнаш 1амийна хаза хенаш а.)

- Оьрсийн маттахь хандешнийн маса хан хуьлу? (Оьрсийн маттахь хандешнийн кхо хан хуьлу: настоящее время, прошедшее время, будущее время)

- Ингалсан маттахь маса хан йу хандешнийн? (Ингалсан маттахь хандешнийн 12 хан йу: настоящее, прошедшее, будущее. Х1ора хенан йиъ кеп йу: простое, длительное, совершенное, совершенно-длительное.)

Физминот.



Шу к1адделла хир ду, жимма садо1ур ду вай.

Хьалаг1ийтта, дуьйлало,

Вовше хьовсий, дийлало,

Д1асахьовза, 1алам довза,

Хаарш карладаха шайн.

Къахьегийта когашка,

Сада1ийта куьйгашка,

Тоьур ду, охьаховша,

Деша 1емар ду вай х1инца.

















ПКЭ - на кечамбар.

- Х1инца вай дош лур ду шолг1ачу тобане «Къона 1илманчаш». Шайн 1алашо йовзуьйтуш, пачхьалкхан коьртачу экзаменехь болу хийцамаш бовзийта.























2

Оха кхочушдина шолг1а т1едиллар.

Синтаксически анализ.

1. Гонаха б1аьрг а тухуш, саьнгар а, к1орга харш а, таь1на ор а, боьранаш а дол-долчухьа ларлуш лела иза. 2. Бакъду, дуьхьалнисвелла стаг шена кхераме велахь а, вацахь а, дика хаьа барзана, цуьнгахь герз хилча а хаьа. 3. Шена кхераме волу таллархо, кхераме воцу ахархо йа некъахо дика къастало цуьнга. 4. Стаг шена дуьхьало йан ницкъ боцуш вуйла ма-хиънехь, «г1иллакхах» йуху борз.

Нийса грамматически бух къастийначу жоьпан вариант билгалйаккха. Д1айазйе цуьнан лоьмар.

1) б1аьрг а тухуш (1-ра предложени)

2) дуьхьалнисвелла стаг (2-ра предложени)

3) къастало цуьнга (3-ра предложени)

4) ницкъ боцуш вуйла (4-ра предложени)


Жоп къастало цуьнга .

Сказуемеш довзаро тхуна г1о до экзаменна кечам беш шолг1а т1едиллар нийса кхочушдан.

Тидам бе! Бланк №1

  • Бланка тIехь дIайаздеш долу жоп 17 хьаьркал сов хила йиш йац.

  • Шалха элп долу дош йаздеш, цу элпан хIора хьаьрк къаьстинчу клетки чу йаздо.

  • Нагахь санна жоп шиннах йа цул сов дешнех лаьтташ делахь, хIора дош дIайаздо, йуккъехь клетка а ца йуьтуш, цIоьмалг а, кхидолу хьаьркаш а ца хIиттош. Дош дацдина йаздан мегаш дац.

  • Текста йукъара дош йа дешнийн цхьаьнакхетар схьайаздеш, текстехь долу церан дожар а, терахь а лардан деза.

  • 1 йолчу жоьпийн бланка тIехь гIалаташ девлла жоьпаш нисдан билгалйаьхна меттигаш йу.

Хаалахь! Элп йа хьаьрк «I» йукъахь долу дош жоьпехь хила ца деза.


Кхоллараллин болх.

- Кхоалг1ачу тобанан «Кхоллархой» т1едиллар шатайпа дара, цара шайн исбаьхьчу суьрташца къинхетамах лаьцна предложенеш х1иттор йу вайна.















Доккха дог1а дара арахь дог1уш. Цициг дог1ано дашийнера. К1анта цунна т1ехула сихха четар лецира. Лоьро дархочунна йаах1ума йелира. «Кхана воккхур вуй ахьа со ара?»-элира заь1апхочо йо1е. Дерриг дуьне къинхетамах лаьтташ ду. Вайна машар беза. Йоккха стаг некъал дехьа йаьккхира к1анта. Шина беро синтарна хи туьйхира. Къинхетам д1абаьлла де ма гойла вайна цкъа а.

















Аш дика болх бина, хазачу басаршца гайтина адаман дог муха хила деза.

Къинхетам – иза кхечу адамехь, ткъа иштта дийнатехьдолчу хьолах кхетар а, царах доглазар а, оьшучохь г1о дар а ду. (Ас д1алур йу ПКЭ, 2021)

Функциональни грамотность. Йешаран грамотность.

Д1айелла 32-г1а аг1о, йеша §9-г1а. Ойлайе шаьш йешначун. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? «Теорин говзанчаша» бинчу балха йукъара вайна тахана урокехь оьшург схьаэца. Ца кхеташ х1ун дисна шун? Т1еч1аг1деш, йеша, барта схьалаха 37-г1а шардар йукъара сказуемеш.

Урокехь бинчу белхан жам1 дар.





-Аш муха йазйийр йара бакъонаш? Х1ун хуьйцур дара аш оцу т1ехь? Х1унда?

(-Тахана цхьаьний бертахь бинчу балхо тхан хаттарна жоп дели, тхуна вовшахкъасто хии хандешан цхьалхе, ц1еран х1оттаман, хандешан х1оттаман сказуемеш. Оха учебник т1ерачу бакъонна т1етухур дара, билгалдаккхар санна, тхешан хаттарна карийна жоп, ПКЭ-на кечам беш, х1ора керла бакъо мосазза 1амайо а, цуьнца дог1уш цхьацца т1едиллар ч1аг1деш, шардар йалор йара йукъа, т1аккха дешархошна атта хир ду бакъонех кхета, экзаменна кечам бан.)




Рефлекси.



-Муьлхачу тобано дика болх бира?

-Аш муха хадор бара шаьш бинчу белхан мах? (Х1ора нийса деллачу жоьпана шайна седа билла.)

-Пайдехь дерг х1ун схьаийци аш х1окху урокера?

-Керла х1ун хаамаш хии шуна?

-Ца кхеташ, х1ун дисна шун урокехь? (Цхьа х1ума ца дисна, тхо кхетта тахана вай 1амийначух.)


Ц1ера болх.

§9-г1а 1амайе, 3 хандешан цхьалхе, 3 ц1еран х1оттаман, 3 хандешан х1оттаман сказуемеш йукъахь долуш предложенеш х1иттайе, грамматически лард билгалйаккха.

- Вайн урок нохчийн литература урокехь вай 1амийнчу Сулейманов Ахьмадан «Дахаран генаш» поэми йукъара дешнашца чекхйаккха лаьа суна.

Хазалла-сарралц, дикалла-валлалц..

…Къинхетам бу дахар латтош,

Ма го и д1абаьлла де!

Къиза адам лаьтта даг1ахь,

Дуьне дагош йер йу ц1е…

Хьомсара дешархой, аш д1акховдийна некъ, хьаьвззина йуха схьакхочур бу шуна дахарехь. Деши санна ц1ена долчу шун дегнашкахь даима лаьттийла къинхетам. Лаа ма ца аьлла «Хазалла – сарралц, дикалла – валлалц». Къинхетамо чулоцу-кх дерриг диканиг. Дала дахарехь массо дикачу х1уманна т1ехь аьтто бойла шун!

Баркалла шуна массарна, суна ч1ог1а хазахийтира шуьца болх беш. 1одика йойла шун!




Получите в подарок сайт учителя

Предмет: Всем учителям

Категория: Уроки

Целевая аудитория: 8 класс.
Урок соответствует ФГОС

Скачать
Хандешан х1оттаман сказуеми. Урок-семинар

Автор: Абдулхалимова Зарема Имрановна

Дата: 04.06.2024

Номер свидетельства: 652044


Получите в подарок сайт учителя

Видеоуроки для учителей

Курсы для учителей

Распродажа видеоуроков!
ПОЛУЧИТЕ СВИДЕТЕЛЬСТВО МГНОВЕННО

Добавить свою работу

* Свидетельство о публикации выдается БЕСПЛАТНО, СРАЗУ же после добавления Вами Вашей работы на сайт

Удобный поиск материалов для учителей

Проверка свидетельства