kopilkaurokov.ru - сайт для учителей

Создайте Ваш сайт учителя Курсы ПК и ППК Видеоуроки Олимпиады Вебинары для учителей

Текстан анализ. 5-г1а класс.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Текстан анализ. ПКЭ-на кечам беш г1оьнна. Текст Висади. Бераш кхетош_кхиор.

Вы уже знаете о суперспособностях современного учителя?
Тратить минимум сил на подготовку и проведение уроков.
Быстро и объективно проверять знания учащихся.
Сделать изучение нового материала максимально понятным.
Избавить себя от подбора заданий и их проверки после уроков.
Наладить дисциплину на своих уроках.
Получить возможность работать творчески.

Просмотр содержимого документа
«Текстан анализ. 5-г1а класс.»





Урокан ц1е Текстан маь1нин анализ.


1алошонаш: 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар;

дешархой шаьш текстаца болх бан 1амор; шайн хаарех текстаца болх беш пайдаэца 1амор; шайна хетарг ала а, хуучун анализ йан а 1амор.

Къамел кхиор.

Кхетош-кхиор.


Урок д1айахьар


1. Ойла т1ейерзор


2.Урокан ц1е йаккхар


Йевзаш йолчу лингвиста Е.В.Джанджаковас аьлла: «Тексто вайга аьллачунна т1е тидам бахийтина ца 1а, и аьлларг муха аьлла а тидам бойту».

- Муьлхарг ду коьрта дош оцу дешнашкахь? ( Текст)

- Т1аккха х1ун ю аьлла хета шуна вайн урокан ц1е?


3. 1алашонаш къастайо.


4. Ойлайарна хаттарш


-Х1ун дан деза вай текст толлуш?

-Х1ун хаа деза вайна? (Дешархоша дуьйцу: текстан тема, коьрта ойла, къамелан тайпа, къамелан стилаш и. д1. кх.)

5. Текстаца болх.


(1)Сан кегий доттаг1ий! (2)Шун хеннара хир волу цхьа к1ант Висади шен нанас базара вахийтинера, пхи туьма ахча а делла, ши кийла шекар эца аьлла.

(3)Базарахь мах бечу зудчуьнгара шекар а эцна вухавирзича, цо духаделла ахча сов карийра Висадина. (4)Пхеа туьманах кхунна юхадала дезарг ши туьма дара, ткъа юхаделларг–ворх1 туьма.(5)Хетарехь, йохкархочунна кхуо шега делларг итт туьман кехат ду моттаделлачух тера дара.

(6)Ч1ог1а самукъаделира Висадин. (7)Сов деллачу ахчанах шена шортта х1уманаш эца дагадеара цунна:шоколадаш, сег1аз, къоламаш, альбом… (8)Делахь а даго и дан ца витира иза, стенна делахь а. (9) «Цкъа маме хоттур ду ас»,– ойла хилира цуьнан. (10)Ц1а кхаьчча, шен нене д1адийцира цо хилларг.

(11)Нанас элира:

– (12)Висади, иза хьарам ахча ду! (13)Юха а хьой, оцу йоккхастаге д1ало и. (14)Хьарам рицкъанах ларвала веза, ц1арах санна. (15)Ца ларлахь, жоьжаг1атин ц1арах вогур ву…

– (16)Ас лачкъийна ма дац х1ара,– г1ийлла элира Висадис.

– (17)Лачкъийна дацахь а, хьарам ду.(18)Ойлаел ахь оцу йоккхастеган. (19)И сом даккха г1ерташ, лаьтташ ма ю иза малхехь а, мохехь а, дорцехь а. (20)Цуьнан метта хилча, хьуна муха хетар дара?

– (21)Дика ду, мама,– аьлла, Висади вухавахара базара.

(22)Ч1ог1а самукъадаьллера йоккхастеган, кхуо ахча юхаделла аьлла.

– (23)Дела реза хуьлда. (24)Дала дукха вахаве хьо,– бохуш, дуккха а ловцаш бира цо к1антана.

(25)Кхуо ца оьшу боххушехь, кхунна цхьа сег1аз а делира.

– (26)Д1аделира ас, мама,– элира Висадис чувеъча.






Белхан кехаташ т1ехь болх

  Т1едиллар №1

   1. Текстан  Тема           

 Хьарамчу рицкъанах ларлуш ваха везар

2. Текстан коьрта тема (Идея)

 Дика а, вуо а къасто 1амор

3. Текст абзацашка йекъа

(Абзацаш йолалуш йолу предложенийн лоьмарш д1аязйе)

1 абзац-1

2 абзац-3

3 абзац-6

4. Къамелан тайпа билгалде

 дийцаран

5. Текст йуккъехь омонимаш, синонимаш йуй? Йелахь схьайазйе.


 Омоним ц1е

синонимаш мох-дарц

     Т1едиллар№2 Текстан план х1оттайай, таблици чу д1айазйе

 1.         

 Висади нанас базар вахийтар

2.

 Йухаделла ахча совнаха хилар

3.

 Висадина дагадеанарг

4.

 Нанас ахча йухадалийтар

Т1едиллар №3 Текстана хаттарш х1иттаде

 1.         

 Стенга вахийтира нанас Висади?

2.

 Йухаделла ахча совнаха карийча х1ун дагадеара Висадина?

3.

 Нанас муха т1еийцира цо динарг?



6. 1амийнчун жам1 дар.

7. Рефлекси

8. Ц1ера болх:


Урокехь санна, анализ йе ц1ахь.












Получите в подарок сайт учителя

Предмет: Всем учителям

Категория: Планирование

Целевая аудитория: 5 класс.
Урок соответствует ФГОС

Скачать
Текстан анализ. 5-г1а класс.

Автор: Гуригова Тамара Халиевна

Дата: 04.06.2024

Номер свидетельства: 652047


Получите в подарок сайт учителя

Видеоуроки для учителей

Курсы для учителей

Распродажа видеоуроков!
ПОЛУЧИТЕ СВИДЕТЕЛЬСТВО МГНОВЕННО

Добавить свою работу

* Свидетельство о публикации выдается БЕСПЛАТНО, СРАЗУ же после добавления Вами Вашей работы на сайт

Удобный поиск материалов для учителей

Проверка свидетельства