kopilkaurokov.ru - сайт для учителей

Создайте Ваш сайт учителя Курсы ПК и ППК Видеоуроки Олимпиады Вебинары для учителей

" Дайн оьзда г1иллакхаш"

Нажмите, чтобы узнать подробности

1алашо: 1. Дешархойн  Дайн оьзда г1иллакхех болу кхетам шорбар.

                  2.Хьрам-хьанал рицкъа къасто 1амор.

                  3.Нохчийн къоман г1иллакх-оьздангаллин коьрта мехаллаш йовзийтар,уьш мел дукха ахча даларх эцалуш цахилар довзийтар.

            Цхьаьнакхетар д1адахьар .

I.Кечамбар.

 

II.Урокан чулацам бозийтар.

                                                  Хьехархочун дош:

Вайна массарна ма хаззара:"Г1иллакх Ялсамани чуьра арадаьлла ду,юха цу чу даха дезаш ду".И дешнаш ч1ог1а нийса дешнаш ду.Иштта хезна суна-м:"Ялсамани гонд1ара керт а г1иллакхах йина ю"-бохуш.

Г1иллакх-оьздангаллин чарх ю олуш ду.Г1иллакхо хазвеш ву стаг,г1иллакх доцуш волчу стагах эца пайда бац,цо мел яккхийра г1аланаш йоттарх.

Амма цхьаверг шена кера дуьнена рицкъа кхачавоьлча ,хьрамлонаш лело волу,шен йиш-вешех,гергарчерах,накъостех д1ахеда.Мел дукха бахам стег хиларх,цуьнан баха мах дан х1ума дац ,цу стагехь г1иллакх-оьздингалла яцахь.  Х1ара дуьне а,1алам а кхоьллинарг сийлахь Дела ву,рицкъ луш верг а И ву. Уггаре коьртаниг кху дуьненахь нийса чекхвала хаар ду.

 

                                          Хьехархо:

Хь-хо:Х1инца ,вайна гуш ду-кх,массо х1ума дац ахчанца нислуш.Ахчанца эцалац

сий ,яхь,къинхетам,собар,комаьршалла,тешам,иэхь-бехк.Стеган мел дукха рицкъа,хьал-бахам хиларх пайда бац,нагахь и вайн къоман оьздангаллин коьрта мехаллаш цуьнгахь яцахь,цу бахамах  шен сий,яхь,маршо йоьхкинехь.

Цу дерриге дешнийн маь1на  даста а хьовсур ду вай.     

"Хьог1о шун 1амалаш ягайо,ч1ог1ачу малхо буц санна"Дала лардойла вай цунах.

                                               Хьехархо:

Хь-хо: Вай ялийна вайн къоман оьзда синмехаллаш мел дукха рицкъа даларх эцалуш яц.Уьш Дала х1ора стагана шен ц1ийца ,сица луш ю.

1.Д1ахьошверг.

  Халкан уггар а доккха хьал  - иза х1ора доьзал  сица а  дег1аца  а  могаш хилар  ду. Нагахь доьзал   ч1ог1а хилахь, къам а хир  ду ч1ог1а.

Стихотворенеш д1айоьшу :Исраилова Хедас,Раджапова Маликас,Алиева Эльвирас,Тамрова Динарас.

Даймохк беза кхоьллина бу.Къонах Даймахкана хьакъ верг ву.

Стих-ни:"Яхалахь сан Нохчийчоь"д1айоьшу Хамзатханова Раянас.

1.Д1ахьошверг:Х1инца вайн дешархоша д1агойтур ю сценка "Ши доттаг1"

1.Д1ахьошверг:

Вахар къинхьегаман хьелашца доьзна ду.Стеган ирс,стеган сий хьаналчу къинхьегамах кхоллалуш ду.

2.Д1ахьошверг:

Хьаналчу къинхьегамах адамашкахь кхоллало беркат ,цунна ду уьш ларар,цунна ду церан сий.

Стих-ни "Баьпкан юьхк"д1айоьшу Черемханова Хедас.

1.Д1ахьошверг:"Б1е эзар диканиг хьоьга даг1ахь а ,хаалахь б1е цхьаалг1аниг вон а дог1ур дуй"

2.Д1ахьошверг:

"Курачу машенахь" дийцар дуьйцу Губашева Хадижата.

1.Д1ахьошверг:

"Коьртара куй а баьккхина,дехар дина",-олуш ду вайнехан.Иза гуттар а ч1ог1а

"Нохчийн хелхар"д1агойту вайн дешархоша.                                                                                                                                            

Хьехархо:

Таханлера вайн цхьанакхетаран сахьт дерзо лаьара суна х1окху х1етал-металшца:

                       

Вы уже знаете о суперспособностях современного учителя?
Тратить минимум сил на подготовку и проведение уроков.
Быстро и объективно проверять знания учащихся.
Сделать изучение нового материала максимально понятным.
Избавить себя от подбора заданий и их проверки после уроков.
Наладить дисциплину на своих уроках.
Получить возможность работать творчески.

Просмотр содержимого документа
«" Дайн оьзда г1иллакхаш" »

Классал арахьара цхьаьнакхетар Х1оттийнарг:Наурски к1оштан Мекенски юккъерачу школан нохчийн меттан литературан хьехархо Момуева Дагман Ш.

Классал арахьара цхьаьнакхетар

Х1оттийнарг:Наурски к1оштан

Мекенски юккъерачу школан нохчийн меттан литературан хьехархо

Момуева Дагман Ш.

Урокан ц1е:  Дайн оьзда
  • Урокан ц1е:
  • Дайн оьзда

г1иллакхаш .

1алашо: 1.Дешархойн Дайн оьзда –г1иллакхех болу кхетам шорбар.  2. Хьарам-хьанал рицкъа къасто 1амор,церан ойла диканна т1ехь кхиор.  3.Нохчийн къоман г1иллакх-оьздангаллин коьрта мехаллаш йовзийтар ,уьш мел дукха ахча даларх эцалуш цахилар довзийтар.

1алашо:

1.Дешархойн Дайн оьзда –г1иллакхех болу кхетам шорбар.

2. Хьарам-хьанал рицкъа къасто 1амор,церан ойла диканна т1ехь кхиор.

3.Нохчийн къоман г1иллакх-оьздангаллин коьрта мехаллаш йовзийтар ,уьш мел дукха ахча даларх эцалуш цахилар довзийтар.

Кицанаш

Кицанаш

  • Хазчу дашо лам баьккхина.
  • Хазачу г1иллакхо лам башийна.
Кицанаш: 1.

Кицанаш:

1." Г1иллакх доцчу стагаца араваьлларг догдика ц1а воьрзур вац."

2.Хьекъале хилла хьовса ,хьалдолуш хуьлучул. Хьал- бахам д1абала тарло,ткъа хьекъал хир ду хьоьца даима.

1.Ахчанах эцало маьнга, амма ца эцало - . . . 2.Ахчанах эцало сахьт,амма ца эцало -. . . 3.Ахчанах эцало книга, амма ца эцало -. . . 4.Ахчанах эцало х1усам,амма ца эцало -. . . 5.Ахчанах эцало молханаш, амма ца эцало. . . 6.Ахчанах эцало белхандарж,амма ца эцало-. . . 7.Ахчанца самукъадаккхало,амма ца эцало-. . . 8.Ахчанца эцало хьо ларван стаг, амма ца эцало-. . .  
  • 1.Ахчанах эцало маьнга, амма ца эцало - . . .
  • 2.Ахчанах эцало сахьт,амма ца эцало -. . .
  • 3.Ахчанах эцало книга, амма ца эцало -. . .
  • 4.Ахчанах эцало х1усам,амма ца эцало -. . .
  • 5.Ахчанах эцало молханаш, амма ца эцало. . .
  • 6.Ахчанах эцало белхандарж,амма ца эцало-. . .
  • 7.Ахчанца самукъадаккхало,амма ца эцало-. . . 8.Ахчанца эцало хьо ларван стаг, амма ца эцало-. . .
  •  
1.Ахчанах эцало маьнга, амма ца эцало г1ан-набарш. 2.Ахчанах эцало сахьт,аммацаэцало -хан. 3.Ахчанах эцало книга, аммацаэцало -хьекъал. 4.Ахчанах эцало х1усам,амма цаэцало –доьзал. 5.Ахчанах эцало молханаш, амма ца эцало-могушалла. 6.Ахчанах эцало белхан дарж,амма ца эцало-нехан ларам. 7.Ахчанца самукъадаккхало,амма ца эцало-ирс. 8.Ахчанца эцало хьо ларван стаг, амма ца эцало-доттаг1.   Ахчанца эцалац-маршо,сий,яхь,къинхетам,собар, комаьршалла,тешам,иэхь-бехк,оьздангалла.

1.Ахчанах эцало маьнга, амма ца эцало г1ан-набарш.

2.Ахчанах эцало сахьт,аммацаэцало -хан.

3.Ахчанах эцало книга, аммацаэцало -хьекъал.

4.Ахчанах эцало х1усам,амма цаэцало –доьзал.

5.Ахчанах эцало молханаш, амма ца эцало-могушалла.

6.Ахчанах эцало белхан дарж,амма ца эцало-нехан ларам.

7.Ахчанца самукъадаккхало,амма ца эцало-ирс.

8.Ахчанца эцало хьо ларван стаг, амма ца эцало-доттаг1.

 

Ахчанца эцалац-маршо,сий,яхь,къинхетам,собар,

комаьршалла,тешам,иэхь-бехк,оьздангалла.

Дешнийн маь1на дастар 1.- Хьан эр дара аш сий бохучу дешан маь1на 2.- Хьан эр дара аша яхь бохучу вешан маь1на муха ду? а муха ду?  3.- Хьан эр дара аша собар бохучу дешан муха маь1на ду?  4 .-Хьан эр дара аша къинхетам бохучу дешан муха маь1на ду?

Дешнийн маь1на дастар

1.- Хьан эр дара аш сий бохучу дешан маь1на

2.- Хьан эр дара аша яхь бохучу вешан маь1на муха ду?

а муха ду?

3.- Хьан эр дара аша собар бохучу дешан муха маь1на ду?

4 .-Хьан эр дара аша къинхетам бохучу дешан муха маь1на ду?

5. -Хьан эр дара аша комаьршалла бохучу дешан муха маь1на ду? 6. -Хьан эр дара аша доттаг1алла  бохучу дешан маь1на муха ду?  7.- Хьан эр дара аша  тешам  бохучу дешан маь1на муха ду? 8. -Хьан эр дара аша эхь-бехк бохучу дешан муха маь1на ду?

5. -Хьан эр дара аша комаьршалла бохучу дешан муха маь1на ду?

6. -Хьан эр дара аша доттаг1алла бохучу дешан маь1на муха ду?

7.- Хьан эр дара аша тешам бохучу дешан маь1на муха ду?

8. -Хьан эр дара аша эхь-бехк бохучу дешан муха маь1на ду?

Хаттар:

Хаттар:

  • Х1ун ду кху дуьненахь вайн сица,дег1аца коьрта хила дезарг ?
Рефлекси -Къастабелин вайга ахчанан мах? -Хиин вайна вайн Дайн оьзда г1иллакхашка кхочуш х1ума доций?

Рефлекси

-Къастабелин вайга ахчанан мах?

-Хиин вайна вайн Дайн оьзда г1иллакхашка кхочуш х1ума доций?

Дала аьтту бойла шун,нийсачу некъах ца туьлуш,махкахь а ц1е яхначу къонахийн дарже кхочийла шу!

Дала аьтту бойла шун,нийсачу некъах ца туьлуш,махкахь а ц1е яхначу къонахийн дарже кхочийла шу!


Получите в подарок сайт учителя

Предмет: Внеурочная работа

Категория: Презентации

Целевая аудитория: 5 класс.
Урок соответствует ФГОС

Скачать
" Дайн оьзда г1иллакхаш"

Автор: Момуева Дагман

Дата: 10.12.2014

Номер свидетельства: 142180


Получите в подарок сайт учителя

Видеоуроки для учителей

Курсы для учителей

ПОЛУЧИТЕ СВИДЕТЕЛЬСТВО МГНОВЕННО

Добавить свою работу

* Свидетельство о публикации выдается БЕСПЛАТНО, СРАЗУ же после добавления Вами Вашей работы на сайт

Удобный поиск материалов для учителей

Проверка свидетельства