kopilkaurokov.ru - сайт для учителей

Создайте Ваш сайт учителя Курсы ПК и ППК Видеоуроки Олимпиады Вебинары для учителей

Мероприятие, посвященное Дню чеченского языка

Нажмите, чтобы узнать подробности

В разработке этого мероприятия использованы стихи из детского  журнала "Стела1ад.  Видеоролики 

Вы уже знаете о суперспособностях современного учителя?
Тратить минимум сил на подготовку и проведение уроков.
Быстро и объективно проверять знания учащихся.
Сделать изучение нового материала максимально понятным.
Избавить себя от подбора заданий и их проверки после уроков.
Наладить дисциплину на своих уроках.
Получить возможность работать творчески.

Просмотр содержимого документа
«Мероприятие, посвященное Дню чеченского языка»

Нохчийн меттан лерина мероприяти 3- г1а чу классан (автор Исаева Медина Сайд-Селимовна)

Мероприятие начинается с просмотра видеоролика посвящённого Дню чеченского языка (учитель в национальном костюме)

Видеоролик № 1

- Хьоме бераш, лераме хьеший, хьомсара накъостий, тахана вай д1ахьур ду, Нохчийн меттан дезчу денна лерина долу вовшахкхетар. Вайн Республикехь хаза г1иллакх хилла схьадог1уш ду 25-чу апрелехь Нохчийн меттан де даздар.

Видео ролик №2 Указ президента Рамзана Ахматовича Кадырова

Вайн паччахьо дина омар кхочушдар гойтуш, аса тидаме йуьллур кхи цхьа а (видеоролик )

Тахана вайн вовшахкхетар д1адолор ду, нохчийн сийлахь поэта Шайхи Арсанукаевн "Ненан мотт" ц1е йолчу стихотвореница. (две девочки и мальчик в национальных костюмах читают)

Шайхи Арсанукаев – Ненан мотт.

Доьзалехь бийцар а дастама хеташ,
Хьуо винчу ненан мотт д1атесна ахь.
"Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ!" -
Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь.

Ладог1ал цкъа соьга, "хьекъале корта",
Ладог1ал, яккхий д1а лергара потт:
Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.

Г1иллакхе, оьзда бу доттаг1че буьйцуш,
Мостаг1че вистхуьлуш - ду ира герз,
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!

Мерза бу моз санна ша безачунна
Ламанан шовданал ц1ена бу и.
Лермонтовс, Толстойс а ладег1на цуьнга
Услара даггара хестина и.

Б1ешераш хийла д1а ихна, и бекаш, 
Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу, 
Кхоьллинчу халкъана сов хьанал бецаш 
Даима ша хилла нохчийн мотт бу.

Вайн къоман ойланаш, дахар а г1ийла 
Далхадеш, къийсамна г1иттийна цо. 
Нохчийн майралла, оьзда хийла 
Зевнечу иллешкахь йекийна цо!

Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна, 
Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу. 
Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн хьалкъцанна, 
Хаалахь, декъазниг,- хьо цхьалха вуй!

Иштта вай яздархоша а, 1илманчаша а ма хестабара, оьзда а, комаьрша а, самукъане а бу вайн нохчийн мотт.

Вай х1инца ладуг1ур ду вайн маттах лаьцна байташ.

Сулаев Мохьмад)

Вайн мотт бу 1аламал ч1ог1а,

Хьекъале цо йоьг1на лард,

Доккху цо къайленийн дог1а,

Къаьмнашлахь цо кхуллу барт.

Сатуев Хьусайн

Хьомечу ненан мотт,Дайх дисна иллеш,

Г1иллакхийн хазалла, хелхарийн алу –

Б1ешерийн некъаш т1ехь мел дина хилларлш,

Ха хоьрцуш йог1учу заманца дало

Ницкъ ло тхан дегнашна,

Вина мохк,нана!

Сулейманов Юсуп

Башха дац со кхалхар –

Ломахь я арахь,

Тезетахь 1аьржа-к1айн

Къеста ма ве.

Амма сох кадам бе

Сан нохчийн маттахь,

И безаш ца хиллехь,

Геч а ма де.

Талхадов Хьамзат

Дуьххьара дош олуш,

Ас, г1алат вуьйлуш,

Воккхавеш, дуьненахь

Бийцина хьо.

Дог лазош, вилхича,

Со маракъуьйлуш,

Со тевеш, бийцина

Хьо, ненат мотт.

Юсупов 1азим

Т1аьхьарчу т1аьхьено

хестабеш кхана

Хьомсара нохчийн мотт,

Хьо бахалахь!



Дуккха а оьрсийн яздархоша а, 1илманчаша а аьлла дешнаш а, цитаташ а ду вайн нохчийн маттах лаьцна.

Презентация
Вайн нохчийн меттан талламхочо Петр Карловича Услара аьлла вайн маттах лаьцна: "Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а и мотт, шен г1оьнца адамийн ойланан уггар а к1оргера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьал долуш бу".
Ткъа, оьрсийн воккха яздархочо Лев Николаевич Толстойс а иштта аьлла: "Нохчийн мотт уггар а хазачу а, хьал долчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь".


-Бераш,вайн яздархоша а аьлла нохчийн маттах лаьцна къорггера маь1на а долуш дешнаш.

Ткъа х1инца вай ладуг1ур ду цаьрга.

Овхадов Муса

Къомана хала киртиг т1ех1оьттича,

Оцу къоман дагах, сих кхеташ дерг

Къоман метан оьзда а, ц1ена а,

Лараме а дош ду.

Джанаралиев 1имран

Вешан маттахь декачу дешан

Леерам а болуш, могуш-маьрша

Даймахкахь дехийла-кх вай.

Мотт бацахь,

мохк бацахь , кхане ирсе

Хуьлийла а дац!

Айдамирова Машар

Тахана ненан матах хераваьлларг, кхана херавер ву шеен халкъах.

Даймахках, эзарнаш шерашкахь къомах къам дина схьадеанчу г1иллакхех.

Берсанов Хож-Ахьмад

Мотт, духар, г1иллакхаш, къоман

сибат ду.И сибат лардеш верг

ийманца ву, иза вуьззина нохчо

ву, шен махкана хьакъ волу

къонах ву.

(Девичья группа с дома культуры исполняют песни)

-Бераш, вайна массарна а дика девзаш ду нохчиийн маттахь арадолу берийн журнал «Стела1ад» И журнал бахьан долуш, вайна дукха хаза дийцарш, туйранаш, иллеш, нохчийн меттан шира дешнаш а, бераша язъйина байташ а, дуккха а х1ума хаьа.

Х1инца шу йиш хир ю оцу журнала т1ера, къона яздархоша язъйина байташ д1аеша.

Ненан мотт буьйцуш (Гандаева Раяна)

Ден дайша бийцина

Ненан мотт буьйцуш,

Лардина г1илакхаш

Вовшашца дайша.


Ден дайша бийцина

Ненан мотт буьйцуш

Оьздалла гайтина

Вовшашна дайша


Ден дайша бийцина

Деган мотт буьйцуш

Шайн сий а лардина

Дуьненахь дайша.


Ден дайша бийцина

Оьзда мот буьйцуш,

Халонаш, харцонаш

Эшийна дайша.


Ненан сий (Косумов Исраил)

Ма ала даьсса дош,

Ненан мотт емалбеш.

Бийца хьайн ненан мотт,

Ненан сий ца дожош.


Мел дийцарх к1ордор а доцуш, дийцина ца валлал дукха ду вайн нохчийн хаза г1иллакхаш. Царех цхьадерш довзуьйтур вай.

(Сценка примирения)

Хьалха заманчохь, ши къонах вовшашца дов даьлла, я ч1ир екха г1ерташ, вовшашна герз даьккхина чуччахьаьдча, нохчийн зудчо шен коьртара йовлакх схьа а даьккхина, и цаьршинна юкъа кхоьссича, дов д1адоьрзуш хилла. Иштта сацош хилла вайн наноша ц1ий 1анор.
Говрахь вог1уш волчу стага, говрара охьа а вуссий, хоттуш хилла могуш-парг1ат. Нагахь санна, воккха стаг г1аш вог1уш шена дуьхьал кхетча, иза т1ехваьлла генаваллалц, шен говра т1е хууш а ца хилла нохчийн къонах. 
Амма, х1инца а лелош  схьадог1уш ду вайн хьаша т1еэцаран г1иллакх. Къемата а и стаг вевзаш ца хиларх, цхьа г1о оьшуш, я новкъахь к1адвелла, не1ар т1е веана волу стаг, везаш т1еоьцу вайнаха. Вайн нохчийн олуш цхьа кицанаш ду: "Хьаша ца вог1у х1усам - х1усам яц", "Хьаша керта - беркат шорта".

-Бераш, вайн юьрта дом культурехь д1ахьош кхетам –кхиорехь бокха болх бу. Цигахь дакъа лоцуш бу вайн ишколера дешархой. Х1инца шун йиш хир ю цара олучу халкъан ширачу иллега ладог1а.

«Байчу мохо»


Бераш, вайн къам хийла халонаш гина ду. Деллахь а оцу халоне эшацадойтуш къар ца луш , дог ойла ойуш схьадеана ду нохчийн хелхар. Х1инца шуна гур ду зудберийн тобано дийр долу хелхар.

(уходят со сцены)

Кху дезчу дийно декхаре до вай ненан меттахь хазна ларъярехьа кхин а ч1ог1а къахьега дезар. Х1унда аьлча, мотт къоман коьрта билгало ю. Шен мохк а, мотт а боцург къам дац, олуш дара Нохчийн Республикан хьалхарчу президента Кадыров- Ахьмад- Хьаьжин. Вай даима а дагахь латто деза билггал нохчийн матто г1о до къам оьзда, иманехь хилийтарна.

Ас даггара декъалдо вай массо а нохчийн меттан денца. Хьара де хазаллин, дикалин, доттаг1алин де хила лаьттила вайна!

Суна даггара баркалла ала лаьа вай бинчу балхана мах хадош баьхкина болу жюри декъашхошна, дом культуран белхалошна а, вайн хьоме берашна а.

Ткъа х1инца нохчийн къоман хазачу г1иллакхех цхьа г1иллакх гойтуш дерзор ду вай цхьанакхетар. (Национальные блюда) )

Кху дезчу дийно декхаре до вай ненан меттахь хазна ларъярехьа кхин а ч1ог1а къахьега дезар. Х1унда аьлча, мотт къоман коьрта билгало ю. Шен мохк а, мотт а боцург къам дац, олуш дара Нохчийн Республикан хьалхарчу президента Кадыров- Ахьмад- Хьаьжин. Вай даима а дагахь латто деза билгал нохчийн матто г1о до къам оьзда, иманехь хилийтарна.

Ас даггара декъалдо вай массо а нохчийн метан денца. Хьара де хазаллин, дикалин, доттаг1алин де хила лаьттила вайна!




Получите в подарок сайт учителя

Предмет: Внеурочная работа

Категория: Мероприятия

Целевая аудитория: 3 класс.
Урок соответствует ФГОС

Скачать
Мероприятие, посвященное Дню чеченского языка

Автор: Исаева Медина Сайд-Селимовна

Дата: 22.04.2017

Номер свидетельства: 410851

Похожие файлы

object(ArrayObject)#851 (1) {
  ["storage":"ArrayObject":private] => array(6) {
    ["title"] => string(73) "Мероприятие посвященное "Дню языков РК" "
    ["seo_title"] => string(48) "mieropriiatiie-posviashchiennoie-dniu-iazykov-rk"
    ["file_id"] => string(6) "115811"
    ["category_seo"] => string(10) "vneurochka"
    ["subcategory_seo"] => string(12) "meropriyatia"
    ["date"] => string(10) "1412140413"
  }
}
object(ArrayObject)#873 (1) {
  ["storage":"ArrayObject":private] => array(6) {
    ["title"] => string(133) "Сценарий мероприятия  «Мой язык-моя жизнь», Посвященного  "Дню языков РК" "
    ["seo_title"] => string(81) "stsienarii-mieropriiatiia-moi-iazyk-moia-zhizn-posviashchiennogho-dniu-iazykov-rk"
    ["file_id"] => string(6) "137454"
    ["category_seo"] => string(10) "vneurochka"
    ["subcategory_seo"] => string(12) "meropriyatia"
    ["date"] => string(10) "1417355146"
  }
}


Получите в подарок сайт учителя

Видеоуроки для учителей

Курсы для учителей

ПОЛУЧИТЕ СВИДЕТЕЛЬСТВО МГНОВЕННО

Добавить свою работу

* Свидетельство о публикации выдается БЕСПЛАТНО, СРАЗУ же после добавления Вами Вашей работы на сайт

Удобный поиск материалов для учителей

Ваш личный кабинет
Проверка свидетельства