Урок по литературе "Хасбулатов Ямлиханан дахар а, кхолларалла а" 10 класс
Т1ейог1у урок конференцин кепехь д1аяхьа, дешархошна бес-бесара т1едахкарш ло. Вийца лерина яздархо волчух кечван веза цхьа дешархо. Оцу авторх лаьцна статья ешна хила веза иза учебник-хрестомати т1ера. Кхечу ресурсашкара материал кечйина велахь кхин а дика хир ду. Иза конференцин коьрта хьаша хила везаш ву.
3-4 корреспондент а оьшу и тайпа урок д1аяхьа. Дешархошна юкъахь уьш а цхьа урок хьалха билгалбина хила беза, х1унда аьлча, конференци д1аяхьа хьалххе кечдина хаттарш хила деза цара. (Учебник т1ехь ялийна коьчал евзаш хила беза уьш).
Шеран дохаллехь а и тайпа урокаш д1ахьуш хилча, передачин кепехь хилча дика хир дара. «Вай долчохь хьошалг1ахь…» ц1е а йолуш. Маршаллин дешнаш олуш, шайн ялош афоризм я кхин цхьана байт юкъара мог1анаш хилча дика хир ду.
Масала:
«Вайн кхерчарчу ц1арочул а
Хьаша вохвеш, йовхо луш,
Ю вайнехан комаьршалла,
Ду вайнехан оьзда дош».
(Иштта, оцу дешнашца йолон мегар ду урок).
Кху тайпанчу урокаша берийн дог-ойла ойъу, еша а, йовза а догдоуьйту нохчийн литература. Боккъал а хьошалг1а веънарг ша яздархо волуш санна, бераша актеран болх дукха сиха кераберзабо. Берийн къамел кхион а боккха пайда хуьлу конференцин кепехь йолчу урокашкахь. Шаьш бакъболу корреспонденташ болуш санна, кечам а дика бо цара.
Ткъа уггар а диканиг, и 4-5 стаг хилла ца 1а урокехь дакъалоцуш. Вукху бераша лерина ладоьг1на ца хилахь, царна хуур дац жам1 дан. Церан а дезар ду урокан мах хадон, шайна хетарг ала. Дийнна классе жигара дакъалацийта таро ю ишттачу урокашкахь.
Урокан ц1е: Хасбулатов Iимранан Ямлихан
1алашонаш: Хасбулатов Ямлиханан дахаран а, кхоллараллин а некъ бовзийтар; дешархойн ойла а, тидам а, барта къамел а кхиор; нохчийн яздархой а, исбаьхьаллин литература а йовза а, талла а лаам г1аттор.
Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна хаа деза шайна оьшург текстера схьалаха а, оьшу хаттарш кечдан а; шайн белхан план х1отто, цу планан рог1аллехь болх бан, вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел д1адахьа, хаа деза предложенеш нийса х1иттон а, барта къамел дан а, 1ама беза шайн кхиамаш а, кхачамбацарш а довза, царех пайдаэца.
Хьехаран некъаш: телепередачин кепехь суртх1оттор, хаттаршца доьзна къамел дар, дешархойн хаамаш, вовшашца дагабовла 1амор.
Урокан тайпа: урок-конференци
Гайтаман г1ирс: яздархочух лаьцна йина презентаци.
Урокан тайпа: урок-конференци.
Урок д1аяхьар
-
Урокана кечамбар.
-
Ойла т1еерзор.
Хьоме дешархой, тахана вай д1аяхьа лерина ю шакепара урок. Иза конференцин кепехь д1ахьур ю вай. Цунна кечам бина баьхкина дешархой бу.
Вай долчохь хьошалг1ахь ша Хасбулатов Ямлихан волуш санна, цуьнга хаттарш а луш, юха дийцинчун жам1аш деш, вовше дага а довлуш, хаза д1ахьур ю вай вешан рог1ера нохчийн литературин урок.
-
Дешархойн хаарш жигардахар
- Нохчийн исбаьхьаллин литература маца дуьйна ю кхоллаелла?
- Ц1ераш яха хуур дарий шуна дуьххьара нохчийн литературе баьхкинчу яздархойн ?
- Исбаьхьаллин литературин жанрийн ц1ераш яха?
- Нохчийн г1араваьллачу х1инцалерачу 5 поэтан ц1е яккха?
- Журналистехь къа а хьоьгуш, нохчийн литература кхиийначех цхьа а поэт вевзий шуна?
Тахана шуна вевзар ву шен дахаран шераш журналистикина д1аделла хила волу поэт Хасбулатов Ямлихан.
(Хьалххе кечбина дешархой схьа а кхойхий, юх-юххе партанаш нисйой, охьаховшабо билгалйинчу метте).
-
Конференци д1аяхьар/
-
Маршалла а хоттуш, конференцин 1алашо а йовзуьйтуш, хьеше дош далар.
-
Хаттарш-жоьпаш.
-
Хьешо байт ешар.
-
Баркаллин дешнаш. Передача ерзор.
-
Жам1 дар. (Бераша йийцаре йо конференци. Мах хадабо шаьш бинчу белхан. Билгалбоху кхиамаш а, кхачамбацарш а).
(Хасбулатов Ямлиханан дахарх, кхоллараллех лаьцна кечйинчу презентаце хьовсар)
-
Учебник т1ерачу статьяца болх бар.
(Цкъа хьалха хьехархочо, цул т1аьхьа дешарошка д1адоьшуьйту статья).
-
Хаттарш:
-
Мичахь дIаяхана Хасбулатов Ямлиханан бералла, къона хан?
-
ХIун кхоллам хилла Ямлиханан ден Iимранан?
-
Маца язйина поэто шен дуьххьарлера стихаш?
-
ЦIераш яха Хасбулатовн гуларийн, уьш маца араевлла а дийца.
2. Белхан тептар т1ера хьалхара т1едиллар кхочушдар.
VI. Урокан жам1дар
- Стенах лаьцна дийци вай тахана урокехь?
- Хасбулатовн кхоллараллехь коьрта теманаш билгалъяха?
-Дийца Хасбулатовс шен «Къоьзана» поэмехь дуьйцучу коьртачу хаттарех лаций.
- Поэтан амал муха билгалйоккху яздархочо Кусаев Iадиза?
VII. Рефлекси.
Дийца шайн кхиамех лаций.
Суна 1еми…
Суна хии…
Суна кхета хала дара…
Со ца кхийти…
Хаарийн мах хадор. ( Мах дешархошка шайга хадабойту).
VIII. Ц1ахь кхочушдан дезарг.
1.Учебник-хрестомати т1ерачу хаттаршна жоьпаш кечдар.
2. «Дош», «Стаг хилла ваьллехь хьуо ара» еша.