kopilkaurokov.ru - сайт для учителей

Создайте Ваш сайт учителя Курсы ПК и ППК Видеоуроки Олимпиады Вебинары для учителей

Урок-конспект по чеченской литературе Арсанукаев Ш. "Тимуран тур" 7 класс

Нажмите, чтобы узнать подробности

АРСАНУКАЕВ 1абдулмуслиман Шайхи «Тимуран тур». Тимур лам чохь. Стихашкахь йолчу повестан исбаьхьаллин башхаллех лаьцна дийцар.

Вы уже знаете о суперспособностях современного учителя?
Тратить минимум сил на подготовку и проведение уроков.
Быстро и объективно проверять знания учащихся.
Сделать изучение нового материала максимально понятным.
Избавить себя от подбора заданий и их проверки после уроков.
Наладить дисциплину на своих уроках.
Получить возможность работать творчески.

Просмотр содержимого документа
«Урок-конспект по чеченской литературе Арсанукаев Ш. "Тимуран тур" 7 класс»

Урок-конспект по чеченской литературе Арсанукаев Ш. "Тимуран тур" 7 класс


АРСАНУКАЕВ 1абдулмуслиман Шайхи «Тимуран тур». Тимур лам чохь. Стихашкахь йолчу повестан исбаьхьаллин башхаллех лаьцна дийцар.


1алашонаш: «Тимуран тур» стихашкахь йолчу повестан чулацамах кхетор; берийн ойла а, дагалацам а кхиор; дийцаран исторически бух бовзийтар; исторически бакъдолчунна а, яздархочун исбаьхьаллин декхаршна а юккъехь йолчу башхаллех кхетам балар; дешархойн вайн исторех долу хаарш т1едузар.

Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна хаа деза керла девзинарг т1еэца, ешначух лаьцна шайна хетарг ала а, ойла ян а, дуста а; чулацам схьабийца; вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел д1адахьа,1ама беза шайн кхиамаш а, кхачамбацарш а довза, царех пайдаэца.


Хьехаран некъаш: прогнозировани, хьехархочун дош, учебникца болх бар, хаттаршца доьзна къамел дар, комментари ярца текст ешар.




Урок д1аяхьар


  1. Урокана кечамбар.


  1. Ойла т1еерзор.

Урок д1айолайо Арсанукаев Шайхин стихашкахь язйинчу повестан ц1арна т1ера.

- Хьан эр дара аш, бераш, «Тимуран тур» аьлла х1унда ю те вай тахана 1амо леринчу произведенин ц1е? Мила ву те и Тимур? Исторически цхьа а личность евзий шуна и ц1е йолуш?

- Нохчийчоьнца х1ун уьйр хилла те цуьнан? Шуна хезний цо вайца т1ом бина бохучух х1умма а? Х1ун хаьа шуна цунах лаьцна?

- Хьан эр дара аша, стенах лаьцна хир ю аьлла хета шуна вай тахана йоьшур йолу «Тимуран тур» ц1е йолу повесть?

( Дешархошка шайга урокан 1алашонаш а, декхарш а бигалдохуьйту)



  1. Дешархойн хаарш жигардахар.


Хьехархочо толлу дешархоша ц1ахь кхочушбина белхаш, билгалбоху церан кхиамаш а, кхачамбацарш а.


- Дахаран х1ун аг1онаш а, муха а йовзуьйту 1илмано?

- 1илмано лучу хаарех муха къаьста литературо лун хаарш?

- Литертурни произведенийн х1ун тайпа жанраш евза шуна?

- Стенах олу повесть? Х1ун тайпа повесташ 1амийна вай? Ц1ераш яха церан шайн авторшца.

- Стихашкахь повесть хила йиш юй те? Оьрсийн литературехь а цхьа а евзий шуна стихашкахь язйина повесть?

( 1-2 дешархочуьнга доцца дуьйцуьйту Арсанукаев Шайхин дахарх а, кхоллараллех а лаьцна)



  1. Керлачу хаарийн дуьххьара д1алацар.


  1. Хьехархочун дош.


14-чу б1ешерийн чаккхе. 1395-чу шеран б1аьста, апрель баттахь, Нохчийчу кхочу Астаг1 Тимаран доккха эскар. Оццу баттахь Терк-хин йистошца Астаг1 Тимара т1ом бо кхечу мехкашд1алецархочуьнца – Тохтамышан эскарца. Тохтамыш оьшу. Цул т1аьхьа Тимар ерриге а Дег1астанехула чекхволу. Шина шарахь сов олалла до Астаг1 Тимара Къилбседа Кавказехь. Оцу муьрехь нохчаша а, кхечу къаьмнаша а хаддаза дуьхьало йо мехкашд1алецархочунна. Оцу къаьмнашна г1о дина уггар хьалха церан майралло, доьналло, маршоне доза доцучу безамо, шолг1а – юькъа хьаннаша а, хийла б1еннаш шераш хьалха дуьйна уьш лардинчу лаьмнаша а.

Вай хьахийначу историн хиламех ю нохчийн вевзаш волчу поэтан Арсанукаев Шайхин «Тимуран тур» ц1е йолу стихашкахь повесть. Нохчийн истори евзачарна бевзаш болу и хиламаш Арсанукаев Ш. исбаьхьаллин дешнашца буьйцу. Х1ара произведени ша кхуллуш, авторо шена хьалха х1оттийна 1алашо Астаг1 Тимаран а, нохчийн а вовшашна дуьхь-дуьхьал латтар гайтар хилла ца 1а, цо кхузахь гайтина Нохчийчуьра х1етахьлера политика а, 1ер-дахаран а хьелаш, луларчу къаьмнашца хилла юкъаметтигаш, х1етахьлерачу къизачу хенахь даьхначу адамийн синкхетам .


2.Учебникца болх бар.


( Цкъа хьалха хьехархочо, цул т1аьхьа дешарошка д1адоьшуьйту повестан дакъош)


3.Хаттарш:


- Муьлхачу стихкхолларан барамехь язйина ю «Тимуран тур» поэма? (деадешдекъехь лаьтташ ю дактиль) рифмаш ж1арийн, зударийн

- Драматургин башхаллех муха пайдаоьцу поэто?

- Турпалхойн суртсибат гойтуш муьлхачу исбаьхьаллин г1ирсех пайдаоьцу поэто?

- Автора 1аламан исбаьхьала гойту меттигаш билгалъяха.


4. Дешнаш т1ехь болх.


Пхьаьрчий (пхьу) –боьрша ж1аьла

назбар – г1айба

зов- звон, звук

баьчча- вождь

г1арол-караул,стража

гоьмукъ- копье

чхар – боккха т1улг

йийсар- пленник

г1аг1- кольчуга

боьра-овраг, лощина

гечо- брод

саьнгар- канава; ров.



  1. Кхетарх дуьххьарлера таллам.

  1. Хаттаршна жоьпаш:

–Мила вара «мотт» бахьаш веанарг?

– Х1ун 1алашо йолуш веанера иза?

– Х1ун хьехар дира цо Тимурна?

– Схьабалийна йийсарш мухачу хьолехь бара?

–Мискачу йийсарех х1ун хилира?


  1. Белхан тептарш т1ера кхочушдойту 1-2 т1едахкарш.


  1. Урокан жам1дар


– Мила ву Тимур?

– Бахьана х1ун ду цуьнан Нохчийчу варан?

– Накъостий муха бу Тимуран?

– Дийца царах лаций.


  1. Рефлекси.

Дийца шайн кхиамех лаций.

Суна 1еми…

Суна хии…

Суна кхета хала дара…

Со ца кхийти…

Хаарийн мах хадор. ( Мах дешархошка шайга хадабойту).


VIII. Ц1ахь кхочушдан дезарг. ( Т1едахкарш декъа мегар ду дешархошна).

1.Учебник-хрестомати т1ерачу 1- 6 хаттаршна жоьпаш кечдар.

2. Белхан тептар – 3-4 т1едахкарш.






«Тимуран тур». Айтамиран илли.

1алашонаш: Айтамар мила ву а, повестехь цо д1алоцу меттиг а йовзийтар; проблемни хьал х1отторца дешарна т1е ойла яхийтар; дешархойн ойла а, дагалацам а кхиор; Даймахке болу безам к1аргбар, шорбар.


Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна хаа деза керла девзинарг т1еэца, ешначух лаьцна шайна хетарг ала а, ойла ян а, дуста а; чулацам схьабийца; вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел д1адахьа,1ама беза шайн кхиамаш а, кхачамбацарш а довза, царех пайдаэца.


Хьехаран некъаш: хьехархочун дош, учебникца болх бар, хаттаршца доьзна къамел дар, комментари ярца текст ешар, историх лаьцна йолу аг1онаш таллар.




Урок д1аяхьар


  1. Урокана кечамбар.


II. Ойла т1еерзор.




«Лаьттана го лаьцна

И сийна хIорд санна,

Лаьмнашца го лаьцна

МостагIий ма лаьтта.

Дакъаза ма довла,

ХIай нохчийн ва кIентий,

Доьхначу кху дийнахь

Шу мичахь тийна-техь?

Нуьречу малхана

Го лаьцна дохк санна,

Аренаш дIалаьцна

МостагIий ма лаьтта,

Дакъаза ма довла,

ХIай нохчийн ва кIентий,

Доьхначу кху дийнахь

Шу мичахь тийна-техь?...»


- Хьан эр дара аша, стенах тера хета шуна аса д1адешна мог1анаш? Маца олуш хилла иштта дешнаш?

- Хьанна хаьа шуна, т1амехь илли аларан х1ун маь1на хилла?

- Ас д1адешна мог1анаш «Тимуран тур» ц1е йолчу стихашкахь язйинчу повестан турпалхочун Айтамаран илли юкъара кийсак яра.

- Хьан эр дара аша, стенах лаьцна дийца лерина хир ю вайн таханлера урок?


( Дешархошка шайга урокан 1алашонаш а, декхарш а бигалдохуьйту)



  1. Дешархойн хаарш жигардахар.


Хьехархочо толлу дешархоша ц1ахь кхочушбина белхаш, билгалбоху церан кхиамаш а, кхачамбацарш а.


– Маца веана Тимур Нохчийчу?

–1395-чу шарахь хьаьнца т1ом бо Тимура?

– Олалла маса шарахь до Тимура Къилбаседа Кавказехь?

– Стен г1о до оцу къаьмнашна Тимуран б1о эшо?

– Цу хенахь хиллачу хиламех муьлхачу яздархочо язйина стихашкахь йолу повесть «Тимуран тур»?


  1. Керлачу хаарийн дуьххьара д1алацар.


  1. Хьехархочун дош


Вайн къоман х1ора г1иллакх а, х1ора ламаст а, 1адат а шатайпа институт ю. И чекхъяьккхичий бен, вайх кхоччуш вешан къоман векалш хир дац. Халкъан д1адахнарг хиъчий бен, т1ейог1учу ханна хьекъале т1аьхье кхуьур яц. Цундела, х1ора жайна а керланиг довза, 1ама лаам болуш листа деза вай.

Кхечу къаьмнех къам къастораш а оцу къомо шайн гуранашкахь т1елаьцна г1иллакхаш, 1адаташ ду. Тахана вайна Айтамаран вастехь керла къоман ламаст девзар ду. Боьдуш т1ом болуш, дечиг-пондарца цхьамма патриотически илли олуш хилла. Ткъа цуьнан х1ун маь1на хилла таханлерчу урокехь девзар ду шуна.


2.Учебникца болх бар.


( Цкъа хьалха хьехархочо, цул т1аьхьа дешарошка д1адоьшуьйту повестан дисина дакъош)


3.Хаттарш:


Дешархошца ден къамел.

– Мила ву Айтамар?

– Илли аларан х1ун бахьана ду?

– Баккхийнаш муха бу боху иллино?

– Зударийн, йижарийн, берийн хьал муха ду?

– Х1ун маь1на ду иллин?


  1. Кхетарх дуьххьарлера таллам.


Хаттаршна жоьпаш:


- Шайн дешнашца схьабийца Айтамаран иллин чулацам.

- Оцу илли т1ехь нохчийн къоман поэзица йолу исбаьхьаллин з1енаш карае.

- Поэмехь даладо риторикин хаттарш, схьакараде уьш. Х1ун маь1на леладо цара.

- Поэта юх-юха ялош йолу меттигаш (рефренаш) билгалъяха. Цара х1ун исбаьхьаллин маь1на леладо?

- Т1амехь илли аларан ламаст муха т1еоьцу аша? Вайн къоман муьлха амал гучуйоккху цо?

  1. Белхан тептарш т1ера кхочушдойту 5-7 т1едахкарш.

( Дика хаарш долчу дешархошна дала мегар ду белхан тептар т1ера 8-г1а т1едиллар а).

  1. Урокан жам1дар

– Ала мегар дуй Айтамиран иллино нехан дог-ойла г1аттайо.?

– Х1ун бахьана дара Айтамара и илли ала?

– Муха кхойкху иза Даймохк безачаьрга?


  1. Рефлекси.

Дийца шайн кхиамех лаций.

Суна 1еми…

Суна хии…

Суна кхета хала дара…

Со ца кхийти…

Хаарийн мах хадор. ( Мах дешархошка шайга хадабойту).


  1. Ц1ахь кхочушдан дезарг. ( Т1едахкарш декъа мегар ду дешархошна).


1.Учебник-хрестомати т1ера «хаттарш а, т1едахкарш а» аьлча юкъара 7-14 хаттарна жоьпаш кечде.

( Г1орасиз дешархошна шайна т1едиллар делча дика хир ду).






«Тимуран тур». Борзаб1аьрг а, Эсирин хьуьнар а.


1алашонаш: повестан коьртачу турпалхойн амалш йовзийтар; исбаьхьаллин говзаран таллам (анализ) бан 1амор; проблемни хьал х1отторца дешарна т1е ойла яхийтар; дешархойн къамел кхиор; нохчийн исбаьхьаллин литературе болу безам к1аргбар.


Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна хаа деза керла девзинарг т1еэца, ешначух лаьцна шайна хетарг ала а, ойла ян а, дуста а; чулацам схьабийца; вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел д1адахьа,1ама беза шайн кхиамаш а, кхачамбацарш а довза, царех пайдаэца.


Хьехаран некъаш: хьехархочун дош, учебникца болх бар, хаттаршца доьзна къамел дар, комментари ярца текст ешар, тобанашца болх бар.


Урокана эпиграф: «Барт болчу цицкаша, барт боцу ж1аьлеш эшийна»

(Кица)

Г1ирс: тобанашна кечдина хаттарш т1ехь долу кехаташ, 1амат, тептарш.

Урок д1аяхьар


I. Урокана кечамбар.


  1. Ойла т1еерзор.


- Хьан эр дара аша, бераш, таханлерчу урокана «Барт болчу цицкаша, барт боцу ж1аьлеш эшийна» боху кица х1унда далийна аса эпиграфна? Муха кхета шу цуьнан маь1нех?

- Астаг1чу Тимарца хиллачу т1амехь нохчий толаран бахьана х1ун ду аьлла хета шуна?

- Т1емашкахь дакъалаьцна нохчийн къонаха-зударий бевзий шуна?

Д1адоьшу лахахь далийна мог1анаш:


Мехкан тур Эсирехь! –

Гора Эсира!..

ЙоI, шек ма яла, вай

Отур бу уьш!..

ЙоIах эхь хетта, дой

Юхадерзийра,

Сихонца мостагIех

Летачех уьйш…

- Оцу мог1анашца х1ун гучудолу вайна?

- Мила ю те Эсира?

- Хьан эр дара аша, стенах лаьцна дийца лерина хир ю вайн таханлера урок?

(Дешархошка шайга урокан 1алашонаш а, декхарш а бигалдохуьйту)


III. Дешархойн хаарш жигардахар.

Хьехархочо толлу дешархоша ц1ахь кхочушбина белхаш, билгалбоху церан кхиамаш а, кхачамбацарш а.


Хаттаршна жоьпаш:

– Маца вина Шайхи Арсанукаев?

– «Тимуран тур» ц1е йолу повесть стенах лаьцна ю? Х1ун хан ю цу т1ехь юьйцуш ерг?

– Нохчийн къам муха гайтина повестехь?

– Айтамир мила ву?

– Илли аларан х1ун бахьана ду?

– Баккхийнаш, зударий, бераш муха ду боху иллино?

– Х1ун маь1на ду иллин?


IV. Керлачу хаарийн дуьххьара д1алацар.


1. Хьехархочун дош.

Вайх х1ора а нохчийн истори йовза лууш хила веза. Йовза еза нохчийн турпалхойн ц1ераш, церан къонахалла, турпалалла, амалш. Шен мотт а, литература а, истори а ца евзачу стеган мах кхечу къаьмнашна хьалха а дукха лахара хир бу.

Зударий а хуьлу турпалхой... шайца яхь, къонахалла, доьналла а долуш… Цуьнан масал ду Гиххойн Таймасха а, Дадин Айбика а, 1аьмаран Заза а, Жансиг а иштта д1а кхин а. Кху т1аьхьарчу т1емашкахь а зударийн къонахаллех лаьцна масалш к1езиг дац. Ма-дарра аьлча, зударийн къонахалла йовза т1ом а ца оьшу. Нохчийн оьздачу муьлххачу зудчуьнгахь а йолуш ю и амал.

Ткъа таханлерчу урокехь вайна девзар ду керла васт. Иза Эсира ю. Лаа далийна дац и автора шен говзарехь. Цунна а т1аьхьакхиа хьовсур ду вай.

«Борзаб1аьрг а, Эсирин хьуьнарш а» а аьлла ц1е а х1унда тиллина те кху урокана? И ши ц1е оьшурий те юх-юххе язъян? И дерриг хаа цкъа хьалха дисина дакъош д1адеша деза вай.


2.Учебникца болх бар.


( Цкъа хьалха хьехархочо, цул т1аьхьа дешарошка д1адоьшуьйту повестан дисина дакъош)


3.Хаттарш:


Дешархошца ден къамел.

– Мила ву Борзаб1аьрг?

– Муьлха коьрта амалш гучуевлира шуна цуьнгахь?

– Мила ю Эсира? Муха т1ийци аша цо динарг?

– Х1унда далийна аьлла хета шуна автора Эсирин васт?

– Х1инца ала хуур дарий шуна стен г1о дина нахана Тимуран б1о эшо?


V. Кхетарх дуьххьарлера таллам.


Кхузахь д1абахьа мегар ду тобанашца болх.

Дешархой кхаа декъе боькъий, ц1ераш тохкуьйту шайн тобанашна.

Х1ора тобанна кечдина пхиппа т1едиллар ду:


1-ра тоба:

1. Х1ун 1алашо йолуш кхаьчна Тимур а, цуьнан б1о а Нохчийн лаьмнашка?

2. Х1ун дуьхьалонаш йо Тимуран б1онна нохчаша?

3. Дошаман статья ялае Б1О бохучу дашна.

4. Къизалла бохучу дашна ялае тезис. (Стенах олу КЪИЗАЛЛА).

5. Повестехь къизалла гайтина мог1анаш схьакараде. Д1адеша уьш.


2-г1а тоба:

1. Махкана тешнабехк бан кийчча, ямарта некъ бохьуш Тимурана т1е мила вог1у?

2. Мостаг1ашна дуьхьало ян г1евттинчу нохчашна хьалхабевлларш муьлш бу?

3. Дошаман статья ялае БОЬРА бохучу дашна.

4. Ямартло бохучу дашна ялае тезис. (Стенах олу ЯМАРТЛО).

5. Дийца шайна дукхавезачу турпалхочух лаций.


3-г1а тоба:

  1. Повестан муьлхачу турпалхошкахь гучуелира шуна къонахалла?

  2. Х1ун хьуьнар гойту нохчийн йо1а Эсирас?

  3. Дошаман статья ялале ТУОГ1И бохучу дашна.

  4. Къонахалла бохучу дашна ялае тезис. (Стенах олу КЪОНАХАЛЛА).

  5. Повестан хиламийн план х1оттае.


(Тобанашкахь бинчу белхан мах дешархошка шайга хадабойту).


VI. Урокан жам1дар

– «Тимуран тур» аьлла ц1е х1унда тиллина вай йийцаре йинчу стихашкахь йолчу повестана?

– Тимур мила хилла?

– Повестехь юьйцург х1ун хан-зама ю?

–Тимуран т1емаш нийсо а, къинхетам а, адамалла а лардеш хилла ала мегар дуй?

–Х1унда мегар дац?

– Повестан коьрта маь1на муха ду?


VII. Рефлекси.

Дийца шайн кхиамех лаций.

Суна 1еми…

Суна хии…

Суна кхета хала дара…

Со ца кхийти…

Хаарийн мах хадор. ( Мах дешархошка шайга хадабойту).


VIII. Ц1ахь кхочушдан дезарг. ( Т1едахкарш декъа мегар ду дешархошна).


1.Хасбулатов Ямлиханах лаьцна урок-конференцина кечам бар.

2. Яздархочух презентаци кечъе. (Индивид).



Получите в подарок сайт учителя

Предмет: Прочее

Категория: Уроки

Целевая аудитория: 7 класс.
Урок соответствует ФГОС

Скачать
Урок-конспект по чеченской литературе Арсанукаев Ш. "Тимуран тур" 7 класс

Автор: Хуцурова Тоират Удусовна

Дата: 06.05.2021

Номер свидетельства: 579891


Получите в подарок сайт учителя

Видеоуроки для учителей

Курсы для учителей

ПОЛУЧИТЕ СВИДЕТЕЛЬСТВО МГНОВЕННО

Добавить свою работу

* Свидетельство о публикации выдается БЕСПЛАТНО, СРАЗУ же после добавления Вами Вашей работы на сайт

Удобный поиск материалов для учителей

Проверка свидетельства