Конспект урока по чеченской литературе "Рашидов Ш.Р. Дахар а, кхолларалла а"
Рашидов Шаидан поэтически кхолларалла.
1алашо: Рашидов Шаидан дахар а, кхолларалла а довзийтар. Лирически турпалхочун халкъах, махках йолу ойланаш. Даймахках йолу поэтан ойла гайтар, цуьнга болу безам кхиор, шорбар. «Пондар боьлху» стихотворени.
Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна хаа деза къастош еша, шаьш ешначух кхета, хиндолчу г1уллакхан прогноз ян; шайн белхан план х1отто, цу планан рог1аллехь болх бан, вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел д1адахьа, 1ама беза шайн кхиамаш а, кхачамбацарш а довза, царех пайдаэца.
Хьехаран некъаш: къастош ешар, хаттаршца доьзна къамелдар, хьехархочун комментареш, стихотворенин анализ яран кепаш.
Гайтаман г1ирс: презентаци, яздархочун сурт, йозан у, интерактивни у.
Урокана эпиграф «Вина мохк мазал а мерза бу».
Урок д1аяхьар
I.Урокана кечамбар.
Маршалла хаттар, урокана оьшу г1ирс кечбар, класса чохь верг-воцург билгал а воккхуш, журнал т1ехь болх бар.
II. Ойла т1еерзор. Эпиграфна далийначу дешнийн маь1на дастийтарца йолайо урок.
-Х1ун хаьа шуна яздархочун Рашидов Шаидан дахарх лаьцна?
-Цуьнан произведенийн коьрта теманаш муьлхарниш ю?
-Хьанах лаьцна хир ду вайн къамел тахана?
Хьехархочун дош
1940-чу шеран 15-чу ноябрехь Гуьмсан к1оштачу Энгель эвлахь дуьненчу ваьлла нохчийн поэт Рашидов Шаид. Къизачу дажаллийн къаза кхел бахьанехь, бераллин мерза мур хийрачу г1ирг1азойн махкахь чекхбаккха бийзира хинволчу поэтан. 1957-чу шарахь дуьйна вехаш 1аш ву ша винчу юьртахь. Чекхъяьккхина хьехархойн институт. Дуккха а шерашкахь белхаш бина къона т1аьхье кхетош-кхиоран хьаьмахь: хьехархо, школан директор, Гуьмса к1оштан дешаран декъан куьйгалхо волуш.
Стихаш язъян волавелла 6-чу классехь доьшуш волуш дуьйна. Дуьххара нохчийн маттахь язйина стихотворении цо гойту Мамакаев Мохьмадана.
60-чу шерийн юьххье поэзиезархоша тидам т1ебохуьйту газетийн, «Орга» альманахан аг1онаш т1ехь гучуюьйлучу цуьнан стихашна. 1968 шарахь дуьйна, цхьаъ вукхунна т1аьхьа араюьйлу Ш. Рашидовн стихаш, поэмийн сборникаш: «Гуьйренан юьхь»-1968-г1а шо, «Седарчийн буьса»-1971, «Ломара ц1е»-1979, «Дахаран аре»-1990, «Ненан б1аьрхиш»-1995.
Кхаа дашца Шаидан поэзии билгалъяккха езаш хилча, далор дара Даймохк, Нана, Безам боху дешнаш.
Баркалла боху ас, илланча варна,
Оьздаллех, г1иллакхах цкъа а ца юхуш,
Дера дош ас аларх, сан т1алам барна,
Оьг1азе жоп дела юха ца тухуш.
Х1окху стихотворенехь а, кхечу байташ т1ехь а, поэта юьйцург нохчийн оьзда зуда ю. Уьш бу нохчийн зударий, хилла халкъ ийман чохь, оьзда а латтийнарш.
Нохчийн зударийн оьздангалла, церан ц1ийца болу сий-ларам, церан синошца йолу йовхо, цара ларбеш болу нохчийн кхерч-уьш ю Шаидан кхоллараллехь коьртачарех теманаш. 1аламат дукха нене болу безам, иза д1аяьлча хуьлуш болчу хорамах лаьцна яхйина стихотворенеш: «Ненах дош», «Ненан мотт», «Ненах дош», «Турпалхой нана», «Нана ю йоьлхуш», «Ма елха хьо, нана». Хетарехь, поэт ненах марзо эца кхиъначух тера дац, дукха жима волуш кхелхина цуьнан нана.
Нана, хьо-м д1аяха й1еххьана яьлла.
«Со йоьду я юьсу!»-йистхилар доцуш.
Тхо байлахь дисина, шийла мох баьлла,
Б1аьстенан хазалла дегнашкахь отуш.
Цуьнан мог1арера болчу поэтийн цхьанне а йоцчу кепара шуьйра а, к1орга а ю Рашидов Шаидан кхоллараллехь 1944-чу шеран 23-чу февралехь нохчийн халкъ куьг хьаьккхина кхечу махкашка д1адохоран тема. И чов даима а лозуш ю поэтан кхетамехь, цунна ша бер долуш шена хьалха лаьттина халкъо лайна баланаш, цуьнца латтийна къизалла цкъа йиц ца ло.
Кхойтта шо, кхойтта шо зама,
Пхи эзар сов 1аьржа де,
Б1еэзар сой 1аьржа бала,
Кхин цхьанна мА бойла т1е.
Т1ахьарчу итт-ткъа шарахь шолг1а хууш бу Рашидов Шаидана а, цуьнан мог1арера болчу нахана а нохчийн халкъана а, Нохчийчоьнна а т1ех1оьттиначу балин къаьхьа чам. Цундела бу цуьнан т1аьхьарчу шерашкахь кхоллаеллачу поэзин чулацам к1орггера граждански дог-ойла йолуш.
Ч1ог1а чулацаме ю Шаидан «Пондар боьлху» ц1е йолу стихотворени. Цо дуьйцу адамашна хетарг к1езиг хуьлуш йолчу заманах лаьцна. Хийла дагахь доцург хуьлий «деган пхенаш хьийзадеш, тухий лаьтта кийра вуьллий, юха воккху стеглане».
Пондар боьлху, пондар тийжа,
Цуьнца тийжа, воьлху со.
Кийра 1ийжа, кийра 1ийжа,-
Стеган дахар доца го.
3. Учебникца болх бар.
(Цкъа хьалха хьехархочо, цул т1аьхьа дешарошка д1адоьшуьйту «Ненах дош», «Ненан мотт», «Ненах дош», «Турпалхой нана», «Нана ю йоьлхуш», «Ма елха хьо, нана» ц1е йолу стихотворенеш)
Кхетарх дуьххьарлера таллам.
Хаттаршна жоьпаш:
1. Муха д1адахана хинволчу яздархочун бералла?
2. Дийца Рашидов Шаидан дешарх лаций.
3. Муха чулацам болуш яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш?
4. Стенах лаьцна дуьйцу стихихотвренеш т1ехь?
5. Даста стихотворенин коьрта маь1на.
Белхан тептарш т1ера кхочушдойту 1-2 т1едахкарш.
Урокан жам1дар
-Мила ву Рашидов Шаид?
-Шен стихотворенешкахь муха гайтина Шаида нохчийн зудчун васт?
-Т1ахьарчу итт-ткъа шарахь Нохчийчохь х1оттинчу балех лаьцна муха яздо поэта?
-Х1ун ду цо, поэта вайга бохург «Нохчийчоь еттало» (шайн мехкан дай хила, нохчийн къоман барт хила беза).
Рефлекси.
Дийца шайн кхиамех лаций.
Суна 1еми…
Суна хии…
Суна кхета хала дара…
Со ца кхийти…
Хаарийн мах хадор. (Мах дешархошка шайга хадабойту).
8. Ц1ахь кхочушдан дезарг. (Т1едахкарш декъа мегар ду дешархошна).
1.Учебник-хрестомати т1ерачу 457 аг1он т1ерачу хаттаршна жоьпаш кечдар.
2. Белхан тептар – 3-4 т1едахкарш.