25.11.17 нохчийн мотт 6 класс
Урокан цIе: Терахьдешнийн тайпанаш. Масаллин терахьдешнаш.
Доккха дакъа д1алоцу терахьдешнаша вайн дахарехь.
Ц1ийнан бух боттале уггаре хьалха хьесап до муьлхачу барамехь дан деза и, хIунда аьлча, цуьнца доьзна ду цуьнан тхов нисбалар.
Хьалха заманахь, вайнахана йоза – дешар ца хуучу хенахь, хьесап дар иштта хилла:
«Бода беанчу шарахь». «Хьаьжк1аш хьокхучу хенахь».
Стагана ша вина шо, де я цхьа хилам хилла зама билгалъян хала дара. Амма йоза - дешар, терахьаш хааро вайн дахар хийцина.
Терахьдашо масалла я дагардаран рог1алла гойту. Шайн маь1не диллича, терахьдешнаш масаллин а, рог1аллин а хуьлу.
Оьрсийн маттахь масаллин – количественное, рог1аллин – порядковое числительное ду.
Х1уманийн масалла а гойтуш, маса? бохучу хаттарна жоп луш дерш масаллин терахьдешнаш ду:
Х1етал-метал хаийла шуна: цхьана куйна к1елахь волу виъ (маса?)??? ваша.
И дара нийсса пхийтта (маса?) шо хьалха.
Масаллин терахьдешнаш лааме а, лаамаза а хуьлу.
Масала:
Исс 1аж, кхойтта шо, ткъе пхиъ дешархо – лаамазанаш;
вурх1итта, эзар исс б1е шовзткъе шиъ – лааменаш.
Масаллин терахьдешнаш декъало х1окху тайпанашка:
Декъаран маь1на а долуш, мас – маса? бохучу хаттаршна жоп луш дерш декъаран терахьдешнаш ду:
шишша, исс-исс;
2) Юьйцуш йолу х1уманаш ерриге юкъа а лоцуш, хуттургаца лелаш дерш гулдаран терахьдешнаш ду:
ший а, итте а;
3) Дакъош а гойтуш, маса? мосалг1а? бохучу хаттарна жоп луш дерш дакъойн терахьдешнаш ду:
Кхоъ- доьалг1а, шиъ - уьтталг1а;
4) Эцаран терахьдешнаша мосазза? бохучу хаттарна жоп ло, -зза, -азза суффиксийн г1оьнца кхоллало уьш:
Пхиъ-пхоьазза, шиъ-шозза;
5) Билгалза – масаллин терахьдешнаша масалла юьззина билгал ца йо:
кхо-диъ сом, кхойтт-бейтта стогар.
------------
Пхеа тайпана терахьдешнаш юкъа а лоцуш, цхьацца предложени х1отто хьовсур ду вай шуьца:
1) Тхан классера дешархой шишша (мас-маса?) д1ах1иттира. - (декъаран);
2) Ворх1е а (маса?) доьзалхо веанера нана декъалъян. – (гулдаран);
3) Диъ-пхоьалг1аниг (мас-масалг1аниг?) шинна декъча, кхочур ду шиъ-пхоьалг1аниг (мас-масалг1аниг?);
4) Шозза шиъ диъ ду. (эцаран);
5) Кхо – виъ (мел?) стаг вара пхьоьханехь лаьтташ. - (билгалза– масаллин);
Диъ а, деаннах схьадевллачу масаллин терахьдешнийн классан гайтам хуьлу, и гайтам оцу терахьдашца долчу ц1ердашан классе хьаьжжина хийцало:
Масала:
виъ стаг виъ к1ант
йиъ йо1 йиъ нана
диъ ц1а диъ кехат
биъ ког биъ мог1а
Шайца классан гайтам болчу масаллин терахьдешнех хиллачу рог1аллин терахьдешанийн классан гайтам ша ма - хиллара буьсу:
Масаллин Рог1аллин
виъ стаг - воьалг1а стаг
йиъ йо1 - йоьалг1а йо1
диъ ц1а - доьалг1а ц1а
биъ ког - боьалг1а ког
---------
1амийнарг т1еч1аг1деш, иштта т1едилларш кхочушдийр ду вай:
Дешнийн ч1аг1деллачу цхьаьнакхетаршкахь долу терахьдешнашна к1ел сиз хьокхуш, дийца, х1ун тайпа терахьдешнаш ду уьш.
Слайд:
Ворх1е ден т1ера схьа. Пхиъ х1оьттина. Пхи п1елг санна. Цхьа ког юха ца вала. Цхьа – ши дош ала. Шолг1а пхийттара вала. Шина даггахь.
Т1едиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза.
Ворх1е (гулдаран) ду;
Пхиъ (масаллин) терахьдош ду;
Пхи (масаллин) ду;
Цхьа (масаллин) терахьдош;
Цхьа – ши (билгалза-масаллин);
Шолг1а (рог1аллин) терахьдош;
Шина (масаллин);
Х1инца х1окху предложенешкара масаллин терахьдешнаш, шайца уьйр йолчу ц1ердешнашца цхьаьна, билгалдаха хьовса деза вай.
1уьйранна шайн кора к1елахь, шелделла г1орийна ши хьоза гира Рамзанна. Диъ сахьт даьлчахьана, цхьа адам дац урамновкъахь гуш. 1уьйранна, исс сахьт даьлча, школехь хила дезара тхан.
Т1едилларца шу нийса ларийнехь иштта хила деза.
Слайд:
1уьйранна шайн кора к1елахь, шелделла г1орийна ши хьоза гира Рамзанна. Диъ сахьт даьлчахьана, цхьа а адам дац урамновкъахь гуш. 1уьйранна, исс сахьт даьлча, школехь хила дезара тхан.
Кхузахь вай билгалдаьхна масаллин терахьдешнаш, ц1ердешнашца цхьаьна.
--------
Вайн маттахь терахьдешнашца ца лелаш ц1ердешнаш а ду.
Слайд
Даьтта, шура, моз;
(ши кийла даьтта, ши ведар шура, ши банка моз).
Тахана вай дийци терахьдешнийн тайпанех а. масаллин терахьдешнех а, иштта муьлха терахьдешнаш хийцало классашца а.
Тест.
Маса? бохучу хаттарна жоп луш долу дешнаш муьлхачу мог1арехь ду?
Къаьхьа, ирча, чехка.
Гуьйре, буьйса, де.
Шиъ, б1е, эзар.
2.Муьлхачу предложенехь ду масаллин терахьдош?
Ши мача яра не1арехь.
Вайна йоьлуш йог1у б1аьсте.
Барт болччохь соцу беркат.
3. Муьлха терахьдош а, цунах схьадевлла терахьдешнаш а хийцало классашца?
Шозза, итт, пхиъ.
Диъ, вейтта, езткъе пхиъ.
Ч1ог1а, 1аьржа, серло.
4.Муьлхачу къамелан декъаца уьйр ю масаллин терахьдешан?
Ц1ердашца
Хандашца
Билгалдашца
Тренажер
Стенах олу терахьдош?
Х1уманан билгало гойтучух
Дар я хилар гойтучух
Хуманан масалла, рог1алла гойтучух
2.Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло терахьдашо?
Мила? Х1ун?
Маса? Масалг1а?
Х1ун до? Х1ун дийр ду?
3. Муьлхачу къамелан декъаца уьйр хуьлу терахьдешан?
Билгалдашца
Хандашца
Ц1ердашца