Тест «Нийсаниг харжар» 5 класс Предложенин цхьанатайпанара меженаш
1. Предложенин цхьанатайпанара меженаш олу: а) цхьана хаттарна жоп луш елахь; б) цхьа орамах кхоллаелла елахь; в) ц1ердашах кхоллаелла елахь.
Просмотр содержимого документа
«Тест по чеченскому языку «Нийсаниг харжар» 5 класс»
Тест «Нийсаниг харжар» 5 класс Предложенин цхьанатайпанара меженаш
1. Предложенин цхьанатайпанара меженаш олу: а) цхьана хаттарна жоп луш елахь; б) цхьа орамах кхоллаелла елахь; в) ц1ердашах кхоллаелла елахь.
2. Цхьанатайпанара меженаш йозуш хуьлу : а) кхаа дашах; б) цхьана дашах; в) шина дашах .
3. Цхьанатайпанарчу меженашца хуьлу: а) юкъадало дош; б) чолхе дош; в) юкъара дош.
4. Юкъарчу дашна хьалха тире юьллу : а) цхьанатайпанарчу меженашна т1ехьа делахь; б) цхьанатайпанарчу меженашна юккъехь делахь; в) цхьанатайпанарчу меженашна хьалха делахь.
5. Цхьанатайпанарчу меженашкахь хуьлу: а) дакъалгаш; б) хуттургаш ; в) маь1алгаш.
6. Юкъарчу дашна т1ехьа шит1адам буьллу: а) цхьанатайпанарчу меженашна т1ехьа делахь; б) цхьанатайпанарчу меженашна хьалха делахь; в) цхьанатайпанарчу меженашна юккъехь делахь.
7.Х1ара дешнаш цхьанатайпана меженаш ю : а) олхазарш,тептар,сурсат; б) кехат, яздора , дешар; в) шело, генахь,меллаша.
8. Цхьанатайпанарчу меженашкахь ц1оьмалг ца юьллу: а) т1аьххьарчу хуттургана т1ехьа; б) хьалхарчу хуттургана т1ехьа ;
в) юккъерчу хуттургана хьалха.
9.Цхьанатайпанчу меженашкахь хьаьркаш нийса ца ехкина: а) Тетрадь,къолам, альбом эцна аса; б) Ц1ахь кхобу дийнаташ – етт,говр,сту; в) Белхан г1ирсаш: херх, ж1ов, диг, сто .
10. Цхьанатайпанара меженаш – сказуемеш ду: а) г1аьтти, хьехна, лаьцнера, доьшура; б) наьрс, хох, семарсекх, хорбаз,ж1онк; в) вешин,юьртан,школан, дешархочун.
Дог1анаш (ключи):
1. а
2. б
3. в
4. а
5. б
6. б
7. а
8. а
9. б
10. а