kopilkaurokov.ru - сайт для учителей

Создайте Ваш сайт учителя Курсы ПК и ППК Видеоуроки Олимпиады Вебинары для учителей

Призе

Нажмите, чтобы узнать подробности

Нохчийн меттан урок. Класс-5 «А». Терахь-04.12.2014. Хьехархо:Момуева Хеди Даутовна Урокан ц1е: Й элпан маь1на 1алашонаш: 1аморан: 1. Хаа деза, нохчийн маттахь элп й масех маь1нехь лелар а, цуьнан нийсаяздаран бакъонаш а. Кхиаран: 1.Дешархойн дагалацам а, ойла а кхиор; 2.Шайн маттахь долу керла дешнаш довза хьашт хилар ч1аг1дар; Кхетош-кхиоран: 1. Нохчийн меттан хазалла, цуьнан марзо дешархошна йовзийтар, берийн нохчийн матте безам кхиор; 2.Шен мехкан 1аламе безам кхиор. Урокан тайпа - хаарш шордаран, кхиоран, тIечIагIдаран урок; Урок д1аяхьар. I. Ц1ахь бина болх таллар. 1. Уьна т1е д1аяздо ц1ахь фонетически къастам бина х1ора дош. 2. Дешархошка дуьйцуьйту, маса мукъа аз а, элп а ду нохчийн маттахь, муха къастадо уьш вовшех. 3. Муьлхачу мукъачу элпаша билгалдо ши аз? Цунах лаций дийца, уьн т1е масалш д1а а яздеш. 4. Ё яздой нохчийн дешнашкахь? II. 1амийнарг карладаккхар а, т1еч1аг1дар а. Тесташца болх бо. Тесташ (хаарш-зиэраш) 1).Иччархо бохучу дашехь а) аьзнаш, элпаш цхьатерра ду; аь) элпаш аьзнел дукха ду б) аьзнаш элпел дукха ду. 2). Балл бохучу дашехь а) 4 аз ду; аь) 3 аз ду; б) 1 аз ду. 3) Таллархо дашехь а)4 зевне,1 къора мукъаза аз ду; б)2 зевне,3 къора мукъаза аз ду; в)2 зевне,2 къора мукъаза аз ду; 4)Хьехархо дашехь а) 7 элп,7 аз ду; аь) 7элп ,9 аз ду; б) 7 элп,8 аз ду. Жоп: 1-а, 2-аь, 3-в, 4-б Ичархуо, бал, талархуо, хьиэхархуо Дешнийн диктант. Кехат, сурт, балл, амалт, мутт, дитт, етт, ас, исс, йис, кхес, наьрс, пхьарс, к1удал, к1ужал, масал, москал, хьал, иччархо, бепиг, таллархо, бат, мотт. - Дийца амалт бохучу дешан лексически маь1на. Учебникан дошам т1ехь лаха и дош. Иза юкъахь до¬луш х1оттае предложени. III. Керла коьчал йовзийтар. Стенах тера ду элп Шина уьнна т1ехула Пурх т1етоьхна кхоалг1а. Цу т1ехула полла хьаьвзи, Хьажал хьайна и элп девзий. Дог1у дош ала: Чохь ша бина дохарх шиша, Хьо ма елха,жима … Бабин куча т1ехь ю гома К1адийнан латийна ... Дешархошка йоьшуьйту 31-г1а §. Царна хала хир дац аьлла хета, нохчийн маттахь й элп массо а маь1нехь леларх кхета. 1. Х1ора й элп долчу маь1нина даладо масалш, тетрадаш а, уьна т1е а д1аяздеш: а) йол, йогу, йовза: б) т1ай, гай, сай; в) кийча, сийца, вог1ийца; г) 1ежашший, кхорашший, баьллашший (1ежаш а, кхораш а, баьллаш а); д) хьехархо - хьехархой, таллархо - таллархой, оьрси - оьрсий. 3. Х1етал-металш Буьйса еъна, бода боьлча, стиглахь лепа… Х1ума йиъна, дуьзча гай т1емолуш ду мерза … Дешнаш т1ехь болх бар а, т1еч1аг1дар а. Учебник т1ерачу кхетаман дошам т1ера уьна а, тетрадаш т1е а схьаязде й бохучу элпаца д1адолалуш долу дешнаш, цу т1ехь ма-дарра дийца й элпан маь1на. 1. И дешнаш юкъадалош х1иттае предложенеш. 2. Й элп юкъадог1учу шина дашна бе фонетиче¬ски къастам. Ке п: а) Керлачу ц1енош чу баьхкина лулахой йийбарш д1анисъеш бара. б) Йийбарш - хьалха лаьттачу й элпан - мукъа аз билгалдоккху маь1на ду; шоллаг1а й элп - деха мукъачу озехь озоран хьаьрк хилла лела. в) йийбарш - йий - барш й - [й] - мукъаза, зевне, и - [и] - мукъа й - [й] - мукъаза, зевне, б - [б] - мукъаза, зевне, ч1ог1а, а - [а] - мукъа, р - [р] - мукъаза, зевне, ч1ог1а, ш - [ш] - мукъаза, къора, ч1ог1а. 7элп, 7 аз. 1амийнарг т1еч1аг1дар 1. Асланбек а, Пет1амат а, Хьасан а районни олимпиадехь бара. - Д1аязъе х1ара предложени тетрадаш т1е. - Бе цунна ситаксически къастам. - Маса подлежащи ду кхузахь? Х1ун олу и санна йолчу предложенин меженех? - Муьлха сацаран хьаьркаш ехкина цаьрца? Интонаци муха ю цхьанатайпана подлежащеш олуш? - Предложенина юкъара подлежащеш хийца, чаккхенгахь дозаран хуттурган маь1на леладеш долу й элп т1е а тохий. Д1аязъе иза. Интонацица еша. Й элпана буха сиз хьакха. Дешархоша шаьш болх бар. 1. Кхочушдо 150-г1а шардар. 2.Й элпах туьйра. 3.Физминот.Оха язди, дукха язди, йозано тхан п1елгаш к1адди. П1елгаш,1адда ма 1елаш, Хьалхий-т1аьхьий идалаш. Кхийса-кхийса-кхийсалуш, Ида ,ида, к1ад ца луш. Мохо бецаш лестайо, Д1а а, схьа а техкайо. П1елгаш, мохах шу ма кхера, Ловза лелхаш шайн сакъера. Самукъане байт: Ирча йоза К1ентан йоза хаза дац, Цхьа а мог1а нийса бац. Мог1а бохош «йома» ю. Наггахь элпаш 1ункар ду. Боху к1анта: «Бехк сан бац, Х1ара ручка дика яц. Хаза яздан ца вуьту. Г1алат цо со волуьйту». К1ант,ахь ручкан бехк ма бе, Иза хуьйцуш зе ма де. Хила гуттар къахьоьгуш Йоза нислур ду хьоьга. Тидаме дуй те шу? Дешнаш даладе й элп хьалха юккъехь,чаккхенгахь долуш. Фонетически къастам бе муьлххачу а кхаа дашна. IV. Ц1zахь бан болх. 1. 1амае 31-г1а §. 2. Кхочушде 151-г1а шардар.
Вы уже знаете о суперспособностях современного учителя?
Тратить минимум сил на подготовку и проведение уроков.
Быстро и объективно проверять знания учащихся.
Сделать изучение нового материала максимально понятным.
Избавить себя от подбора заданий и их проверки после уроков.
Наладить дисциплину на своих уроках.
Получить возможность работать творчески.

Просмотр содержимого документа
«призе »

Нохчийн мотт 5 класс

Нохчийн мотт

5 класс

1алашонаш: 1аморан : 1. Хаа деза, нохчийн маттахь элп й масех маь1нехь лелар а, цуьнан нийсаяздаран бакъонаш а.    Кхиаран: 1.Дешархойн дагалацам а, ойла а кхиор;  2.Шайн маттахь долу керла дешнаш довза  хьашт хилар ч1аг1дар; Кхетош-кхиоран: 1. Нохчийн меттан хазалла, цуьнан  марзо дешархошна йовзийтар, берийн  нохчийн матте безам кхиор;  2.Шен мехкан 1аламе безам кхиор.

1алашонаш:

  • 1аморан : 1. Хаа деза, нохчийн маттахь элп й масех маь1нехь лелар а, цуьнан нийсаяздаран бакъонаш а.

 

  • Кхиаран: 1.Дешархойн дагалацам а, ойла а кхиор;

2.Шайн маттахь долу керла дешнаш довза

хьашт хилар ч1аг1дар;

  • Кхетош-кхиоран: 1. Нохчийн меттан хазалла, цуьнан

марзо дешархошна йовзийтар, берийн

нохчийн матте безам кхиор;

2.Шен мехкан 1аламе безам кхиор.

Урокан тайпа      Хаарш шордаран, кхиоран, тIечIагIдаран урок;  

Урокан тайпа  

Хаарш шордаран, кхиоран, тIечIагIдаран урок;

 

Стенах тера ду элп Шина уьнна т1ехула Пурх т1етоьхна кхоалг1а. Цу т1ехула полла хьаьвзи, Хьажал хьайна и элп девзий.

Стенах тера ду элп

Шина уьнна т1ехула

Пурх т1етоьхна кхоалг1а.

Цу т1ехула полла хьаьвзи,

Хьажал хьайна и элп девзий.

Дог1у дош ала Чохь ша бина дохарх шиша, Хьо ма елха,жима … Бабин куча т1ехь ю гома К1адийнан латийна ...

Дог1у дош ала

Чохь ша бина дохарх шиша,

Хьо ма елха,жима …

Бабин куча т1ехь ю гома

К1адийнан латийна ...

Й элпан маь1на 1.Мукъа аз билгалдо- йол, йогу, йовза … 2.Ах мукъа аз хуьлу- т1ай, гай, сай … 3.Деха мукъачу озехь озоран хьаьрк хуьлу- кийча, сийца, вог1ийца … 4.Дозаран хуттурган маь1нехь лела- 1ежа шш ий, кхора шш ий, баьлла шш ий (1ежаш а, кхораш а, баьллаш а) 5.Дукхаллин терахьан маь1на кхуллу- хьехархо - хьехархой, таллархо - таллархой, оьрси - оьрсий

Й элпан маь1на

1.Мукъа аз билгалдо- йол, йогу, йовза

2.Ах мукъа аз хуьлу- т1ай, гай, сай

3.Деха мукъачу озехь озоран хьаьрк хуьлу-

кийча, сийца, вог1ийца

4.Дозаран хуттурган маь1нехь лела-

1ежа шш ий, кхора шш ий, баьлла шш ий (1ежаш а, кхораш а, баьллаш а)

5.Дукхаллин терахьан маь1на кхуллу-

хьехархо - хьехархой, таллархо - таллархой,

оьрси - оьрсий

Х1етал-металш Буьйса еъна, бода боьлча стиглахь лепа…

Х1етал-металш

Буьйса еъна,

бода боьлча стиглахь лепа…

Х1ума йиъна, дуьзча гай т1емолуш ду мерза …

Х1ума йиъна, дуьзча гай

т1емолуш ду мерза …

Й элпаца дуьйлало дешнаш

Й элпаца дуьйлало дешнаш

Шардар 150-г1а Схьаязде шайца й элп долу дешнаш. Х1ун маь1на ду й элпан?

Шардар 150-г1а

Схьаязде шайца й элп долу дешнаш.

Х1ун маь1на ду й элпан?

Шардар 150 –г1а Йог1а, йол, йоза, йошу, йоьза, йочана, йоькхана, йо1, йовлакх, йовхо, йохъелла,  йиша, шай, баймакх, хийцам, Хедий, Мархий, тайпа

Шардар 150 –г1а

Йог1а, йол, йоза, йошу, йоьза, йочана,

йоькхана, йо1, йовлакх, йовхо, йохъелла,

йиша, шай, баймакх,

хийцам, Хедий, Мархий, тайпа

Оха язди,дукха язди,  йозано тхан п1елгаш к1адди. П1елгаш,1адда ма 1елаш, Хьалхий-т1аьхьий идалаш. Кхийса-кхийса-кхийсалуш, Ида ,ида, к1ад ца луш. Мохо бецаш лестайо, Д1а а,схьа а техкайо. П1елгаш,мохах шу ма кхера, Ловза лелхаш шайн сакъера.

Оха язди,дукха язди,

йозано тхан п1елгаш к1адди.

П1елгаш,1адда ма 1елаш,

Хьалхий-т1аьхьий идалаш.

Кхийса-кхийса-кхийсалуш,

Ида ,ида, к1ад ца луш.

Мохо бецаш лестайо,

Д1а а,схьа а техкайо.

П1елгаш,мохах шу ма кхера,

Ловза лелхаш шайн сакъера.

Самукъане байт Ирча йоза К1ентан йоза хаза дац, Цхьа а мог1а нийса бац. Мог1а бохош «йома» ю.  Наггахь элпаш 1ункар ду.  Боху к1анта: «Бехк сан бац,  Х1ара ручка дика яц.  Хаза яздан ца вуьту.  Г1алат цо со волуьйту».  К1ант,ахь ручкан бехк ма бе,  Иза хуьйцуш зе ма де.  Хила гуттар къахьоьгуш  Йоза нислур ду хьоьга .

Самукъане байт

  • Ирча йоза

К1ентан йоза хаза дац,

Цхьа а мог1а нийса бац.

Мог1а бохош «йома» ю.

Наггахь элпаш 1ункар ду.

Боху к1анта: «Бехк сан бац,

Х1ара ручка дика яц.

Хаза яздан ца вуьту.

Г1алат цо со волуьйту».

К1ант,ахь ручкан бехк ма бе,

Иза хуьйцуш зе ма де.

Хила гуттар къахьоьгуш

Йоза нислур ду хьоьга .

1.Йома,йиша,йоза,йо1,йиш,йогурт,йокъа,йол… 2.жайна,майда,тайниг,з1ийдиг,туьйдарг,г1айракх, байракх… 3.Куй, дуй,нуй,вай,суй,сий,ц1ий,бай,дай…

1.Йома,йиша,йоза,йо1,йиш,йогурт,йокъа,йол…

2.жайна,майда,тайниг,з1ийдиг,туьйдарг,г1айракх, байракх…

3.Куй, дуй,нуй,вай,суй,сий,ц1ий,бай,дай…

Презентаци х1оттийнарг: Соьлжа-г1алин №7 йолчу гимназин нохчийн меттан,литературан хьехархо Момуева Хеди Даутовна

Презентаци х1оттийнарг:

Соьлжа-г1алин №7 йолчу гимназин

нохчийн меттан,литературан хьехархо

Момуева Хеди Даутовна

Баркалла

Баркалла


Получите в подарок сайт учителя

Предмет: Прочее

Категория: Презентации

Целевая аудитория: 5 класс.
Урок соответствует ФГОС

Скачать
призе

Автор: Момуева Хеди Даутовна

Дата: 04.12.2014

Номер свидетельства: 139363

Похожие файлы

object(ArrayObject)#853 (1) {
  ["storage":"ArrayObject":private] => array(6) {
    ["title"] => string(120) "Сценарий спортивного праздника на призы деда Мороза и Снегурочки"
    ["seo_title"] => string(71) "stsienarii-sportivnogho-prazdnika-na-prizy-dieda-moroza-i-snieghurochki"
    ["file_id"] => string(6) "267545"
    ["category_seo"] => string(10) "fizkultura"
    ["subcategory_seo"] => string(12) "meropriyatia"
    ["date"] => string(10) "1450384510"
  }
}
object(ArrayObject)#875 (1) {
  ["storage":"ArrayObject":private] => array(6) {
    ["title"] => string(69) ""Молитвенный призыв к любви и доброте""
    ["seo_title"] => string(34) "molitviennyiprizyvkliubviidobrotie"
    ["file_id"] => string(6) "337192"
    ["category_seo"] => string(10) "vneurochka"
    ["subcategory_seo"] => string(12) "meropriyatia"
    ["date"] => string(10) "1468077764"
  }
}
object(ArrayObject)#853 (1) {
  ["storage":"ArrayObject":private] => array(6) {
    ["title"] => string(69) ""Молитвенный призыв к любви и доброте""
    ["seo_title"] => string(35) "molitviennyiprizyvkliubviidobrotie1"
    ["file_id"] => string(6) "337193"
    ["category_seo"] => string(10) "vneurochka"
    ["subcategory_seo"] => string(12) "meropriyatia"
    ["date"] => string(10) "1468077771"
  }
}
object(ArrayObject)#875 (1) {
  ["storage":"ArrayObject":private] => array(6) {
    ["title"] => string(71) "Весёлые старты на приз "Новогодний шар""
    ["seo_title"] => string(42) "viesiolyie_starty_na_priz_novoghodnii_shar"
    ["file_id"] => string(6) "368863"
    ["category_seo"] => string(10) "fizkultura"
    ["subcategory_seo"] => string(12) "meropriyatia"
    ["date"] => string(10) "1481556812"
  }
}
object(ArrayObject)#853 (1) {
  ["storage":"ArrayObject":private] => array(6) {
    ["title"] => string(39) "?ош келді?, Жа?а 2016 жыл!"
    ["seo_title"] => string(25) "koshkieldinzhana2016zhyl2"
    ["file_id"] => string(6) "272179"
    ["category_seo"] => string(10) "vneurochka"
    ["subcategory_seo"] => string(12) "meropriyatia"
    ["date"] => string(10) "1451916742"
  }
}


Получите в подарок сайт учителя

Видеоуроки для учителей

Курсы для учителей

ПОЛУЧИТЕ СВИДЕТЕЛЬСТВО МГНОВЕННО

Добавить свою работу

* Свидетельство о публикации выдается БЕСПЛАТНО, СРАЗУ же после добавления Вами Вашей работы на сайт

Удобный поиск материалов для учителей

Проверка свидетельства