kopilkaurokov.ru - сайт для учителей

Создайте Ваш сайт учителя Курсы ПК и ППК Видеоуроки Олимпиады Вебинары для учителей

Презентация на тему: "Саидов Билалан «Вина юрт» стихотворени"

Нажмите, чтобы узнать подробности

кхеторан:  «Вина юрт» дийцаран чулацам бовзар; байтан анализ ян хаар шардар, исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсаш билгалбаха а  хаар; говзаран коьрта маь1на даккха хаар( 1амар).

Вы уже знаете о суперспособностях современного учителя?
Тратить минимум сил на подготовку и проведение уроков.
Быстро и объективно проверять знания учащихся.
Сделать изучение нового материала максимально понятным.
Избавить себя от подбора заданий и их проверки после уроков.
Наладить дисциплину на своих уроках.
Получить возможность работать творчески.

Просмотр содержимого документа
«Презентация на тему: "Саидов Билалан «Вина юрт» стихотворени"»

Марша дог1ийла!

Марша дог1ийла!

Саидов Билал   «Хьайн ненан мотт хаахь, дозалла ас до хьох …»

Саидов Билал

«Хьайн ненан мотт хаахь, дозалла ас до хьох …»

Йиллина урок

Йиллина урок

  • Предмет : нохчийн литература
  • Класс: 7 «В»
  • Хьехархо: Магамадова Резида (1елин йо1)
  • Тема: Саидов Билалан «Вина юрт» стихотворени.
  • Урокан тайпа: керла хаарш довзийтаран.
  • Урокан белхан некъ: къамел дар, 1аматца болх бар (байтан анализ яр), кхоллараллин болх бар.
  • Урокан белхан кеп: шаьш-шаьш а (хаттаршца), тобанашкахь а болх бар; проект яр.
Урокан 1алашонаш: Предметни   кхеторан:  «Вина юрт» дийцаран чулацам бовзар; байтан анализ ян хаар шардар , исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсаш билгалбаха а хаар; говзаран коьрта маь1на даккха хаар( 1амар) . Метапредметни: Кхиоран : (регулятивни): шена хьалха х1оттийначу 1алашоне хьаьжжина, шена хууш долчух пайда а оьцуш, 1амат т1ехь шена оьшу хаам схьа а лохуш, кхоллараллин болх бан, (синквейн, байт кхолла,и.д1.кх.а) 1амар. кхетош-кхиоран  :(личностни): ша я шен дай бинчу, баьхначу, я (бехачу) юьрте, шен Даймахке, болу безам шен нене санна, бовха а , даггара а хила безаш хиларан ойла дагчохь ч1аг1йаалар . коммуникативни: шен накъосташка ладог1а а,шен хьежаман ойла кхолла а хаар,и ойла нийса а, кхоччуш юьззина йовзийта а хаар.

Урокан 1алашонаш:

Предметни

кхеторан: «Вина юрт» дийцаран чулацам бовзар; байтан анализ ян хаар шардар , исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсаш билгалбаха а хаар; говзаран коьрта маь1на даккха хаар( 1амар) .

Метапредметни:

Кхиоран : (регулятивни): шена хьалха х1оттийначу 1алашоне хьаьжжина, шена хууш долчух пайда а оьцуш, 1амат т1ехь шена оьшу хаам схьа а лохуш, кхоллараллин болх бан, (синквейн, байт кхолла,и.д1.кх.а) 1амар.

кхетош-кхиоран :(личностни): ша я шен дай бинчу, баьхначу, я (бехачу) юьрте, шен Даймахке, болу безам шен нене санна, бовха а , даггара а хила безаш хиларан ойла дагчохь ч1аг1йаалар .

коммуникативни: шен накъосташка ладог1а а,шен хьежаман ойла кхолла а хаар,и ойла нийса а, кхоччуш юьззина йовзийта а хаар.

Саидов Билал вина юрт Махкат1е (1930 шш.)

Саидов Билал вина юрт Махкат1е (1930 шш.)

Маршалла хаттар. Урокана дешархой кечбар.    Дешарна ойла т1еерзор (мотиваци) Хьехархо : Де дика хуьлда шун, хьоме бераш! Лераме хьеший, шу марша а дог1ийла! -Бераш, хьовсийша , корехула схьагуш ма хаза, къегина де ду! Шун самукъадолий ишттачу дийнахь? Дешархой:  Самукъадолу тхан, арахь иштта де хилча . Хьехархо:  Со а хуьлу шуна иштта самукъане, шун самукъадаьлча. Х1инца, иштта лаккхарчу синх1оттамца, к1орггера хаарш схьаэцархьама, 1илманан к1оргене кхачаран 1алашонца вешан рог1ера нохчийн литературин урок д1айолаей вай? Шу реза дуй? Дешархой:  Дера ду. Хьехархо: Делахь. д1айолор ю вай вешан нохчийн литературин йиллина урок.

Маршалла хаттар. Урокана дешархой кечбар.

Дешарна ойла т1еерзор (мотиваци) Хьехархо : Де дика хуьлда шун, хьоме бераш! Лераме хьеший, шу марша а дог1ийла!

-Бераш, хьовсийша , корехула схьагуш ма хаза, къегина де ду! Шун самукъадолий ишттачу дийнахь? Дешархой: Самукъадолу тхан, арахь иштта де хилча .

Хьехархо: Со а хуьлу шуна иштта самукъане, шун самукъадаьлча. Х1инца, иштта лаккхарчу синх1оттамца, к1орггера хаарш схьаэцархьама, 1илманан к1оргене кхачаран 1алашонца вешан рог1ера нохчийн литературин урок д1айолаей вай? Шу реза дуй?

Дешархой: Дера ду. Хьехархо: Делахь. д1айолор ю вай вешан нохчийн литературин йиллина урок.

1. Хаарш лехаме дахар. Ц1ахь бина болх таллар . Хьехархо:  - Бераш, аса ц1ахь бан х1ун болх беллера шуна? Дешархой:  - Саидов Билалан дахарх а, кхоллараллех а лаьцна хаамаш (докладаш) кечйе аьллера. Хьехархо: - Шу кийча дуй оцу балхана? Дешархой :- Ду.  Хьехархо : -Делахь, вай и болх толлур бу хаттаршца. Вайн белхан хан эвсаре хилийта 3-а тобане декъало. Х1ора а тобано 2-шша хаттарна жоьпаш лур ду. Хьехархо: 1-ра тоба: - Маца, мичахь вина Саидов Билал? Дешархо: - Саидов Билал вина 1914-чу шеран 10-чу июнехь Веданан к1оштарчу Махкат1ехь . Хьехархо: 2-г1а тоба: - Мичахь дешна? Белхаш мичахь бина? Дешархо:- Цкъа хьалха Махкат1ехь школа чекхъяьккхина.

1. Хаарш лехаме дахар. Ц1ахь бина болх таллар .

Хьехархо: - Бераш, аса ц1ахь бан х1ун болх беллера шуна?

Дешархой: - Саидов Билалан дахарх а, кхоллараллех а лаьцна хаамаш (докладаш) кечйе аьллера. Хьехархо: - Шу кийча дуй оцу балхана? Дешархой :- Ду. Хьехархо : -Делахь, вай и болх толлур бу хаттаршца. Вайн белхан хан эвсаре хилийта 3-а тобане декъало. Х1ора а тобано 2-шша хаттарна жоьпаш лур ду.

Хьехархо: 1-ра тоба: - Маца, мичахь вина Саидов Билал?

Дешархо: - Саидов Билал вина 1914-чу шеран 10-чу июнехь Веданан к1оштарчу Махкат1ехь .

Хьехархо: 2-г1а тоба: - Мичахь дешна? Белхаш мичахь бина? Дешархо:- Цкъа хьалха Махкат1ехь школа чекхъяьккхина.

Саидов Билала бераллехь дешна дешна юрт

Саидов Билала бераллехь дешна дешна юрт

т1аьхьа, Тбилисехь Ш.Руставели ц1арахчу театран студехь. Белхаш бина Х.Нурадиловн ц1арахчу драмтеатрехь актер, режиссер, Нохч-Г1алг1айн Союзехь литфондан заведущи. Хьехархо: 3-г1а тоба:  Муьлха произведенеш язйина? Дешархо: «Ненан мотт», «Дуьненна машар», «Деган аз », «Вина юрт», Майра к1ант Сулима», « Меттиган сурт»…  Хьехархо:  Муьлхачу яздархойн говзарш гочйина Саидов Билала? Дешархо:  Цо гочйина Мольеран А.Островскийн, А.Чеховн, Ч.Айтматовн пьесаш.  Ц1е яккха цуьнан уггар а халкъалахь езаш йолчу байтан. Хьехархо:  Шуна дагах хьакхаелларг муьлха произведени ю Саидов Билалан? Д1аеша дагахь шайна хазахеттарг.  Дешархо:  «Ненан мотт» стихотворени ю. (Д1айоьшу кийсик).

Саидов Билала дешна театран студи (Тбилиси)

Саидов Билала дешна театран студи (Тбилиси)

2 . Керла коьчал йовзийтар         Хьехархо:  -Бераш, бераллехь дуьйна и шен ненан мотт а, вина юрт а еза а езаш, царах ваьлча тоха са а доцуш,шен дахаран ирс ша винчу юьртаца,шен хьомечу жимчу Даймахкан ирсаца а доьзна волчу поэтан ойла ю-кх вайна таханлерчу керлачу коьчалан декъехь евза ерг.  Х1инца аса шуна леррина еша а йоьшуш, йовзуьйтур ю и говзар,ткъа аша шайн тидам экрана т1е а бохуьйтуш, дика ладог1а . Шаьш маь1нех ца кхета дешнаш стихотворенмн чулацамехь делахь, уьш дагалаца, царна т1ехь а болх бийр бу вай.Иштта, со ешна яьлча, стихотворенин анализ а йийр ю вай.  Кхуьй а а тоба кечло балхана!     ( Стихотворени къастош йоьшу хьехархочо )

2 . Керла коьчал йовзийтар

Хьехархо: -Бераш, бераллехь дуьйна и шен ненан мотт а, вина юрт а еза а езаш, царах ваьлча тоха са а доцуш,шен дахаран ирс ша винчу юьртаца,шен хьомечу жимчу Даймахкан ирсаца а доьзна волчу поэтан ойла ю-кх вайна таханлерчу керлачу коьчалан декъехь евза ерг. Х1инца аса шуна леррина еша а йоьшуш, йовзуьйтур ю и говзар,ткъа аша шайн тидам экрана т1е а бохуьйтуш, дика ладог1а . Шаьш маь1нех ца кхета дешнаш стихотворенмн чулацамехь делахь, уьш дагалаца, царна т1ехь а болх бийр бу вай.Иштта, со ешна яьлча, стихотворенин анализ а йийр ю вай. Кхуьй а а тоба кечло балхана! ( Стихотворени къастош йоьшу хьехархочо )

Жималлехь левзина хаза урамаш….

Жималлехь левзина хаза урамаш….

Жималлехь левзина хаза урамаш  Къонахий х1иттина юьртан майданаш,  К1ентийн дой хьийзина бай сийна майданаш  Ца тиги йицъяла, валарх мел гена.   Бода д1аэккхабеш, дашо малх хьаьжча,  Ламанан бохь кхолуш, з1енарш схьакхетча,  Вовшашка кхаъ боккхуш, шовданаш декаш,  Ма хазло Махкат1е, дог мерза хьоьстуш!   Хьан юькъчу хотешкахь къоркхокхий декаш,  Шовданийн кортошкахь мехкарий соьцуш,  Сирлачу школашкахь берийн аз декаш,  Товш ю хьо тахана, б1аьрг серлабоккхуш.   Хьан лаьмнаш х1иттийна 1алам ду говза,  Хьан хьаннаш кхиийна ду и комаьрша.  Къинхьегам безачийн ирс алсамдаьлла,  Ца карий цхьанххьа а меттиг хьол мерза.

К1ентийн дой хьийзина бай сийна майданаш…

К1ентийн дой хьийзина бай сийна майданаш…

Кхин гуьнахь шен доцу дег1ан чарх идош,  Кхин чаккхе шен йоцу некъ юьхьарлоьцуш,  Хийла г1улч ехира, хьо дагалоьцуш,  Г1аланаш яккхийчохь 1илманан бух лоьхуш.   Со жимчохь къаьстира езначу ненах.  Хьох херавелира, дог хьоьца дуьтуш.  Ненан сурт хьайчуьнца дуьхьал а х1уьттуш,  Зама ас кхийхьира тахане лоьхуш.   Цамгаро г1елдина дег1 те1а доьлча,  Жималлехь яьгна ц1е г1елъяла йоьлча,  Хьоьга ас сатийсар даздала доьлча,  Нигат ди ас верза езначу юьрта.   Дахаро 1ехийна со воккхаверах,  Балано г1елвина со холчух1оттарх,  Зама д1аэхарехь хийцамаш хиларх,  Хьоь болу сан безам жимлур бац цкъа а .

Хьан хьаннаш кхиийна 1алам ду говза….

Хьан хьаннаш кхиийна 1алам ду говза….

Тамашен ю зама шен новкъа йоьдуш,  Со жима бер долуш хьо къена яра,  Х1инца со къанвелча, хьо къонлуш лаьтта.  Реза ву хийцамна хьо т1ех езарна.   Хьо къонъеш,ц1инъеш дерг къахьоьгу халкъ ду,  Хьанал къахьоьгуш верг даима сийлахь ву.  Ледарло д1атоттуш, доьналла хьостуш,  Яхалахь,кхиалахь сирлачу новкъахь !

3. Практически болх (стихотворенин анализ йар)  Хьехархо:- Хьан язйина ю и стихотворени? Муьлха мог1анаш хазахийтира шуна стихотворенин ? Хьехархо: - Поэтан кхоллараллехь муьлха меттиг д1алоцу стихотворенино? Х1ун маь1на ду оцу стихотворенин авторан дахарца доьзна вай аьлча? Дешархо:  Автор ша ву кху байтан лирически турпалхо. Цо боккхачу безамца, дегайовхонца дуьйцу шен юьртах лаьцна. Хьехархо :  Муьлхачу жанрехь язйина ю х1ара говзар ? Дешархо: Лирически жанр ю цуьнан. Хьехархо: Тема муьлхарг ю? Дешархо:  Даймехкан (1аламан ) тема ю. Хьехархо: Стихотворенин барам билгалбаккха, рифма а къастае.  Дешархо: кхаах1оттаман , (дактиль) барам бу, ж1аре рифма а ю.   Муьлхачу исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсех пайдаэцна автора шен стихотворени кхуллуш?

1-ра тоба:  Эпитеташ: Дешархой: хаза урамаш, бай сийна майданаш, дашо малх.майра аз… 2-г1а тоба: Метафораш: Дешархой : комаьрша 1алам, дахаро 1ехийна, хьо къена яра… 3-г1а тоба: Олицетворенеш: Дешархой: шовданаш дека, вовшашка кхаъ боккху,къонлуш,бода д1аэккхабеш, дог хьоьца дуьтуш… Хьехархо: Муха ду х1окху стихотворенехь лирически турпалхочун васт.? Дешархой:  Авторан дог бовхачу безамца ша винчу махке,цуьнан 1аламе,цуьнан халкъе кхевдина ду,цо шен ойланца ч1аг1 а до вайна «Вина мохк мазал а мерза бу» боху кица. Хьехархо:  Ткъа и бакъдерг шуьга ч1аг1лур дарий халкъан кицанашца? Дешархой: «Шен ц1а-ц1ен ц1а»,«Дикачу пхьидо шен 1ам хестабо»,  «Винчу мехкан х1аваъ а ду чоме», «Нехан ялсаманел,шен жоьжаг1ате а тоьла» . «Нехан махкахь эла хуьлучул,шен махкахь лай хилар тоьла. Хьехархо:  Ма дика бераш ду шу!

Сада1аран минот

Сада1аран минот

Жам1 даран хаттарш 1.Х1ун ойла кхоллаелира шун и стихотворени ешча? Х1ун суртх1оьтти шуна хьалха? 2.Х1унда ца йолу лирически турпалхочунна шен юрт дагара ,ша мичча вахарх,мел хан д1аяларх? 3.Х1унда дусту поэта ненан сурт Даймахкаца? 4. Х1ун ду аьлла хета шуна вайн лирически турпалхо Даймахкахь шена т1еийзош дерг? 5. Х1ун ду Саидов Билалана хьоме юрт дагахь лоттуьйтург? 6.Х1ун ду боху поэта и юрт ц1инъеш,хазъеш дерг? 7.Юста стихотворен кхечу поэтийн юьртах лаьцначу стихотворенех. Х1ун ду церан юкъара, уьш цхьаьнатухург? 8.Х1ара стихотворени муха билгалйолу вайна? Пейзажан лирика аьлча нийса хетий шуна х1окху стихотворенех?

Жам1 даран хаттарш

1.Х1ун ойла кхоллаелира шун и стихотворени ешча? Х1ун суртх1оьтти шуна хьалха? 2.Х1унда ца йолу лирически турпалхочунна шен юрт дагара ,ша мичча вахарх,мел хан д1аяларх? 3.Х1унда дусту поэта ненан сурт Даймахкаца? 4. Х1ун ду аьлла хета шуна вайн лирически турпалхо Даймахкахь шена т1еийзош дерг? 5. Х1ун ду Саидов Билалана хьоме юрт дагахь лоттуьйтург? 6.Х1ун ду боху поэта и юрт ц1инъеш,хазъеш дерг? 7.Юста стихотворен кхечу поэтийн юьртах лаьцначу стихотворенех. Х1ун ду церан юкъара, уьш цхьаьнатухург? 8.Х1ара стихотворени муха билгалйолу вайна? Пейзажан лирика аьлча нийса хетий шуна х1окху стихотворенех?

… Яхалахь,кхиалахь сирлачу новкъахь!

Яхалахь,кхиалахь сирлачу новкъахь!

5. Проект яр. Кхоллараллин болх. Хьехархо: - Хьоме бераш,шуна езий шайн дай баьхна ярташ вайн байтан а,эшаран а авторшна санна дукха?Евзий шуна уьш? Дешархой:  Дера еза. Йовза а йевза. Хьехархо: Делахь,х1инца шун таро хир ю и бовха безам вайна схьагайта. Ас а шуна ц1ахь бан беллачу белхан 2-г1а т1едиллар дара шайн дай баьхначу яртийн суьрташ да аьлла… Вай х1инца проект йийр ю . Аша (3 тобано)х1ораммо а плакат кечде и цхьацца сурт т1е а латош, царна бухахь язде винчу юьртах(Даймахках)лаьцна, кхарах цхьаъ цхьаъ буха а яздеш. 1) синквейн; 2)кицанаш я аларш; шаьш кхоьллина байт (4 мог1а).  Х1ора а тобанан баьччас я цхьана декъашхочо йовзуьйтур ю шайн проект.    Дала аьтто бойла шун!

Дешархоша йовзуьйту шайн проекташ  «Хьоме юрт», «Сан ч1аг1о», « Дайн кхерч» и.д1.кх а.  Хьехархо: -Хаза ц1ерш ю. И ерриг ц1ерш юкъа а лоцуш, «Вина юрт- дахаран ирс» аьлла ц1е тиллий вай?  Бераш, аш гайти шайн хаарш а, винчу юьрте, махке шайн болу ц1ена безам а. Дала тахана шайн ярташка а, Даймахке болчу безаман алу цкъа а д1а ма йойла шун дегнашкахь! Цкъа а ма ма дуьтийла вай вешан дайша шайн ц1ийца ларбинчу, наноша марзонца хазбинчу,кху дуьнент1ехь уггар а хазчу,маьршачу вешан Даймахках геналлехь хьега! Рефлекси . Керланиг х1ун девзи шуна х1окху урокехь? Х1ун маь1на дийр дара аша вайн стихотворенин шайна т1едоьг1на? Дешархой : Вина мохк х1ора адамна хьоме а,беза а бу,цундела иза хазбан,кхио хьанала къа а хьоьгуш,ваха веза аьлла хета.

Дешархойн белхан жам1аш дар .   Хьехархо:  Бераш, х1инца вовшийн белхашка хьажа ,  мах а хадабе вовшийн белхийн. Аса оценкаш йохкур ю.  Ц1ахь бан болх: Кхарах луъъург къастае.  1) байт къастош ешарна кечам бе; 2) байтан чулацамна сурт дилла(хазахетачу меттигна  3) байт дагахь 1амае.  Хьехархо: Цу т1ехь вайн йиллина урок чекхъели. 1одика йойла!  Дешархо:  1одика Дала йойла!

Баркалла !

Баркалла !

Получите в подарок сайт учителя

Предмет: Прочее

Категория: Презентации

Целевая аудитория: 7 класс.
Урок соответствует ФГОС

Скачать
Презентация на тему: "Саидов Билалан «Вина юрт» стихотворени"

Автор: Хуцурова Тоират Удусовна

Дата: 06.05.2021

Номер свидетельства: 579906

Получите в подарок сайт учителя

Видеоуроки для учителей

Курсы для учителей

ПОЛУЧИТЕ СВИДЕТЕЛЬСТВО МГНОВЕННО

Добавить свою работу

* Свидетельство о публикации выдается БЕСПЛАТНО, СРАЗУ же после добавления Вами Вашей работы на сайт

Удобный поиск материалов для учителей

Проверка свидетельства