kopilkaurokov.ru - сайт для учителей

Создайте Ваш сайт учителя Курсы ПК и ППК Видеоуроки Олимпиады Вебинары для учителей

Внеклассное мероприятие на чеченском языке к "Дню чеченского языка"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Внеклассное мероприятие на чеченском языке к «Дню чеченского языка»

Ненан мотт – гIиллакх-оьздангаллин хьоста.

Нохчийн Республикин хьакъйолу эшарлакхархо Тамара Адамова

«Нохчийн мотт»

К1ант:   Салам-маршалла ду шуьга лераме хьеший, хьомсара накъостий!

Йо1:  Лераме накъостий! Вай тахана д1ахьур ду нохчийн меттан Де даздарна лерина «Нохчийн мотт – гIиллакх-оьздангаллин хьоста» ц1е йолу цхьаьнакхетар.

К1ант: Дала беркате дойла вайна, 25-г1а апрель нохчийн меттан Де лоруш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Р.А. даьккхина долу 2007-чу (ши эзар ворх1алг1ачу) шеран №207-г1а (ши б1е ворх1алг1а) Указ.

Йо1:    Нохчийн Республикин Конституцин 10-г1а статья:

«Нохчийн Республикин пачхьалкхан меттанаш лору нохчийн а, оьрсийн а меттанаш…».

К1ант:    Мехала ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзан Ахматовича аьлла дешнаш: «Вешан дай санна нохчий хилла диса дезаш ду вай а. Вайн наноша уьншерийн оьмарера таханлерачу дийне кхаччалц кхиош хилла къонахий кхиоран рагI вайна тIекхаьчна. И къонахий кхио беза аганан илли нохчийн маттахь олуш,  дуьххьарлера туьйра нанас шен аьхначу маттахь дуьйцуш…»

Йо1:  «Ага – къоман кхетам кхиоран, г1иллакхан бухан, кхерчан ладаме цхьа дакъа, хьалхара терхи я къоман ишкол ю. Дуьххьара аганахь хеза берана шен ненан мукъам, илли, нохчийн иллин мукъам, шега ша хьоьстуш нанас буьйцу аьхна мотт а. Аганан иллица, ненан маттаца ду нохчийн г1иллакхаш, оьздангалла, ламасташ»,– аьлла Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Сумбулатов Денис.

К1ант:   «Нохчийн мотт ларбар, цуьнан сий-пусар дар – иза нохчийн г1иллакхаш, 1адаташ, оьздангалла, халкъан ламасташ, къоман истори ларъяр ду. И мотт буьйцуш, цуьнан дозалла деш б1ешерашкахь баьхначу нохчийн 1илманчийн, яздархойн, политикийн, динан дайн, къанойн сий-пусар дан деза…

Со тешна ву нохчийн мотт кхиорехь, къоман г1иллакхаш лардарехь вай массара а кхид1а къахьоьгуш, оцу новкъахь бакхий кхиамаш бохург хиларх», – аьлла Абдурахманов Дукхвахас, Нохчийн Республикин Парламентан куьйгалхочо.

Йо1:  Лераме накъостий!  Вай долчу баьхкина хьомсара хьеший бу:

К1ант:  Нохчийн Республикин дешаран, 1илманан министерствон векал…

 

Йо1:    Администрацин векал - …

 

К1ант: Яздархо, Мамакаев Мохьмадан ц1арах йолчу орденан кавалер Айдамирова Машар.

Йо1:  «Гумс» газета коьрта редактор Борхаджиев Хожбауди.

К1ант: Журналист, «Гумс» газетан отделан куьйгалхо Сумбулатов Дени.

Йо1:  Лераме накъостий!  Таханлера вай вовшахкхетаран болх д1аболош дош ло Нохчийн Республикин Дешаран, 1илманан министерствон векале…

Векалан къамел.

К1ант:  Лераме накъостий! Вайна ма-хаъара, х1ара шо вайна дика вевзаш а, везаш а волчу Халкъан яздархочун Айдамиров Абузарна лерина шо ду.

Йо1:  Абузара аьлла хьекъале дешнаш дало лаьа суна: «Ненан мотт – иза халкъан юьхь ю, халкъан орам бу. Шен мотт ца хилча, халкъ хуьлуш дац. Х1ора нохчо, нагахь санна шен халкъ а, Даймохк а безаш велахь, шен ненан мотт 1амош а, хууш а хила веза.

1амадейша дуьненан дерриге меттанаш, амма цкъа шайн ненан мотт а 1амабай, оцу маттахь яздан а, деша а 1амадай…»

К1ант:  Нохчийн мотт, ненан мотт, нанас аганан илли аьлла мотт. Х1ун ду оцу дешнел деза, мехала?  Аганан иллица, ненан маттах дозаделла ду нохчийн г1иллакх-оьздангалла. Аганахь д1аболало ненан матте, т1аьхьо шен къоме, Даймахке болу безам. Оцу хьокъехь ю Айдамиров Абузаран «Ненан мотт» ц1е йолу байт, цу юкъара, масала, х1ара мог1анаш а:

Цигахь со набарна товжош,

Цо олу аганан илли.

Декара, дог хьоьстуш, довха,

Сан нохчийн маттара илли…

Йо1:  Аганан илли. Оцу башха чулацам болчу байто карладоккху бераллин хенахь вайн хьомечу наноша ховхачу нохчийн маттахь аьлла аганан илли. Ненан эсалчу аганан иллин дешнашца хеза берана дуьнен чохь шена дуьххьара 1емина болу шен ненан мотт.

К1ант:  Айдамиров Абузаран «Ненан мотт» байт барта юьйцур ю…?

 

Со вина Кавказан ломахь,

Къоьжачу баххьашна юккъехь.

Аьрзонийн баннашна лулахь,

Нанас со кхиийна берахь.

 

Цигахь со набарна товжош,

Цо олу аганан илли,

Декара, дог хьоьстуш, довха,

Сан нохчийн маттара илли.

 

Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,

Со цунах хьерчара кхоьруш,

Я халкъан илли цо олуш,

Д1атуьйра набаро хьоьстуш.

 

Шаьш хьегна баланаш балхош,

Вайн халкъан турпалхой хестош,

Дайн-дайша даьхна и иллеш,

Декара дог 1ийжош, доруш.

 

Ненан мотт, хьуна т1е тийжаш.

Хьоьца шен баланаш балхош,

Хьоьца шайн дог-ойла г1иттош,

Ловш 1ийна уьш и буьрса денош.

 

Хьоьца ду суна мел дезнарг,

Вина мохк, нанас сан хьестар.

Хьоьца ду сан велар, велхар,

Дахаре сан болу безам.

 

Б1ешерийн дохаллехь те1ош

Г1елонгахь баллийнчу хьуна,

Даймахко парг1ато елла,

Ирсан не1 йиллина хьуна.

 

Бекалахь, ненан мотт, тахна,

Хьайн халкъан маьрша мохк хестош.

Хьо хьоьстуш кхиочу нанна –

Даймахкана кхайкхабеш хастам.

 

Бекалахь, ненан мотт, тахна,

Дуьнене машаре кхойкхуш,

Лаьтта т1ехь Къинхьегам, Нийсо,

Вошалла, Ирс, Машар кхайкхош.

 

Вы уже знаете о суперспособностях современного учителя?
Тратить минимум сил на подготовку и проведение уроков.
Быстро и объективно проверять знания учащихся.
Сделать изучение нового материала максимально понятным.
Избавить себя от подбора заданий и их проверки после уроков.
Наладить дисциплину на своих уроках.
Получить возможность работать творчески.

Просмотр содержимого документа
«Внеклассное мероприятие на чеченском языке к "Дню чеченского языка" »


Внеклассное мероприятие на чеченском языке к «Дню чеченского языка»

Ненан мотт – гIиллакх-оьздангаллин хьоста.


Нохчийн Республикин хьакъйолу эшарлакхархо Тамара Адамова

«Нохчийн мотт»



К1ант: Салам-маршалла ду шуьга лераме хьеший, хьомсара накъостий!


Йо1: Лераме накъостий! Вай тахана д1ахьур ду нохчийн меттан Де даздарна лерина «Нохчийн мотт – гIиллакх-оьздангаллин хьоста» ц1е йолу цхьаьнакхетар.


К1ант: Дала беркате дойла вайна, 25-г1а апрель нохчийн меттан Де лоруш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Р.А. даьккхина долу 2007-чу (ши эзар ворх1алг1ачу) шеран №207-г1а (ши б1е ворх1алг1а) Указ.


Йо1: Нохчийн Республикин Конституцин 10-г1а статья:

«Нохчийн Республикин пачхьалкхан меттанаш лору нохчийн а, оьрсийн а меттанаш…».


К1ант: Мехала ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзан Ахматовича аьлла дешнаш: «Вешан дай санна нохчий хилла диса дезаш ду вай а. Вайн наноша уьншерийн оьмарера таханлерачу дийне кхаччалц кхиош хилла къонахий кхиоран рагI вайна тIекхаьчна. И къонахий кхио беза аганан илли нохчийн маттахь олуш, дуьххьарлера туьйра нанас шен аьхначу маттахь дуьйцуш…»


Йо1: «Ага – къоман кхетам кхиоран, г1иллакхан бухан, кхерчан ладаме цхьа дакъа, хьалхара терхи я къоман ишкол ю. Дуьххьара аганахь хеза берана шен ненан мукъам, илли, нохчийн иллин мукъам, шега ша хьоьстуш нанас буьйцу аьхна мотт а. Аганан иллица, ненан маттаца ду нохчийн г1иллакхаш, оьздангалла, ламасташ»,– аьлла Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Сумбулатов Денис.


К1ант: «Нохчийн мотт ларбар, цуьнан сий-пусар дар – иза нохчийн г1иллакхаш, 1адаташ, оьздангалла, халкъан ламасташ, къоман истори ларъяр ду. И мотт буьйцуш, цуьнан дозалла деш б1ешерашкахь баьхначу нохчийн 1илманчийн, яздархойн, политикийн, динан дайн, къанойн сий-пусар дан деза…

Со тешна ву нохчийн мотт кхиорехь, къоман г1иллакхаш лардарехь вай массара а кхид1а къахьоьгуш, оцу новкъахь бакхий кхиамаш бохург хиларх», – аьлла Абдурахманов Дукхвахас, Нохчийн Республикин Парламентан куьйгалхочо.


Йо1: Лераме накъостий! Вай долчу баьхкина хьомсара хьеший бу:


К1ант: Нохчийн Республикин дешаран, 1илманан министерствон векал…


Йо1: Администрацин векал - …


К1ант: Яздархо, Мамакаев Мохьмадан ц1арах йолчу орденан кавалер Айдамирова Машар.


Йо1: «Гумс» газета коьрта редактор Борхаджиев Хожбауди.


К1ант: Журналист, «Гумс» газетан отделан куьйгалхо Сумбулатов Дени.


Йо1: Лераме накъостий! Таханлера вай вовшахкхетаран болх д1аболош дош ло Нохчийн Республикин Дешаран, 1илманан министерствон векале…

Векалан къамел.


К1ант: Лераме накъостий! Вайна ма-хаъара, х1ара шо вайна дика вевзаш а, везаш а волчу Халкъан яздархочун Айдамиров Абузарна лерина шо ду.


Йо1: Абузара аьлла хьекъале дешнаш дало лаьа суна: «Ненан мотт – иза халкъан юьхь ю, халкъан орам бу. Шен мотт ца хилча, халкъ хуьлуш дац. Х1ора нохчо, нагахь санна шен халкъ а, Даймохк а безаш велахь, шен ненан мотт 1амош а, хууш а хила веза.

1амадейша дуьненан дерриге меттанаш, амма цкъа шайн ненан мотт а 1амабай, оцу маттахь яздан а, деша а 1амадай…»


К1ант: Нохчийн мотт, ненан мотт, нанас аганан илли аьлла мотт. Х1ун ду оцу дешнел деза, мехала? Аганан иллица, ненан маттах дозаделла ду нохчийн г1иллакх-оьздангалла. Аганахь д1аболало ненан матте, т1аьхьо шен къоме, Даймахке болу безам. Оцу хьокъехь ю Айдамиров Абузаран «Ненан мотт» ц1е йолу байт, цу юкъара, масала, х1ара мог1анаш а:

Цигахь со набарна товжош,

Цо олу аганан илли.

Декара, дог хьоьстуш, довха,

Сан нохчийн маттара илли…


Йо1: Аганан илли. Оцу башха чулацам болчу байто карладоккху бераллин хенахь вайн хьомечу наноша ховхачу нохчийн маттахь аьлла аганан илли. Ненан эсалчу аганан иллин дешнашца хеза берана дуьнен чохь шена дуьххьара 1емина болу шен ненан мотт.


К1ант: Айдамиров Абузаран «Ненан мотт» байт барта юьйцур ю…????


Со вина Кавказан ломахь,

Къоьжачу баххьашна юккъехь.

Аьрзонийн баннашна лулахь,

Нанас со кхиийна берахь.


Цигахь со набарна товжош,

Цо олу аганан илли,

Декара, дог хьоьстуш, довха,

Сан нохчийн маттара илли.


Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,

Со цунах хьерчара кхоьруш,

Я халкъан илли цо олуш,

Д1атуьйра набаро хьоьстуш.


Шаьш хьегна баланаш балхош,

Вайн халкъан турпалхой хестош,

Дайн-дайша даьхна и иллеш,

Декара дог 1ийжош, доруш.


Ненан мотт, хьуна т1е тийжаш.

Хьоьца шен баланаш балхош,

Хьоьца шайн дог-ойла г1иттош,

Ловш 1ийна уьш и буьрса денош.


Хьоьца ду суна мел дезнарг,

Вина мохк, нанас сан хьестар.

Хьоьца ду сан велар, велхар,

Дахаре сан болу безам.


Б1ешерийн дохаллехь те1ош

Г1елонгахь баллийнчу хьуна,

Даймахко парг1ато елла,

Ирсан не1 йиллина хьуна.


Бекалахь, ненан мотт, тахна,

Хьайн халкъан маьрша мохк хестош.

Хьо хьоьстуш кхиочу нанна –

Даймахкана кхайкхабеш хастам.


Бекалахь, ненан мотт, тахна,

Дуьнене машаре кхойкхуш,

Лаьтта т1ехь Къинхьегам, Нийсо,

Вошалла, Ирс, Машар кхайкхош.


Йо1: ???? Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш» роман т1ера цхьа кийсик гойту Энгель-Юьртарчу №1 йолчу школан дешархоша.


К1ант: Х1инца вай дош ло Айдамиров Абузаран йо1ана Машарна.

Машар ю шен дас д1акхехьна сийлахь некъ схьалаьцна, литературин декъехь хьанала къахьоьгуш, т1екхуьучу т1аьхьенна нохчийн къоман истори йовзийтаран беркате болх беш схьайог1уш.


Машарин къамел.


Йо1: Лераме накъостий! Вайн ненан мотт вайна Дала белла бу, цу маттахь къамелаш дина ширчу заманахь дуьйна баьхначу вайн дайша, хьехамаш бина эвлаяаша, и бийцина:

Таймин Биболата, Эвтархойн Ахьмада,

Адин Сурхос, Бенойн Байсангара,

Харчойн Зеламхас, Шерипов Асланбека,

Нурадилов Ханпашас, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас…


К1ант: Цу маттахь исбаьхьаллин хазна кхоьллина вайна:

Бадуев Саь1ида, Мамакаев Мохьмада,

Сулейманов Ахьмада, Гадаев Мухьмад-Салихьа,

Айдамиров Абузара, Дикаев Мохьмада,

Арсанукаев Шайхис, Хатуев 1абдулхьамида,

Джамалханов Зайндис, Рашидов Шаида, иштта кхечара а.

Вайн к1оштара поэташ, прозаикаш??? Чалаев Билал, Абзотов

Йо1: Вайн к1оштахь бевзина ца 1аш, ерриге а Нохчийчохь а, цул арахьа дика бевзаш, нохчийн меттан сий-лерам беш, дахаран чолхечу новкъахь дайн оьздачу г1иллакхех ца бухуш, кхоллараллин новкъахь къахьоьгуш схьабог1у:

Абзотов Нурди Акбиев Хавас

Айдамирова Машар Цуруев Шерип

Борхаджиев Хожбаудди Дагалаева Малика

Насуханов Шамиль Воздингов Махаш

СумбулатовДени Бурчаев Хьаьлим

Саиев 1умар Матаев Анзор

Юсупов Руслан Падаров 1аьрби

Гайтукаев Асланбек Асхабов 1абдул-1азиз

Адамова Тамара Хабаев Исма1ал


К1ант: Нохчийн мотт даггара хестийна Кавказан этнографа Петр Карлович Услара, вайн матте дозаллица ладег1на Михаил Юрьевич Лермонтовс, Лев Николаевич Толстойс…


Йо1: Оьрсийн яздархочо Лев Николаевич Толстойс иштта хастаме дош аьлла вайн маттах: «Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».


К1ант: 1илманчас Петр Карлович Услара а аьлла: «Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре а к1оргера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу».


Йо1: Вайн мотт оьзда, чомехь бийцар хьахаделлачохь ала дог1у Джамалханов Зайндих лаьцна дош. Нохчийн меттан грамматикин бухбиллархо, фольклорист, профессор, меттан 1илманча, халкъан академик, Нохчийн Республикин сийлахь хьехархо ву Джамалханов Зайнди. Цуьнан матте ладог1аза стаг к1езиг хир ву вайн махкахь. «Нохчийн йозанан устазах» лаьцна ала хьакъдолу дешнаш карийна халкъан поэтана Хатуев 1абдулхьамидана.


К1ант: Хатуев 1абдулхьамидан «Нохчийн мотт» ц1е йолу байт юьйцур ю ????Джалкхера №1 йолчу юккъерчу ишколан 9 классан дешархочо «Нохчийн мотт-сан дозалла!» ц1е йолчу къовсамехь 3-г1а меттиг яьккхина йолчу Исаева Ажурата


Вайн мотт дуй те

Маьлхан зезаг

Я ахь буьйцуш,

Хетало?

Дуьне, эхарт,

Вевза – везарг

Суна-м дерриг

Диц ма ло!


Вайн мотт дуй те

Дашо хьоза,

Мохехь, малхехь

Ийъалуш,

Хазчу иллийн

Доцуш доза,

Маьлхан нуьрца

Къийсалуш?


Х1ан-х1а, дац и

Зезаг, хьоза,

Бац и аьрха

Маса дин…

Мазал мерза,

Пхьерал говза

И марзбинарг

Ву Зайнди!


Йо1: Эвлаяа Соип-моллас меттанаш хаарх лаьцна аьлла боху: «1аьрбийн мотт 1амабелаш – ийманан мотт бу шуна иза; нохчийн мотт ларалаш – ненан мотт, г1иллакхан мотт бу шуна иза; оьрсийн мотт хаалаш – шайх хила доллург х1ун ду хуур ду шуна; ингалсан мотт 1амабелаш – бахаман мотт бу шуна иза (язык экономики)».


К1ант: Гоьваьллачу яздархочо Берсанов Хож-Ахьмада аьлла: «Ненан мотт – нохчийн мотт, вайн безчу эвлаяаша хьо хазбеш, хьо ларбеш бийцина. Нохчийн мотт – ненан мотт, вайн дикачу къонахаша хьо базбеш, хьан сий деш, бийцина, доттаг1ашца

к1еда-мерза, мостаг1ашца буьрса, захалонна хаза, берашца экама, г1ийлачаьрца дог хьостуш…

Мотт, духар, г1иллакхаш, къоман сибат ду. И сибат лардеш верг ийманца ву, иза вуьззина нохчий ву, шен махкана хьакъ волу къонах ву.

Меттан сий ца дечо шен ненан сий ца до. Ненан сий ца дечо мехкан сий дийр дац. Шен мехкан сий дан хууш воцчух къонах хир вац».


Йо1: Дуьненахь меттанаш дуккха а ду. Царна юкъахь хьалдолуш хиларца шен меттиг д1алоцуш бу вайн нохчийн мотт а. Ненан мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац. Цуьнан сий ца лардечо ненан сий а лардийр дац.


К1ант: «Тахана ненан маттах хераваьлларг, кхана херавер ву шен халкъах, Даймахках, эзарнаш шерашкахь къаьмнашлахь цуьнан къомах къам дина схьадеанчу Iадатех, гIиллакхех, оьздангаллех а. Дуьнен тIе волуш, Дала билгало луш еллачу, уггаре йоккхачу, сийлахьчу шен цхьаъ бен йоцучу ненан марзонах дIахадар санна бохаме хIума ду иза», – аьлла яздархочо Айдамирова Машара.


Йо1: Мотт къоман а, х1ора халкъан а г1иллакх-оьздангаллин бух бу. Нохчийн маттах, нохчийн махках бераллехь дуьйна дозалла дина ву Дикаев Мохьмад. Ткъа Кибиев Мусбека: «Г1иллакхан новкъа бер долу нохчийн мотт буьйцуш ша даккхахь…», – аьлла.


К1ант: ??? Ишхой-Юьртарчу школан дешархоша суртх1оттош гойтур ду «Зама, Г1иллакх …» ц1е йолу Закриева Пет1аматан дийцар т1ера цхьа кийсак.


Йо1: Ненан меттан шен чуьра дуьйна дан деза сий. Иштта бийца а беза.

Мотт – иза къоман са, адамаллин куьзга ду. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар.

К1ант: ????

ц1е йолу байт юьйцур ю.


Йо1: Г1иллакх долуш, оьздангалла шеца йолуш стаг хир вац, нагахь иза шен ненан мотт безаш а, хууш а вацахь. «Моз санна мерза болу», «ламанан шовда санна ц1ена болу» ненан мотт.

К1ант: ??? «Нохчийн мотт-сан дозалла!» ц1е йолчу къовсамехь 2-г1а меттиг

яьккхина волчу Висингериев Супьяна-Лаха-Нойберарчу

№1 йолчу ишколан 7-чу классан дешархочо

Махмаев Джамалдин «Сайн ненан маттахь» ц1е йолу байт юьйцу.

.



Йо1: Халкъан поэта Рашидов Шаида аьлла: «Ненан матте болу безам сайн хадахь, суо велла лорур ву ас. Нана, Даймохк, ненан мотт со техкош долу ага ду. Оцу маттахь аьлла суна аганан илли, оцу маттахь кхайкхина ас генарчу Даймахке. Уьш ца хилча суо а вац. Ненан маттах йолу сайн байташ оцу ойланца язйина ю ас. Мотт а боцуш къам хилайиш яц. Сайн нохчийн маттана т1ера д1аболабо сан кхечу меттанашка болу безам. Нана а, Даймохк а ас оцу маттахь хестабо. Царех со хадавахь, дахар а хеда сан. Ден, ненан, йиша-вешин санна сий дан деза ненан меттан а, Даймехкан а, оьзда мел йолчу йо1а а, яхь мел йолчу к1анта».

К1ант: ????«Нохчийн мотт-сан дозалла» ц1е йолчу къовсамехь 2-г1а меттиг яьккхина йолчу Гуьмсера №8 йолчу ишколан 5 классан дешархочо Джамалдинова 1айшата шун тидаме юьллур ю Рашидов Шаидан байт «Ненан мотт».

Йо1: «Ненан мотт» Рашидов Шаид


Доккхачу лаьтта т1ехь

??? Хазалла лоьхуш,

Сада1ар дицдина

Еттарх а йорт,

Хьегаран хьу елла,

Шена т1евоьхуш,

Хиллера ц1ийх боьлла

Сан ненан мотт.


Зезагийн лесторехь,

Техкарехь диттийн,

Къайленаш соь юьйцуш

Ловзарехь х1орд,

Ладоьг1ча шабаршца

Бешарчу ниттийн,


Соь ницкъ лург хиллера

Сан ненан мотт.

Иллига бирзича

1енадеш б1аьрхи,

Делхадеш, ловзадеш

Кийрара дог.


Кхолабеш, юха а

Къагабеш б1аьргаш,

Серло лург хиллера

Сан ненан мотт.

Диканехь я вуонехь

Дош ала дезча,

К1орггера ян воьлча

Хиллачийн чот,

Эхь, ийман я г1иллакх,

Доьналла эшца,

Хьекъал лург хиллера

Сан ненан мотт.


Вахар а х1ун оьшу

Цунах д1ахаьдча?

Биц бина вехаш верг

Ю яьсса ботт.

И саннарг карор бац

Мел дукха лехарх,

Даймехкан дозалла

Сан ненан мотт.


К1ант: Нохчийн гоьваьллачу поэта Борхаджиев Хожбаудис «Толаман байташ» т1ехь шен дахаран толам лору:

«Сан толам – мотт бийцар мерза,

Диц ца дар аганан илли,

Адаман нийсонан терза

Шеконе цкъа а ца диллар».


Йо1: Ненан мотт. Нанас аганан илли аьлла мотт. Безаш ца хилча, бийца хуур

доцу мотт, бийца ца хиъча, хьо юьхьк1айн хир воцу мотт вайна марзбинчу устазийн ц1ераш яхар, уьш бовзийтар вайн декхар ду:

Мучиев Шах1ид Булаев 1абдурашед

Мусаев Бауди Дукалаев Бишраку

Джимнигов Ваха Эльдаров 1абдул-К1ах1ир

???

К1ант: Вайн нохчийн меттан исбаьхьа хазнаш йовзуьйтуш, цуьнан г1иллакх –

оьздангаллин т1ег1анаш т1ехула вайн дайн ламастийн лакхене вай кхачош, хьанала къахьоьгуш бу нохчийн меттан, литературин хьехархойн. Уьш бу:

Альтемирова Дженет, Алхазова Майса,

Бибасханов Хамамат, Башхаджиева Зарган,

Габаев Лоьма, Кесабиева Зараъ,

Очарова Барет, Шовхалова Залпаъ.

???

Йо1: Мушкаева Лиза, Габаев Лоьма,

Таибова Лариса, Юсупова Зарема,

Хасуева Зина, Учаева Малкан,

Абдулмежидова Марет, Вашаева Айзан.

Иштта ц1е яккха хьакъ долуш дуккха а бу вайн к1оштахь хьехархой.

К1ант: Царна даггара баркалла ала лаьа тхуна.

Йо1: Лераме накъостий! Х1инца дош ло Гуьмсан к1оштан дешаран урхаллин

куьйгалхочунна Куразова Малика…..???

(декъалбар).

К1ант: Вай к1оштахь тайп-тайпана къийсадаларш хилла: районни, республикански олимпиадашкахь дакъалацар, уггаре дика байташ йийцар, сочиненеш язъяр. Оцу къовсамашкахь тоьлларш билгал а бохуш, жам1аш даран дош ло…

Йо1: Вайн лерамечу Адамова Тамарас «Яхалахь, Нохчийчоь» ц1е йолу эшар д1алокхур ю. Ладуг1ур дув ай.


К1ант: Нохчийн поэзин къаночо, халкъан поэта Арсанукаев Шайхис аьлла:

«Вай нохчий ду. Веза воккхачу Дала кхоьллина вай – нохчий. Цо белла вайна нохчийн мотт а. Ненан мотт – х1ун ду цул деза, цул сийлахь, цул хьоме?! Ненан матто 1амадо вай Даймохк беза, цо 1амадо вайна нохчийн оьзда г1иллакхаш, ламасташ. Цо 1амадо вайна дуьненан а, адаман а хазалла йовза».

Дукха ду ненан маттах лаьцна дийца а, дийцина а.


Йо1: Вайн к1оштарчу гоьваьллачу поэтана Цуруев Шерипана а лаьа

нохчийн маттахь дика дош аьлла лар йита, нохчийн маттахь илли долчу махкахь оцу халкъан цинц хилла ваха. Шен байт иштта йолайо цо:

Со лийр велахь вала лаьа,

Цкъа цхьа дика нохчийн маттахь

Нохчийчоьнах назма аьлла…


К1ант: ??? Эшар «Нана» д1алокху Узбаева Миланас, Гуьмсера №2 йолчу ишколан дешархочо.


Йо1: Поэта Пашаев Нурдина аьлла: «Ас сайн аьлларг хилча «Ненан мотт» аьлла ц1е мосазза йоккху а цунна хьалха «бисмилла» доккхур дара. Стигланан корашка ца яздахь а, мелла а лакха, массарна гучче д1аяздийр дара. Айса и балхош болчаьрга т1ехула балхийна ца 1аш, церан дегнаш чу хьорсур дара цуьнан зевне аз…. Шайхис ма-аллара, церан лергара потт д1айоккхур яра….


К1ант: Абузаран даггара, аганан иллица берашна и балхор бара…. Мохьмада санна, нохчийн мотт 1алашбечунна, цуьнца йолу парг1ато халкъана д1агойтур яра, Билала ненан мотт ца хууш волчуьнга баьккхина бехк санна, и лоруш воцчунна шех а, шен т1аьхьенах а йог1учу заманца хиндерг б1аьргашна хьалха оьхур дара. Доцца аьлча, шен ненан маттахь цхьа дош дитина а дуьненчохь лар юьтур яра».


Йо1: Х1инца вай хьешашка дош лур ду. Лераме хьеший, шуна ду дош

1. Администрацин векал…

?

?

К1ант: 2. «Гумс» редакцин коьрта редактор Борхаджиев Хожбаудди…


Йо1: 3. Сумбулатов Дени…


К1ант: Вай х1инца дерзоран дош ло …???


Йо1: ??? Лераме хьеший, хьомсара хьехархой! Вайн таханлера цхьаьнакхетар Гуьмсера №12 йолчу ишколан дешархойн тобано «Сан Нохчийчоь» ц1е йолчу иллица дерзо лаьа тхуна.


К1ант: Лераме накъостий! Кху т1ехь нохчийн меттан Де даздарна лерина «Ненан мотт – г1иллакх-оьздангаллин хьоста» ц1е йолу цхьаьнакхетар чекхдолу.

Йо1: Дала ненан мотт безаран т1ехь ч1аг1дойла вай! Г1иллакхе, оьзда и бийца к1орда ма дойла цхьанне а нохчочунна!

10



Получите в подарок сайт учителя

Предмет: Прочее

Категория: Мероприятия

Целевая аудитория: Прочее.
Урок соответствует ФГОС

Скачать
Внеклассное мероприятие на чеченском языке к "Дню чеченского языка"

Автор: Байсултанов Альви Романович

Дата: 06.04.2015

Номер свидетельства: 197883


Получите в подарок сайт учителя

Видеоуроки для учителей

Курсы для учителей

ПОЛУЧИТЕ СВИДЕТЕЛЬСТВО МГНОВЕННО

Добавить свою работу

* Свидетельство о публикации выдается БЕСПЛАТНО, СРАЗУ же после добавления Вами Вашей работы на сайт

Удобный поиск материалов для учителей

Проверка свидетельства