Внеклассное мероприятие для 8-9 класса "Къам махкахдаккхар".
1 – ра д1ахошверг
Д1аоьхур ду денош, шераша хуьйцур ду шераш, амма Нохч – г1алг1айн халкъашна дицлур дац 1944 – чу шеран 23 февралан де. Цуьнан хало лайначара и сурт гинчара дагалоьцу иза ирча г1ан санна. Ткъа вайна тарло и туьйранан саьрмиках.
Малхбалехьара ирча кхаъ бохьуш еара шийла, ткъоьвне, вайн жима, кура, комаьрша, нийсо езаш хилла халкъ бехк боцуш бехке дина ирча 1уьйре. Шек а йоцуш набарха юьйлура нохчийн шира ярташ, шайн – шайнхьашташка даха кечлуш дара къинхьегаман адамаш: цхаъ -хьера, важа -хьуьнах. Амма шарделлачу дахаран раж йохош х1ора керта шишша, кхоккха г1ашсалти х1оьттира Сталинан къиза омра кхочушдан.
Хийла бала, хало, нийсояцар лайначу нохчийн халкъана, историна ца гинера и саннарг: дийнна халкъ – сийсара дуьнена даьллачу берана т1ера б1ешаре ваханчу къанонна т1е кхаччалц бехкбоцуш:
«…дайн лаьттах, лаьмнех,
дайн кешнех, дайн иллех,
ненан маттах даккхар».
Теша хала дара, лан къаьхьа дара, амма бакъдерг дара.
(Хьехархочун дош)
(Сценка гайтар «Махкахдахар»)
Чохь 1ен х1усам. Цхьана пенах кхозу нохчийн шира истанг, дечиган маьнги т1ехь йижина 1уьллу, наггахь узарш деш йоккхастаг. Лаьтта тийсинчу кхекхаш т1ехь тайнигаш ловзош 1а 3 - 4 шо хир долу йо1, чоьлуьстуш д1асахьийза 13 шо долу Х1ажар, аравала кечлуш ву да Хьамби а, к1ант а (9 шо долу) Масхьуд.
Х1ажар . Дада, вайга цхьа нах бог1у.
Хаьмби .Муьлшбу уьш?
Х1ажар . Ца хаьа. Шиъ вайн вашин санна хорма йолуш ву.
Хаьмби . Цхаъ лаьа хир ду – кх царна а. Х1ажар, хьо ц1ахь ледара ма 1елахь, тхойшиъ хьуьнха ца вахча ца волу, шайн нана ц1а кхаччалц Бабе хьожуш хилалахь, тахана къаьсттина г1ийла хета суна х1ара.
Арара аз. Во Хаьмби! Хьайна т1е х1ума юхий аравалахьа.
(Хаьмби араволу).
Арахь хуьлуш долу къамел.
Сайтемар. Ц1ечу Эскаран дезчу денна лерина собрани ю школехь вовшахтухуш, массо а боьрша стаг цига д1агулвеш ву. Хьо а цига ван веза боху кхара.
Хаьмби. Ма ч1ог1а г1уллакх долуш ву со, Сайтемар, ахь аьлчи ц1ахь вуьтур варий – те.
Сайтемар. Аьлла дош дойийла яц, Хаьмби. Д1о лаьттачу салтица ишколе г1о хьо, тхойшиъ т1аьхьакхуьу.
(Хаьмби д1авуьгу, Сайтемар а, буха сецна салти а чувог1у.)
Салти (блокнот схьа а йоккхуш).
Так, бабушка на месте, отец тоже, а где Арсамакова Петимат? Спроси.
Сайтемар. Йо1, мичхьа ю шун нана?
Х1ажар. Са ма-хилли, дехьа юьрта яхана шен нана йолчу, ц1а янза ю-кха. Делкъал т1аьхьа ц1а кхача мега иза.
Сайтемар. Мать в другое село уехала есть.
Салти. Хорошо. Старшая дочь Х1ажар, сын Масхуд, младшая дочь Камиса на месте. А что с бабушкой? Она может вставать, ходить самостоятельно?
Сайтемар. Нет, бабушка очень больной. Ухо не слышать, глаз не видеть, ноги не ходят.
Салти. Ее придется оставить. Пусть соберутся. Да поскорей. Жаль детей, но что поделаешь?
Сайтемар. Йо1, вай дукха гена новкъа довла дезаш ду. Катоххе х1ара ши бер кечде, цхьана т1оьрмигахь дама, ахьар, ша долу жижиг, т1е-к1ел таса мега йолу х1ума д1ахьарчае.
Х1ажар. Тхайн дада я нана ц1а еъча эр ду ас, суна хаац, тхо цхьанхьа доьдуш дац, тхан баба ма ю меттах ца хьалуш.
Сайтемар. Йо1, уьш д1адевлла. Ас хьайга бохург де сихонца, хьо жима яц. Ши сахьт хан ю вайна елларг. Йоккхачу стаге х1умма ма баха. Луларчу шун денйише, нислахь, хьажа эр ду ас.
Сиха лелахь х1инца, же.
Пенах кхозу истанг схьа а доккхий, цхьацца х1уманаш д1анисъеш, йо1ана г1о дан волало, Х1ажар, дист ца хуьлуш 1адийна лаьттачу шина берана цхьацца т1е х1ума юха г1ерта, салти чухула герз дуй хьоьжуш волалой лела.
Салти. Пусть собираются, бабушку придется оставить, пошли посмотрим, что делается в соседнем доме, потом вернемся.
Ший а араволу. Елха а ийзош, цкъа шина берана т1е йоьрзуш, т1аккха цхьацца йийбар, юург хьаеш, муьлха х1унде ца хууш йоьхна д1асахьийза.
Чуйог1у кхеран денйиша Мархет, лазарша хьийзо йолийнчу йоккхачу стеган узарш хеза.
Мархет. Вай хьо ма да адаме, хьо ма да адаме! Ма къематде ду х1ара!
Х1ажар, хьо х1ун деш ю?! Сихоелахь, Х1ажар, сихоелахь!
Х1ажар. Вай стенга доьдуш ду, деца, вай муха г1ур ду, арахь ло ма ду.
Мархет. Ца хаьа, ца хаьа х1умма суна, сихха кечлой арадовла алар бен. Оцу шина берана, хьайна тиша – ц1ена ца бохуш т1е х1ума йоха. Хьуна шайн ненаниг мегар ю, же сиха лелахь.
Ша катоьххана хьийза цхьацца йи йбар д1ахьерчош.
Х1ажар. Ой,тхо нана ц1а яллалц 1ийра дац. И йоцуш ара муха довлу тхо.
Мархет. Дера ца хаьа. Бабина х1ун дийр ду ца хууш хьере хилла со-м.Ша валуш воцу цомгашниг 1адда вита боху. Мила хьожур вукхуьнга? Х1ара къематде.
Х1ажар .Вай кхин юха дог1ур дац? Дадина хаьий те х1ара.И мукъна ц1а кхачахьара.Деца, сан-м яц кхарна кхин т1е юха х1ума.Кемисина кога юха мача яц.
Мархет . Х1ун дийр ду йоцчунна. Хьайна т1е кхоллахьа цхьа х1ума.Сан баба хьееш 1ойла яц. Цо цхьажимма х1ума кхоллий хьажахьа. Дерриге маьждиган майдана гулдала дезаш ду. Х1ара ши гали со тхешан ворданна т1е дилла хьожур ю. Д1ора шед ахь хьайна ги тосур. Х1ан,сан кхин 1ойла дац. Хьо сиха лелахь, Х1ажар. Хьо кхиахь бежанна, котамна х1ума тасахьа, къа ду церан.
(Мархет д1айоьду).
Масхьуд. Х1ажар, хьуна хаза х1унда ца хета, вай вашигаг1аьрга доьдуш дац. Соьга сайн салаз яийтахьа,ас Кемиса хохкур ма ю.
Х1ажар. Хаац суна –м вай стенга доьдуш ду а. Аравалий дада ц1а вог1уш гой хьажахьа.(Ша йоккхачу стагана т1е йоьду). Баба, ахь х1ума кхоллур ярий?
Йоккха стаг. Х1ан-х1а,хи лохьа.(Деана хи а молий).Х1ажар,хьо д1аса ма яьллахь. Я Аллахь, леш йолу-кха со, леш. Яда хьайн г1уллакхе хьажа. Со толучуьра яьлла.
( Чувог1у Масхьуд).
Масхьуд.1алелай, Х1ажар оцу арахь дерг, шийла ю, массо адам д1о маьждиг долчухьа доьдуш ду. Вай г1ой цига, цхьаболу зударий боьлхуш бара.
(Чуйог1у Мархет).
Мархет. Х1ажар, же арадовла кечлол.(Цхьацца доккхуш, ши гали ара доккху). Кемиса хьайн ги йолла,шед Масхьуде ло.
Х1ажар.Баба! Ткъа, цунна х1ун дан деза?
Мархет. Со хьожур ю,шу д1адуьйлало.(Бераш арадовлу). Вай Дела,хьо ма да адаме.Ас хьун дан деза кхунна?
(Сайтемар, тохарлерра ши салти чуволу).
Эпсар.Женщина, выходи скорей. Бабушку оставь, мы присмотрим за ней.
Мархет.Баба, ас хьо муху юьтур ю. Вайн Дела,хьо къематде.
Эпсар. (Автомат т1е лоцуш). Выходи скорей, а то пристрелю.(Мархет елха йоьлхуш арайолу).Сержант, ты задержись, отойдут они по-дальше, прикончишь её.
Салти. Как прикончить?
Эпсар. Очень просто,пристрелить. Таков приказ.Или ты не знаешь, как с врагами народа обращаться.Выполняй приказ!
( Салтичо автомат туху, йоккхастаг ле).
2-ра д1ахьошверг.
Хьажахьа,х1ай Сталин! Даккхахьа хьайн омра духа. Ца тоьа хьуна вайн ягийна ярташ, шахьарш, байлахь дисина бераш, жоьра бисина зударий? Кхойкху хьоьга дехаре: къена дай, наной, тхан къоьжа шира лаьмнаш, делхарца лаьмнийн шовданаш. Доьху хьоьга шайн безамо багийна,безаман ирсе кхачанза бисинчу нохчийн бос хазачу мехкарша ,дайн кхерчан дай хилла баха лиъначу к1енташа,Брест-г1опехь, Смоленскехь,Москвана ,Ленинградана уллохь эгначу нохч- г1алг1айн т1емалойн мел деллачу дог1мийн синоша.Шовзткъе итт шарах ьпаччахьана дуьхьал нийсо езаш эгначу дайн, дедайн баьрзнаша, ткъа эзар т1емало кхиийначу, буьрса экха мостаг1 х1аллакван.
Амма дац дуьхьал жоп,
Хеттарш дар доьхку.
Бажа санна вагон чу
Адамаш лоьхку…
(Видео клип «23 февраль-ирча 1уьйре»)
1-ра д1ахьошверг.
Тхуна гарехь, баккхийчара дийцарехь иштта къиза, ирча деара 1944 шеран февралан 23-г1а де нохчийн, г1алг1айн къаьмнашна. Йоккхачу акхараллица, дерриг а халкъ а санна шайн махках бехара сан юьртахой а.Церан бехк болуш дацара иза.Б1е сов къонах хьажийнера юьрто Сийлахь-Боккхачу Даймехкан т1аме.Цуьнан сий,парг1ато ларъеш шайн синош д1аделира къоначу Тамуев 1аловдис,Цехаев Денис,Бегиев Тапас иттанаш кхинболчара.Шайгара йоккха майралла,доьналла гайтарца мостаг1чунна дуьхьал летара Масхадов 1умар,Селимсултанов Боьршик,Темирбулатов Эдда,Абдулхаджиев Решед,Отарчаев Халад,Сайпулаев 1абдул-Вах1ид,Исакхаджиев Зебит иштта д1а кхинберш. Х1уманна а бехке дацара вайн халкъ,х1етте а далийра цуьнга и къематде.
(Хьехархочун дош)
(Фотоклип «Даймахке сатийсар»)
2-ра д1ахьошверг.
Кхойтта шо сов хан яьккхира нохчийн -г1алг1айн халкъаша махках даьхна. Мацаллой,цамгарший мангало буц санна эгадора эг1азе адамаш. Вайна и ца гина, амма болуш бу и гинарш,шаьш цуьнан къаьхьо лайнарш. Цкъа ладог1ий вай цаьрга.
( Дошло кхайкхина балийначу баккхийчу нахе.Хилларш дага а лоьцуш цара дуьйцу шаьш лайнарш).(Ц1ахь яьккхина видео сюжет)
( «Къизалла» стихотворени)
1-ра д1ахьошверг.
Сталина а,цуьнан хьадалчаша а дерриге дира халкъ-дохийна д1адаккхарна.Кхалхийначу 500 000 сов стагах лаккхара кхоалг1а дакъа хьалхарчу шерашкахь х1аллакьхилира,карти т1ера яйинера нохчийн яртийн ц1ераш,дихкинера нохчийн йоза,мотт, схьаяьхнера граждански бакъонаш,энциклопедически словараш, т1е ца язйора вайн къоман ц1е,ур-атталла беллачашна дийг1инчу чартех г1ишлош йира.Доцца аьлча,нохчийн г1алг1айн къаьмнаш цкъа а ца хилча санна доцуш лоруш дара.Амма тахана Нохчийчоь йолуш ю,хир йолуш ю.Цуьнан бахьана мел къаьхьачу балано хьовзарах халкъо дай баьхна латта,шен мотт, дайн г1иллакхаш ца дицдар ду,цуьнан бахьана мел доьхна де дарах шен лаам,шен хьашт к1ел дитина къоман г1уллакх хьалха даккха ницкъ кхочуш яхь йолуш къонахий халкъалахь хилар ду, цуьнан бахьана «мацалло б1арздина,г1елонна к1елдуьсчохь» а шел де доьхначун г1о лаца,г1ийлачун дог эца, йиш-вешин доладан адамалла халкъо шегахь леръяр ду. Тахана вай вешан махкахь ду, йиш ю ненанмотт, дайн г1иллакхаш лардан а,довза а.
Амма
Массо ц1а ца вирзи
Дуккха а бисина,
Ч1ирг1азойн кешнашкахь
Карийна т1аьхьара ял.
(«До1а»стихотворени)
(Хьехархочун дерзоран дош)