Сценарий ко Дню чеченского языка "Мотт- къоман са" 6-11 класс
Ненан меттан Денна лерина цхьаьнакхетар
Ц1е: «Цо досту къайленийн дог1а… »
1алашонаш: 1.Ненан меттан сийлалла, цуьнан исбаьхьалла йовзийтар,
нохчийн меттан, литературин хаарш алсамдахар.
2.Дешархойн Даймахке а, шайн матте а болу безам
лакхабаккхар,иза хаа а,1амо а болу лаам т1еч1аг1бар;
3.Ненан меттан, Даймехкан сийдар, дайн оьзда г1иллакхаш
лардар х1ораннан декхар хилар довзуьйтуш, дешархошца
кхетош-кхиоран болх д1абахьар.
Цхьаьнакхетар д1адахьар.
1-ра д1ахьушверг:
2-г1а д1ахьушверг:
3-ра д1ахьушверг:
4-г1а д1ахьушверг:
1.Нохчийн къоман хелхар.
II. Хьехархочун дош.
Де дика хуьлда шун массеран а!
Уггар хьалха суна даггара декъалдан лаьа шу массо а Ненан меттан Денца…
Вайна массарна а хууш ду, х1окху оханан (апрель) беттан 25-г1а де, вайн мехкан куьйгалхочо Р. А. Кадыровс, Ненан меттан Де ду аьлла, д1акхайкхош, арадаьккхина указ хиларца билгалдаьлла хилар. Доккха совг1ат хилла д1ах1оьтти и дерриге къомана. Массанхьа: радиохь, телевиденехь, дешаран хьукматашкахь - д1ахьуш самукъане цхьаьнакхетарш ду.Цунна лерина вайн Дешаран Центрехь д1ахьуш ю нохчийн меттан йиллина урокаш, тайп- тайпана къийсадаларш, нохчийн яздархошца а, 1илманчашца а классал арахьара цхьаьнакхетарш .
1-ра д1ахьушверг:
Де дика хуьлда шун !
2-г1а д1ахьушверг:
Марша дог1ийла шу а тхан лераме хьеший!
3-г1а д1ахьушверг:
Тахана иштта хаза,самукъане кху чохь вай гулдаларан бахьана Ненан маттана лерина ду.
4-г1а д1ахьушверг: Сил дукхаезачу ненан ц1арах шен ц1е х1оьттина болу ненан мотт хьехочехь муха хир дац самукъане?!
1-ра д1ахьушверг: «Муьлххачу къоман коьрта билгало ю цуьнан мотт. Мотт боцуш къам хила йиш яц. ХIунда аьлча, маттаца хьаьрчина дохку хIора къоман гIиллакх-гIуллакх а, оьздангалла а, психологи а, дуьненан хьежамаш а.
2-г1а д1ахьушверг: Нохчийн маттаца ду вайн къоман доьналла а, майралла а, цуьнца ю вайн къоман историн лараш а.
3-г1а д1ахьушверг: Тахана ,« Цо досту къайленийн дог1а…» ц1е йолчу х1окху вайн цхьаьнакхетарехь , шун хьовса таро хир ю Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу Дешаран Центран дешархоша нохчийн меттан хазалла, Даймахке, къоман г1иллакхашка шайн йолу марзо йовзуьйтуш, д1ахьучу балхе.
4-г1а д1ахьушверг: И дерриге а довзуьйтуш, дешархоша йоьшур ю нохчийн маттахь байташ, шайн мукъамечу аьзнашца д1алокхур ю эшарш, гойтур ду нохчийн хелхар, ткъа уггар мехалниг хир ду - «Ненан б1аьрхиш» ц1е йолчу халкъан дийцаран бух т1ехь 10-11 –г1ий классийн дешархоша х1оттийна кийсак.
1-ра д1ахьушверг: Ларамза дац тахана 11 классан кегийрхоша Умхаев Хьамзатан дешнаш буха т1ехь даьккхина «Нана-Нашха» ц1е йолу илли кечдар.
2-г1а д1ахьушверг: Хууш ма-хиллара, 2019 шо вайн мехкан куьйгалхочун омрица Галанч1ожан к1оштан ду аьлла д1акхайкхина ду. И боккха кхаъ бу дерриге а къомана, х1унда аьлча, нохчийн къоман массо тайпа а, тукхам а цигара схьадаьлла олуш ду.
1-ра д1ахьушверг: Дика а, вуон а, мехкан кхел а цигахь кхайкхош хилла бохуш дуьйцу. Цундела, вайн къоман истори меттах1оттаян а, и исбаьхьа меттигаш т1екхуьучу т1аьхьенна йовзийта а яьккхинарг йоккха г1улч ю.
2-г1а д1ахьушверг: Ладог1а «Нана-Нашха» ц1е йолчу иллига.
3 – г1а д1ахьушверг: «Мотт ойланан дег1 ду» - олуш ду вайн,ткъа и ойла нийса ян,кхеташ хила веза,х1уманах нийса кхетам хила беза.
4-г1а д1ахьушверг: Оцу т1ехь мехала дакъа лоцу ненан матто,цундела оьшу иза гуттар ч1ог1а. Шен ненан маттахь ечу ойлано ларво стаг массо вочух.
3-г1а д1ахьушверг: «Вайн мотт бу Iаламал чIогIа,
Хьекъале цо йоьгIна лард,
Доккху цо къайленийн догIа,
Къаьмнашлахь цо кхуллу барт».
4-г1а д1ахьушверг: Къомана хала киртиг т1ех1оьттича,оцу къоман дагах, сих кхеташ дерг къоман меттан оьзда а, ц1ена а, лараме а дош ду. Х1инца ладог1а дешархоша шайна хазахеташ къастийначу байташка :
Ненан маттах лаьцна байташ
«Ненан мотт» Абубакарова Пет1амат
Хьан боху нохчийн мотт дашна бу къиэн?!
Муьлха а ойла цуо ялхайо говза.
Йиш яц вай д1атесна ненан мотт 1иэн,
Цуьнций бен хир дац къам дуьненна довзар!
«Ненан мотт» Махмаев Жамалди-
Лаьмнашкахь малх кхетча,
Дуьйлало хиш,
Б1аьстено къагадо
Со вина латта.
Эзарнийн озаца ас лоькху йиш
Сайн ненан маттахь!
Сан меттан жовх1арш,
Х1орд хилий 1ана.
Стаг вац со,
Шун аьзнех къастахь.
Дуьххьара дош ду ас
1амийнарг: «Нана»-
Сайн ненан маттахь!
Г1елбелла ненан мотт,
Ца оьшу кхин,
Аьлла шайн
Нийсархо г1аттахь,
Алалаш цуьнга:
«Хьан дайна сий», -
Шайн ненан маттахь!
Карадац дешнаш,
Карадац аз
Д1ах1отто
Исбаьхьчун метта.
Цундела хестабеш,
Сий дийр ду ас
Сайн ненан меттан!
1-ра д1ахьушверг: Нохчийн мотт –иза нохчийн къоман аз ду, къоман илли , назма ю, къоман культура, литература, искусство кхиоран коьрта хьоста а ду.
2-ра д1ахьушверг: Мотт, духар, г1иллакхаш къоман сибат ду.И сибат лардеш верг ийманца ву, шен мехкан хьакъволу къонах ву.
1-ра д1ахьушверг: Х1инца вайн хьовса таро хир ю 10-чуй, 11 -чуй классан дешархоша, «Ненан б1аьрхиш» ц1е йолчу вайн халкъан дийцар буха т1ехь кечдинчу исбаьхьаллин суьрте хьовса.
«Ненан б1аьрхиш» ц1е йолчу дийцаран кийсак.
НЕНАН БIАЬРХИШ
(Нохчийн хьалкъан барта кхолларалла)
Дакъалоцурш:
Автор-
Да-
Нана-
К1ант-
Доттаг1ий-
Воккхастаг –
Пондарча- ……..
Цхьалха цхьа кIант вара къеначу ден, ненан. Дукхавезаш Iалашвора цара шайн кIант.
КIант кхиъна ваьлча, ломахь гIарабаьлла дика динний, нуьйран гIирссий, тIемалочун барзаккъий кечдира дас-нанас шайн кIантана. Амма цунна цхьа бохам хиларна кхоьруш, цIера ара-м ца волуьйтура цара иза.
Цхьана дийнахь юьртара кIентий кечбелира ламанца сакъера баха. Цхьаъ бен воцчу кIантана а лиира цаьрца ваха.
Дений, нанний тIевеъна цо элира:
– Со а вахийтийша юьртарчу кIенташца дуьнене бIаьрг тоха. Суна лаьара, кийра бахьош долу, шал шийла шовда мала, Iуьйранна малх схьакхеташ, сарахь беттаса кхачлуш ган. Суна лаьара махо техкош, догIано дашош, малхо дакъош ламанан басешкахь лаьтта къорза зезагаш ган, суна лаьара Iуьйранна тхинах яжа арайолу лунан буьхьиг ган, гIелашна сагатделла сира сай гIергIаш ладогIа, Iаннаш, даккъаш декош, мацалла угIучу барзе ладогIа… Вахийтийша со кIенташца дуьнене бIаьрг тоха.
– ХIан-хIа, кIант ма гIолахь. Пурба дац хьуна! – элира къеначу дас.
– Со къинтIера ца ели хьуна, кIант, хьо водахь! – элира нанас.
Юьртара кIентий сакъера бахара, цхьаъ бен воцу кIант висира кхерчан а, цIийнан а гонах хьийза.
Цхьа хан яьлча, юьртара кIентий кечбелира экханна талла баха. Дений, нанний тIевеъна, кIанта элира:
– Со а вахийтийша кIенташца экханна талла. Суна лаьара ламанан курчу лечанан ирачу мIараш юккъе нисделла дала са легашка кхаьчна, жима олхазар детталуш ган, дог лоцуш пха тоьхна, стиглахула биркъаш дIа-са яржош, и кура леча чудаийта, лечанан мIарех кIелхьара даьлла, сина маршо хааелла, стиглан сийначу Iарчешка жима олхазар хьаладолуш ган. Суна лаьара иччархочух ларбалархьама генна дIакхарстийна сийна бIаьрг ойлане баьллачохь сецна, ламанан лекхчу тарха тIехь кур аркъал тесна лаьттачу курчу хьехе бIаьрг тоха: оцу семачу хьехана тебна улло вахана, дегI лардеш пха тоьхна, маьIах шотха доккхуш, иза къахкийна, дуьненчохь шел сема хIума дуйла цунна хаийта. Суна лаьара масар къахкийна, эккхийна лаца, дуьненчохь шел маса х1ума дуйла цунна хаийта. Бухбоцчу сийначу стиглара сирла седарчий санна долчу цуьнан хазачу бIаьргашчу хьаьжна, хьаьстина, иза дIахеца, къизчу иччархойл дукха дуьнен чохь къинхетаме нах буйла цунна хаийта. Вахийтийша со кIенташца экханна талла.
– Ваха пурба дац хьуна, кIант, ма гIолахь! – элира къеначу дас.
– Со къинтIера ца ели-кх хьуна, кIант, хьо водахь! – элира нанас.
Корта охьаоьллийна дIавахара кIант, ткъа цуьнан нийсархой талла бахара. Ден, ненан пурба доцуш цхьаннахьа а ца воьдура кIант.
ЦIеххьана ирча кхаъ беара лаьмнашка: мостагI ву тIегIерташ аьлла, цуо буржалш дахьа ламанхошна тоха, леш бина уьш бацо. Юьртара кIентий, къонахий кечбелира мостагIашна дуьхьал бовла. Аьртаниг ирйира, есаниг юьзира цара. Шен шира гIагI дегIе а дерзийна, тешаме герзаш юкъах а дихкина, кIентан да а вахара мостагIашна дуьхьал, шен кIантана а ца хоуьйтуш, лата везачохь – лата а, вала везачохь – вала а.
Шел хьалха дIакхаьчна, могIаршца тIаме хIиттина тIемалой карийра цунна. Къаьстина чIогIа тIом беш вара цхьа цавевза тIемало. Юьхь тIеоьзна зIенийн цхар, тIедуьйхина болатан барзакъ, мостагIийн декъех саьлнаш хIиттош, ткъес санна карахь лепаш шаьлта. Цецваьлла висира воккха стаг да а, цуьнца берш а.
– Мила ву и чIогIа тIом беш волу тIемало? – аьлла хаьттира воккхачу стага дас.
– Иза хьан кIант ву, дада! Хьан цхьаъ бен воцург! Дика кIант кхийна хиллера ахьа! Дала дукха вахаволда иза! – элира тIемалоша.
Амма хала дара и кIант дукха вехар ву ала… Берриг шайн ницкъ гулбира мостагIаша. Массо а цхьаъ санна цхьаний тIелетира уьш оцу турпал кIантана. Вуьйжира кIант. Велира турпал. ТIаккха тIетаьIира ламанхой мостагIашна. ХIаллак бира цара уьш. Бисинарш лаьхкира. Дукха декъий дисира оцу тIеман арахь мостагIийн…
ГIоьмукъех, таррех барма а дина, тIе верта а тесна, ларвеш цу тIе а виллина, ваьхьира тIемалоша кIант-турпал ваьхначу юьрта, винчу юьрта, нана ехачу кетIа… Болатан гIагI малхехь къегаш, кхачабеллачу баттах тера йолчу юьхьа тIера сирла нур гIуьттуш.
– ХIей, вежарий! Собарделаш! – элира кIентан дас. Севцира нах. Вистхилира кIентан да:
– Къонахий! Сан ницкъ кхочур бац кIентан нене хIара ирча кхаъ дIахаийта… Со кхоьру хIокху кхоо нана а ерна… Вац шуна юкъехь маттана говза, нене кIант валар дIахаийта?
Массара а кортош охьаохкийра. Вистхуьлуш стаг воцуш, дIатийра къонахийн тIемалойн тоба. ГIеххьа зама яьлча, нахах къаьстина, хьалхавелира башламан бохь санна къоьжа корта болу воккха стаг.
– Схьаба суна дечган пондар! Цуо дуьйцур ду нене говзачу-хазчу маттаца кIант валарх. Лалур бу цуьнга и ирча кхаъ! – элира воккхачу стага.
Схьабеара пондар. Делха доладелира пондаран мерзаш. Бека болабелира пондар. Шен пондарца тобанна хьалхавелира воккха стаг. Араелира кIант вина нана. Цунна гира вистхуьлуш стаг воцуш, гIайгIано кортош охьаохкийна лаьттачу тIемалойн тоба, хезира бекаш, боьлхуш пондар. Бармахь цавевзачу тIемалочун дакъа…
Буьйсанна декачу олхазаран эшарх тарлуш, шийлачу шовданан декаре буьйлуш, набарна бер дижо нанас олучу аганан иллех тарлуш бекара пондар. Пондаро дуьйцура нанас шен цхьаъ бен воцу кIант мел везаш кхиийна, дуьйцура ненан сийлахьчу боккхачу безамах… ЦIеххьана пондаран мерзаша ламанан лечанан гIергIар хазийра, лоьман цIийзар, берзан угIар хазийра. Цуо дуьйцура кIант-тIемало мел майра, доьнал долуш кхиънера. ТIаьххьара а, тIеман герзаш вовшах детталуш санна, къора бийкира пондар. Хеталора, болатан тарраш турсех детталуш санна, мостагIий боьхна, маьхьарий хьоькхуш санна, тIеман марсаллехь майрачу кIантана тIера барзакъ болатан гIовгIанца декаш санна… Цуо дуьйцура кIант-турпал мостагIехь мел майра летта, цуо уьш муха хIаллакбина. ТIаьххьара цхьа сирла цIена аьзнаш гIевттира пондаран мерзех. Уьш декара маьлхан зIаьнарех тарделла. Хетара, цара дуьйцу Даймехкан хазаллех, ирсечу дахарх, Даймехкан сийлаллех, и сий кхуллуш, лардеш болчех лаьцна… Даймехкан дуьхьа баьхначех, Даймехкан дуьхьа беллачех, цкъа а церан лийриг цахиларх…
Боьлхура пондар, тийжара пондар.
ЛадоьгIура кIант винчу нанас. Гуора цунна бармахь дакъа. Вистхуьлуш цхьа а воцуш, кортош охьаохкийна лаьтта тIемалой. Кхийтира нана… Бармахь Iуьллург кхуьнан кIант вара, кхуьнан цхьаъ бен воцург… Дуьххьара араваьллера иза ненера пурба доцуш… Иза майра леттера мостагIех. Дуккха а хIаллакбинера цуо уьш. Веллер ша а. Веллера даима ваха! Иштта дуьйцура пондаро. ГIайгIане цуьнан йиш…
Боьлхура пондар. Тийжара пондар…
Довха бIаьрхиш хьаьвдира ненан бIаьргех…
Къора узарш деш бекачу пондарна тIетевжира кIентан нана.
Боьлхура пондар, йоьлхура нана…
Мацца цкъа нана тIера дIаайелча, цецах санна Iуьргаш девллера пондаран уьн тIе. Ненан довхачу бIаьрхиша дагийнера иза. Кхин а чIогIа гIарабаьлла бекара пондар. Генна лаьмнашкахула дIаоьхура цуьнан аз. Цуо хIинца дуьйцура ненан кийрарчу йоккхачу гIайгIанах, къахьонах, балех.
Боьлхура пондар, тийжара пондар…
ДегI нисдеш, айаелира кIант вина нана. Цуо доггах мохь туьйхира:
– Со къинтIера ели хьуна, сан кIант!
– Тхо къинтIера девли хьуна, тхан турпал! – йийкира къонахийн тоба.
– Тхо къинтIера девли хьуна, тхан турпал! – геннара схьахазийра гонахарчу курчу ламанаша, Iаннаша, хиша, шовданаша…
Боьлхура пондар, тийжара пондар…
– Аса декъалво хьо, сан кIант! – мохь туьйхира нанас.
– Оха декъалво хьо, тхан турпал! – йийкира къонахийн тоба.
– Оха декъалво хьо, тхан турпал! – геннара схьахазийра гонахарчу курчу ламанаша, Iаннаша, хиша, шовданаша.
Боьлхура пондар, тийжара пондар…
Оьгура ненан бIаьргех довха бIаьрхиш… сийлахь латта а дашош!
3-г1а д1ахьушверг: «Мотт - иза халкъ латтош болу, цу халкъан синпха бу. Бакъдолу нохчалла цуьнгахь латтош берг а мотт бу».
4-г1а д1ахьушверг: 1илманчаша билгалдаьккхина ду нохчийн мотт гуттар а ширачу меттанех цхьаъ хилар.Масийта б1е,эзар шераш хьалха дуьйна долчу т1улгашна,чарташна,б1аьвнашна т1ехь х1инца а карадо нохчийн йозанца яздина дешнаш,кхин цхьацца йоза хиларан билгалонаш.
3-г1а д1ахьушверг:
Массо аг1ор бийца, хесто таро ю вайн вешан ненан мотт. Мел хаза , исбаьхьа ду Ненах, Даймахках лаьцна долу вайн иллеш, эшарш! Царах цхьадерш тахана шайн мукъамечу аьзнашца вайн дешархоша довзуьйтур ду вайна.
Ладог1а Даймехкан мукъамашка…
Йиш «Даймохк»
1-ра д1ахьушверг:
Везачу Дала хьекъал а, собар лойла вайна, вайн дайша дитина кост-весет ненан мотт 1алашбар, нохчаллах ца дохар кхочушдан. Аллах1а шен къинхьетамах ма дохийла вай. 1одика йойла шун!
2-г1а д1ахьушверг: Тахана ненан маттах хиэраваьлларг, кхана херлур ву шен халкъах, Даймахках, эзарнаш шерашкахь къомах къам дина схьадаьхкинчу г1иллакхех.