Олимпиада
Нохчийн меттан литература 6-г1а класс
1. Муьлха жанраш ю кхарах халкъан барта литературина юкъайог1урш? а) дийцар,кица,повесть ; б) илли, кица, туьйра ; в) чехкаалар, баллада,байт; г) дийцар,х1етал-метал,очерк.
Просмотр содержимого документа
«Олимпиада по родной литературе "Нохчийн меттан литература" 6-г1а класс»
Олимпиада
Нохчийн меттан литература 6-г1а класс
1. Муьлха жанраш ю кхарах халкъан барта литературина юкъайог1урш? а) дийцар,кица,повесть ; б) илли, кица, туьйра ; в) чехкаалар, баллада,байт; г) дийцар,х1етал-метал,очерк.
2. Мила лору нохчийн литературан бухбиллархо? а) Гайсултанов 1умар ; б ) Мамакаев 1аьрби ; в) Бадуев Саь1ид;
3. Чекхдаха кицанаш: а) Ненан сий лардечо……… б) Дешар -серло, …………….. в) Туьран чов йирзина…….. г) Яьсса х1ума ……….. Х1ора кицанан маь1на даста хьуо кхетачу кепара.
4. Д1аязъе х1окху говзаран литературни турпалхойн ц1ерш : …Т1аьххьара кхечира Дуьнена цу йисте, Ма-буьйццу карийра И ши берд тамаше. И дукха ца латтош, Т1емашца шок етташ, Деана схьакечира Догмайра и леча… ______________________________________________ 5. М.Мусаевн «Ц1ен маьхьси» бохучу туьйранан идейни маь1на кхарах муьлхачу кицано досту ? а) йохьал сийлахьа,тешамал деза а х1ума дац; б) стеган дагара матто дуьйцу; в) нахана даьккхинчу ор чу ша воьжна; г) 1илманан корта-хьекъал ?
6. Муьлхачу исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсех пайдаэцна х1окху говзаран кийсикехь? Н1аьнеш кхойкху,садаьржина Стиглахь етта шура ю, Бутт сахиллалц, цабижарна, К1алдан мижарг санна, бу… а) Эпитет; б) олицетворени ; в) дустар; г) метафора.
7.Хьайн стихотворени кхолла, «Гуьйре» ц1е а йолуш, х1окху рифмах пайда а оьцуш : …………………………………….дацлуш ……………………………………мажлуш …………………………………..х1оьтти …………………………………… схьа. 8. Саракаев Хьамзатан ялтин пусар х1унда дан деза дуьйцуш яздинчу дийцаран ц1е яккха. ____________________________
9. Х1окху текстехь къамелан муьлхачу хот1ах (стиль) пайдаэцна автора: Кьона нана-б1аьсте хьийза, Лаьмнийн х1усам къагаеш. Ч1ана дитташ зазца хийци, Комаьрша куьг кхачадеш… а) дийцаран; б)1илманан; в) ойлаяран; г) суртх1отторан. Д1аязъе авторан а,говзаран а ц1ерш: _______________________________________________________________ 10. С. Бадуевн «Зайнди» дийцар т1ехь уггар а догдикачу турпалхочу ц1е муха яра? Д1аязъе иза________________ Вон амал ерг?________________
11. Оьрсийн матте гочде дешнаш: Лаппаг1а_______, Арц_____________Оти__________, Бере______________ 12. Жима сочинени-ойлаяр язъе «Нохчийн мотт-сан дахаран хазна» темина
(35-40 дош).