kopilkaurokov.ru - сайт для учителей

Создайте Ваш сайт учителя Курсы ПК и ППК Видеоуроки Олимпиады Вебинары для учителей

ЛИТЕРАТУРНЫЙ ВЕЧЕР ПАМЯТИ БАНЫ ГАЙТУКАЕВОЙ «Хьан цІийнах яра-кх со, Нохчийчоь, хьан цІийнах яра» 11 класс

Нажмите, чтобы узнать подробности

Сценарий литературного вечера «Хьан цІийнах яра-кх со, Нохчийчоь, хьан цІийнах яра», приуроченный к Международному  Дню родного языка, который отмечается 21 февраля каждого года.

Вы уже знаете о суперспособностях современного учителя?
Тратить минимум сил на подготовку и проведение уроков.
Быстро и объективно проверять знания учащихся.
Сделать изучение нового материала максимально понятным.
Избавить себя от подбора заданий и их проверки после уроков.
Наладить дисциплину на своих уроках.
Получить возможность работать творчески.

Просмотр содержимого документа
«ЛИТЕРАТУРНЫЙ ВЕЧЕР ПАМЯТИ БАНЫ ГАЙТУКАЕВОЙ «Хьан цІийнах яра-кх со, Нохчийчоь, хьан цІийнах яра» 11 класс»

ЛИТЕРАТУРНЫЙ ВЕЧЕР ПАМЯТИ БАНЫ ГАЙТУКАЕВОЙ

«Хьан цІийнах яра-кх со, Нохчийчоь, хьан цІийнах яра»

11 класс

Сценарий литературного вечера «Хьан цІийнах яра-кх со, Нохчийчоь, хьан цІийнах яра», приуроченный к Международному Дню родного языка, который отмечается 21 февраля каждого года.



Цель мероприятия: прививать любовь к чеченской поэзии, развивать творческие способности, умение использовать изобразительно-выразительные средства языка.

ведущий: Де дика хуьлда шун лераме хьеший! Вай тахана гулделла Гайтукаева Банин поэзина лерина йолу суьйре д1аяхьа.

Х1окху дуьнен т1ехь мел дукха г1ум ю. Х1етте а цхьатера г1амаран ши мисхал карор яц, иштта дог1анан т1адам а, лайн чимаш а. Дала иштта кхоьллина-кх х1ара дуьне.

Адамаш а ду цхьатера доцуш, иштта тайп-тайпана. Амма, стигларчу седаршлахь шакепара къегинчу седанах терра, шайн амалшца, леларца, деган ц1еналлица къаьстина адамаш а нисло. Царах яра вайн тахана шуна йовзийта лерина йолу поэтесса Гайтукаева Бана а .

Къонахчун амал, нохчалла шегахь йолу нохчийн йо1-поэтесса яра Бана. Цуьнан стихашкахь х1ора а дош, даш санна деза, синхаамах дуьзна хилла ца 1аш, шен мукъамехь алсамо узам болуш дара. Кху чиллан- беттан 23 –чу дийнахь йина де дара Банин. Амма цкъа а шен накъосташца и де даздина йо1 яцара и. Я шен бакъо а ца хетара цунна. Хууш ма-хиллира, дийнна халкъана бохам беана и де долу дела.

Х1ара вайн цхьаьнакхетар д1адолош, оцу денна лерина цо язйинчу «Со йинчу дийнахь» ц1е йолчу байтаца д1адолор ду вай.


* * *

Со йинчу дийнахь…

Марчонан юьхьигаш

Тега д1адолало 1алам.

Со йинчу дийнахь

Делха д1адолало тезетахь дахар.

Со а йоьлху цуьнца

Со йинчу дийнахь.

Мела бала барз боцуш

беллачу нехан къа

Сан синна т1е дуьжу.

Со йинчу дийнахь…

Къинт1ера довлалаш, доттаг1ий,

Со тойнехь шайца ца 1арна,

Со йинчу дийно,

Дуьненчу а далаза

Хьийзинчу сан синан мохь

Сан лере кхоьхьу,

Со йинчу дийнахь…

Йина де сан дан а дац,

Сан са а д1адоьду.

Дуьненчу а далале лазийначу

Сан синан де хуьлу?

Со йиначу дийнахь…

Той дицдой, миска са

Д1адоьду Г1ум-Азе делха…

Со йиначу дийнахь…

Йина де-м сан дан а дац,

Амма ду-дуьненчу далаза

Са дийна де

23.02.1992 шо

 

Вайн цхьаьнакхетар долош, дош лур ду вай (ишкол) куьйгалхочуьнга _Ц1е, ден ц1е.______

Дош ло________________________

1-й ведущий: Поэзия – чудесная страна,

Где правит рифма целым миром!

Ей власть особая дана

Нас покорять звучаньем лиры!

Она открыта тем,кто слышит

Души движенье, мысли ход,

Кто рифмами живёт и дышит,

В ком жажда творчества живёт.

Трудно представить нашу жизнь без поэзии. Мысль, вооруженная рифмой, становится острее и ярче. Она попадает прямо в цель - наше сердце и пробуждает душу, послушайте:



Чеченская поэзия - наше великое духовное состояние, наша национальная гордость. Ее многогранность, многокрасочность поистине удивительны. Высокая гражданственность - вот что отличало поэзию во все времена, вот что придавало ей особую сердечность и окрыленность, стала как бы законом развития чеченской поэзии, ее неотъемлемым свойством. Поэтому народ всегда нуждался в поэзии и любил ее. И поэтому всем сердцем надо принять мысль о том, что поэзия - орудие в развитии человеческой культуры. А большая Поэзия придет к читателю как радость, так открытие мира! И женщины - поэтессы - как солнца луч в жизни нашей!

2-й ведущий:  Ткъа Банин наггахь а стихотворени яц мерзачу мукъамаша дог а хьаьстина язйина. Дахаро дог дигийча, мерцича кхолладелла дешнаш ду цуьнан стихашкахь, цхьа шатайпана декар, чам болуш. Цундела цуьнан стихаш х1ораннан синна гергара хилла ца 1аш, х1ораммо а шен лоруш ю. Ойланаш шайн йолу дела.

Сица кхиъна, дагчохь къийлина, матто г1айг1анечу мукъаме ерзийна дахарх бакъ ойланаш хиларна ю-кх уьш Банин хилла ца 1аш, халкъах дог мел лозучийн а.

Нохчийчохь 90-чу шерашкахь х1оьттина ирча хьал лан ца луш, шен деган озаца язйина йолу «Б1аьргашна б1аьрзе хилла…» ц1е йолу Банин стихотворени шуна йовзуьйтур ю (дешархочун ц1е, класс).

БIАЬРГАШНА БIАЬРЗЕ ХИЛЛА …

БIаьргашна бIаьрзе хилий
Яха боху соьга.
Лергашна къора хилий,
Лела боху соьга,
Маттана догIа тоха
Iама боху соьга,
Ас шун бакъдерг доьху дела,
Со галъяьлла боху соьга,
Елхаран метта соьга
Тахана ела боху,
Еларна мета соьга
Тахана елха боху,
БIешерийн мур бу боху
Иштта чолхе хIуттуш,
Керла пачхьалкх кхуллу боху,
Маьрша синош дойуш,
КIант шен дена дуьхьал хIоттар
ГIиллакхе ду боху.
Вашас ваша цIийла керчор,
ГIазот хуьлу боху.
БIаьргашна бIаьрзе хилла 
Лела ца ло, лела!
Лергашна къора Хилла,
Яха ца ло, яха!
Когах хьерча къинойн маша,
Цо галдоху болар,
Сан Нохчийчоь, мичхьа ду-те
Хьан лазамийн доза?
Со хьан Iуьйре леха йоллу,
Дитна пелхьойн ловзар,
Со хьан суьйре лаха йоллу,
Бицбеш хилла хьовзам,
Со дIайоьду лаха, делахь,
Хьан лазамийн доза,
ЦIийлахь Iуьллу сан кортали
Соьга хьоьжу доьхна…

1-й ведущий: Бана Гайтукаева (1959 - 1994 гг.) 1994-чу шеран 18-чу мартехь Детские годы она провела в с. Валерик / воспетый когда-то в стихах М.Ю. Лермонтова/. Училась в ЧИГПИ, где и прошла почти вся ее жизнь. Печататься начала в 1982 году. Уже первые стихи Гайтукаевой Баны, которые печатались в журналах и газетах принесли ей известность.

Тесно связанная любовью к традициям и обычаям национальной культуры, поэтесса, благодаря своему глубокому чувству патриотизма, осталась верна своему народу и краю душой и прошла недолгий творческий путь.

2-й ведущий: Бана нохчийн йо1 яра, йиша, нохчийн халкъан кхетамо кхоьллина йишин сийлахь васт шен амалшца долуш, къемата дийнахь вешин къинойн мохь шега д1аоьцуерг йиша хир ю аьлла ду. Ишттачарех яра Бана: «Со яла хьан къинна…» олучарех. Шен декхарш, йоь1ан, йишин декхарш къонахчун декхарел а лахара а ца хеташ, уьш кхочушдар шен дахаран некъ а лоруш, шен са а, дог а ца кхоош, и кхоо дезий ца хууш яьхнера Бана.

Нохчийн мотт буьйцуш верг милла а вара Банин гергара, цундела хир ду Банех дика дош олуш болу нах тайп-тайпана хилар, шайн-шайн амалшца, амма Бана массарна а цхьаъ хилла, шен йоккхучу цхьана ц1арца.

1990-чу шерашкахь Нохчийчохь х1оьттина 1аьржа бода дагах чекхбаьлла ца хиллехьара, язлур дацара «Хьан яра-кх со...» ц1е йолу цуьнан байтий мог1анаш. Вайна уьш довзуьйтур ду нохчийн меттан

хьехархочо ___________________

«Хьан яра-кх со...»

Хьан цІийнах яра-кх со, Нохчийчоь, хьан цІийнах яра.

Нахана дІайийца ворхІе а ден цІе а хилла.

Хьан цІарца яьхна со, Нохчийчоь, хьан цІарца яьхна.

Хьешана хІоттадан комаьрша шун а сан хилла.

Хьан юьхь ас ларйина, сайн эхь-бехк, сайн сий санна,

Къа доцчу сан сина теш хІотта Терк а ду дийна...

Хьайбахахь ягийна, да вийна мостагІа санна!

Сайн кхерчах йохийна, мисккъал а бехк боцуш бийца.

Безам а сан хилла, дуьненал лекха со хІотто,

И тешо са оьзда кІентий а сан новкъахь хилла.

Дуьнен чохь мел болчу зударел со маьрша къасто

Бахьана цхьаъ хилла-кх – со ларъян къонахий хилла.

Хьан къина йилхина, бІаьрхиш а чекхдевлла лекъна.

Нохчийчоь, со йисна ца кхеташ хуьлучух тахна.

Йилбазо чІабанаш лачкъийна, йовлакх а дайна.

Орцаха ялахьа! Сан сих ма хьаьрчиний лаьхьа.

Гой хьуна, къийгаша го бина дІалаьцна стигал?

Царна, ма гома хилла-кх сан гІаргІулийн илли.

Ас лоьху сайн хилла аматаш хьан бІаьвнийн кхерчахь.

Ас лоьху... Ткъа суна жоп дала цхьа а вац уллехь...





1 ведущий: Стихи не пишутся – случаются,

Как чувства или как закат.

Душа – слепая соучастница.

Не написал – случилось так.


 Хорошие стихи – всегда тайна. Конечно, ничего бы не случилось, если бы не было стихов. Мир бы не рухнул, но был бы беднее, унылее в духовном плане. Иногда мы просто не замечаем, что поэзия всегда с нами.


Поэзия – это удивительная вещь. Она заставляет нас по-новому смотреть на мир. Она дает возможность выразить свои чувства, которые накопились в сердце. Поэзия возвышает нас над миром повседневности, будничности, обогащая духовно. Она помогает нам быть добрее, решительнее, нежнее, мужественнее.

Поэтому не случайно, что поэзия – это часть нашей жизни. Для кого-то большая, для кого-то совсем незаметная, но, безусловно, для всех – важная. Но есть люди, для которых поэзия, творчество – это жизнь.



Чтецы: Стихотворение «Время»

2 ведущий: Банина гергара, хьомсара бара Нохчийчуьра х1ора а доьзал, кхерч.

Нохчочун кхерчо йохъеш, шен дашца бовха кхерч йохъеш, шен дашца бовха кхерч шел ца балийта г1ерташ, кешнийн керташкахь керла чарташ ца х1иттадайта г1ерташ кхойкхура цо к1ета, урам-новкъа, не1саг1е х1уьттуш, сингаттамах мохк ларбар шен до1анашкахь Деле доьхуш.

(Дешархочун ц1е, класс)х1инца шуна йовзуьйтур йолу «Шийла узарш» ц1е байт язйинчул т1аьхьа цхьана-шина баттахь а ца ехира Бана. Ц1еххьана кхетта цамгар бахьана а долуш, Делан 1ожалло д1аяьхьира вайна юкъара 35 шарахь бен яха ца кхиина йолу къона поэтесса , шена дукхабезачу махках, халкъах х1ун хуьлу цахааран шийла хаттар шен сица, дагца а долуш, долийнначохь дахаран илли а дуьсуш: «сан дахар хиллий-ца лазамал к1езга…», – баьхна йолу.





Чтец: «Шийла узарш»

Лозучу сан дагах деттало

цхьа шийла узарш,

Саде1ар лахдина лаьтта со.

ладоьг1уш тийна,

Сел доккха х1ара дуьне

сайн дагна т1ехьа д1алачкъош,

Ас Деле до1а до

хьан синан маршонна т1ера.

Ткъа т1аккха, кор тухуш,

тхайн юьртахь

х1ора а ц1ийнан,

Чекхйолу: «Бутт лаьцна, самадовла,

адамаш!» – бохуш.

Ткъа нах д1абийшина, шайн метан

Хьеший а хилла,

Сом лоьхуш г1елбелларш д1атийна,

Г1уйнаш д1акъовлуш.

Ткъа батто юха а орцане шийла мохь

бетта:

«Адамаш, шун къийнойн 1азап ду ас

тховса токхуш дерг», – бохуш.

 

ИНСЦЕНИРОВКА:


1 ведущий: Ткъа х1инца шун хьовса таро хир ю (дешархочун ц1е, класс) «Аганан илли» ц1е йолчу дийцаран буха т1ехь х1оттийначу суьрте.


Представление песни на слова Б.Гайтукаевой в исполнении Заслуженной артистки РФ Маръям Ташаевой.

Слово гостям: на рус. И на родном яз.

Лераме хьеший, тхан хьомсара хьехархой, иштта дешархой! Кху т1ехь ерзайо вай Гайтукаева Бана дагалоцуш д1аяьхьина йолу вешан поэтически суьйре. Вай тешна ду, дешархойн дегнашкахь дуккха а ехарг хиларх Бана. Иштта тешна ду, ненан мотт безаш,цуьнан к1оргене кхийдаш, къоман поэзи а, литература а езархой вайн дебарг хиларх. Кху цхьаьнакхетарехь гулделлачу шуна ала лаьа доккха баркалла… 1одика йойла шун, марша 1ойла!..

7



Получите в подарок сайт учителя

Предмет: Прочее

Категория: Мероприятия

Целевая аудитория: 11 класс.
Урок соответствует ФГОС

Автор: Хуцурова Тоират Удусовна

Дата: 06.05.2021

Номер свидетельства: 579899


Получите в подарок сайт учителя

Видеоуроки для учителей

Курсы для учителей

ПОЛУЧИТЕ СВИДЕТЕЛЬСТВО МГНОВЕННО

Добавить свою работу

* Свидетельство о публикации выдается БЕСПЛАТНО, СРАЗУ же после добавления Вами Вашей работы на сайт

Удобный поиск материалов для учителей

Проверка свидетельства