kopilkaurokov.ru - сайт для учителей

Создайте Ваш сайт учителя Видеоуроки Олимпиады Вебинары для учителей

Конспект урока чеченской литературе "Мамакаев Мохьмадан дахар а, кхолларалла а"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Конспект сценария "Мамакаев Мохьмадан дахар а, кхолларалла а".

Вы уже знаете о суперспособностях современного учителя?
Тратить минимум сил на подготовку и проведение уроков.
Быстро и объективно проверять знания учащихся.
Сделать изучение нового материала максимально понятным.
Избавить себя от подбора заданий и их проверки после уроков.
Наладить дисциплину на своих уроках.
Получить возможность работать творчески.

Просмотр содержимого документа
«Конспект урока чеченской литературе "Мамакаев Мохьмадан дахар а, кхолларалла а"»

Доклад

Мамакаев Мохьмадан дахар а , кхолларалла а.

Цхьаберш бешшехь къонахчалла долуш ,сийлахь кхоььлина ,цхьаберш – оцу сийлаллин дарже кхочу ,цхьаберш – оцу сийлаллин даржашка х1иттабо.

У.Шекспир.





Цу дешнийн маь1нийн ойлайича вайн турпалхо муьлххачу а мог1арехь хила йиш йолуш ву.

Шех эца масал долуш , къонахчун дахар хилла яздархочун.

Ден, ненан, йиша-вешин уьйр-марзонехь ца кхиъначу, берийн ц1ийнахь бералла д1аяхначу к1ентан амал хьалхе ч1аг1ъелла. . Оцу амало цунна г1о а дина, халонаш т1ех1иттича, букъ ца саттош, корта айббина чекхвала.

Зорбане валар хала хиллехь а, амма кхиаме хуьлуш д1аволавелла иза. Шен 24 шо кхочучу шарахь (1934-чу шарахь хилира СССР-н яздархойн хьалхара гулам), А.М.Горькийс билет д1а а луш, иза пачхьалкхан яздархойн мог1аршка д1аэцна. СССР ц1е йолчу пачхьалкхехь, къаьсттина 20-чу б1ешеран 30-чу шерашкахь, харцо толош мур беара. Республикаш, къаьмнаш а ца къестош, х1аллакбан болийра баха доьналла мел дерш, интеллигенцин векалш.

Сталинан 1азапаш лайра вайн яздархошна а. Цу хенахь 1едало бехкбоцуш х1аллакбина вайн тоьлла яздархой. Мамакаев Мохьмада ткъех шо набахтехь даьккхина, царах 6 шо – иза ша цхьаъ волчу камери чохь доккхуш. Цо яздина: «Сан 16 шо бен дацара, со Ленинграде а, Кольски ахг1айре йолчу а кхаьчначу хенахь. Т1аьхьо Эрмалойн махкахь а, Генарчу Малхбалехь а хилира. Сан ваха, къахьега дийзира Г1ум-Азехь, тундрехь, Полярни гуонал дехьахь а. Йистйоцчу Даймехкан х1ора маь1игехь а шатайпа билгалонаш а, хазаллаш а карайора суна».

Шеца амал йог1учу къонахошца вазалуш, ледарлонаш емалъеш ваьхна иза. Цуьнан «Даймохк» бохучу кхетамо Нохч-Г1алг1айчоьнан латта юкъалаьцна ца 1а. Кхечу къаьмнийн яздархошлахь цуьнан хилла доттаг1ий: А. Горький, В. Маяковский, К. Кулиев, М. Шолохов, А. Фадеев дуккха кхиберш а.

Йоккха хазна, вайн мехкан мехала синбахам а лара бог1у аьлла тешна ву со вайн республикин бевзашболчу кхолларалин наха Мохьмадах зорбане баьхна дагалецамаш, статьяш, эссеш а. Яздархочун къонахаллин дахаран керл-керла аг1онаш гучуйоху цара. Мамакаев Мохьмадан дахарх язйинарш тахана дуккха белахь а (А. Айдамиров, Хь. Туркаев, В. Дыхаев, Ю. Айдаев, М. Бексултанов, Э. Минкаилов, Хь. Сайдуллаев, Х-А. Берсанов, 1. Кусаев, Э. Мамакаев, Г. Яблокова, Б. Виноградов, Д. Сумбулатов, Хь. Аболханов, Л. Гарсаев и.д1.кх.), яздинарг чулацаме, маь1не делахь а, кхечу къаьмнийн 1илманчаша шайн яздархойн кхолларалла ма-таллара х1инца а к1орггера, кхоччуш ца теллина Мохьмадан кхолларалла. Цуьнан а шен цхьа де хир ду, Дала мукъалахь.

К1езиг бац вайн поэташлахь М. Мамакаевн сий-ларам беш стихаш язйинарш. Поэто Сатуев Хьусайна шен цхьайолчу байташкахь х1оттийна долу М. Мамакаевн васт хьахо лаьа.



1аржбелла техкира стигланийн гуо,
Латтанаш когера шершара д1а,
Са лаьцна лаьттира чов хилла со,
Ткъов етташ, суна т1ехьаьвзира 1а.

Хьайн халкъан лазамаш д1акхехьна да,
Г1аролехь лаьттачохь д1авели хьо.
Алаза дисинчу хьан иллин аз
Хьох дагавийлинчу ас ойур ду.



Харцонашна дуьхьал ша латтийначу къийсамашца цхьаьна назманчин болх 1аламат хьуьнаре, говзаллица, шегахь доккха пох1ма хиларан б1аьрлачу тоьшаллийца кхочушбина Мамакаев Мохьмада. Поэзин мог1анашка цо дуьллура дахарехь ша лайнарг, сатийсинарг, зийнарг. Цо собарх, стогаллах дуьзна долу дош аьлла шен Даймахках, халкъах, заманах, ненан маттах, безамах



Доттаг1аллах лаьцна а язйина Мохьмада шен дикачех йолу стихаш. Безамах Мамакаевс язйина байташ вайн къоман шатайпа хазна лара мегар ду; т1етоха, д1адаккха а сов х1ума шайца ца хаалуш, маь1нех, собарх, г1иллакхах, оьздангаллах, тешамах юьзна ю цуьнан «Шовда», «Ч1ег1ардиг», «Безам» ц1ераш йолу байташ, халкъан илланчас В. Дагаевс мукъаме дерзийна д1аолуш ду. Жиманиг, воккханиг бендоцуш вуьтур воцуш ду поэтан башха мог1анаш:

Безамах къастаро 
Хеназа къежвина,
И гаре сатуьйсуш, 
Г1айг1ано б1арзвина.
Сагатлуш, ладуг1уш,
Ойлано г1елвина
Алахьа ахь, безам, 
Вай х1унда къастийна…
Къоьжалло къанварах,
Дог къона долуш ву,
Безам а, къийсам а
Лелалур болуш ву.

Яздархочун халчу кхолламах лаьцна йоккха исторически роман язлур яра, шен дахарца, шен массо а г1уллакхца цо къоман сий лардина дела, иза, шена ца вехаш, къоманна ваьхна дела, ша динарг к1езиг хеташ, заманан болар сиха хеташ ваьхна дела:



Авторханов Iабдурахьмана шен мемуарш тIехь даладо, чувоьллинчохь дов хоттуш, следовательша шена тIехь кхоьллинчу харцонна даре ден бохуш, прокурор тIевирзича, Мамакаев Мохьмада аьлларг: «Гражданин прокурор, ас цхьа а кийтарлонаш ца йелла, ахь дуьйцуш дерг , сан талламхоша шайггара яздинарг ду. Дечу та1зарна к1ел со хиларна ас куьг-м яздина.Нарком -майора Ивановс суна дош деллера, нагахь санна ас цу кийтарлонаш к1ел куьг яздахь, суна тоьпаш тохийта кхиэл йийр ю аьлла. Бакъду, цо шен дош ца лардира. Цуьнан дош кхочушдан ойла-м яц шун? Ткъа х1инца , и кхиэл аша кхочушъян ца лаьа ,х1унда аьлча, сайн бераш гина суна , церан иэсехь нохчийн халкъан ямартхо ву аьлла, вала ца лаьа .

Иштта хилла Мамакаев Мохьмад.

Шен тоьллачу произведенешца исбаьхьаллин хазна йиллина цо нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъа.



Хасаров Рамзан Шараниевич




Получите в подарок сайт учителя

Предмет: Прочее

Категория: Мероприятия

Целевая аудитория: 4 класс.
Урок соответствует ФГОС

Скачать
Конспект урока чеченской литературе "Мамакаев Мохьмадан дахар а, кхолларалла а"

Автор: Абдулханова Роза Хамзатовна

Дата: 29.08.2026

Номер свидетельства: 690095


Получите в подарок сайт учителя

Видеоуроки для учителей


ПОЛУЧИТЕ СВИДЕТЕЛЬСТВО МГНОВЕННО

Добавить свою работу

* Свидетельство о публикации выдается БЕСПЛАТНО, СРАЗУ же после добавления Вами Вашей работы на сайт

Удобный поиск материалов для учителей

Проверка свидетельства