kopilkaurokov.ru - сайт для учителей

Создайте Ваш сайт учителя Курсы ПК и ППК Видеоуроки Олимпиады Вебинары для учителей

Доклад на тему: «Къоман г1иллакх-оьздангалла нохчийн маттаца ю»

Нажмите, чтобы узнать подробности

Кхолламан хазалла ю ненан мотт,

Нагахь и бийцахь ахь ц1енна.

И буьйцуш еанехь хьан лерга потт,

Хьо дакъаза волуш ву – кх денна…

 

Вы уже знаете о суперспособностях современного учителя?
Тратить минимум сил на подготовку и проведение уроков.
Быстро и объективно проверять знания учащихся.
Сделать изучение нового материала максимально понятным.
Избавить себя от подбора заданий и их проверки после уроков.
Наладить дисциплину на своих уроках.
Получить возможность работать творчески.

Просмотр содержимого документа
«Доклад на тему: «Къоман г1иллакх-оьздангалла нохчийн маттаца ю»»



Къоман г1иллакх-оьздангалла нохчийн маттаца ю.


Кхолламан хазалла ю ненан мотт,

Нагахь и бийцахь ахь ц1енна.

И буьйцуш еанехь хьан лерга потт,

Хьо дакъаза волуш ву – кх денна…



Салам-маршалла ду шуьга хьомсара накъостий! Де дика а дойла шун массеран! Аллах1 Дала беркате дойла вайн таханалера цхьаьнакхетар!

Х1унда беза суна нохчийн мотт? Уггар хьалха со нохчо хиларна беза. Х1ора стагана хьоме бу шен ненан мотт, цундела стеган кхетамехь матто коьрта меттиг д1алоцу.

Къоман г1иллакх-оьздангалла нохчийн маттаца йоьзна ю аьлла хета суна, х1унда аьлча, адамийн дахарехь  коьрта лехамаш бу: эхь-ийманний, яхь-оьздангаллий, г1иллакхе-лераме хиларий. 

Жима йолчу хенахь баккхийчара вайн нохчийн мотт буьйцучу хенахь х1ора дешан ойла йора ас, х1ун маь1на ду –те цу дешан олий, сайна дуьххьара хезаш долу дош дагахь латто а хьожура со. Вайн маттаца вайн дай муьлш хилла а хууш, цара х1ун лелийна а хууш хилла.

Шен дайшца йолу уьйр хаьдча духур дар-кх къам. Ахь дикка ойла йича, доккха маьIна ду кху дешнийн, хIунда аьлча ненан мотт – иза халкъан орам бу. Цундела хета суна, маттах дозалла дан деза аьлла.

Школехь Нохчийн меттан денна лерина мероприятеш мелла а дукха ян хьовса деза. Ишттачу цхьаьнакхетарша берийн к1орггера безам кхуллу Даймахке, шен ненан матте. Нохчийн меттан к1ира долчу хенахь цхьа Iалашо хIоттийра, ловзар кепехь берашка дала хаттарш кечдеш, баккъал нохчийн меттан хIун хьал ду хьажа, маттаца дешархойн хIун уьйр ю хьажа. Цара бохург тидаме эцна, царна луург ницкъ кхочучу барамехь кхочушдан 1алашо х1оттийра оха.

Цкъацкъа коьртах х1ума кхетча санна, хаттар кхоллало.

Массара беза а безаш буьйций-те шен ненан мотт?

Х1инца 1амо луучунна новкъахь цхьа х1ума дац, мелхо а нохчийн мотт пачхьалкхан т1ег1ан т1ехь лаьтташ бу.

Суна чIогIа пайдехьа а, доккха маьIна долуш а хета Ахмадов Мусас

д1ахьуш йолу телепередача «Хаарийн бIов».


Шен ненан мотт хаа а, цунах кхета а лууш волчо цу передачех боккха пайдаоьцур бу. Кечам беш вайн дахарехь ца дуьйцу дешнаш дуьйцу, баккхийчаьрга хьалхалерчу дахарех лаьцна хоьттуш болх бо. Мотт кхиарехь а, ларбарехь а 1аламат мехала х1ума ду иза.Тхан школан тобано жигара дакъалецира цу передачехь, 2015-чу шарахь и б1ов яьккхира.

Нохчийн мотт хаа беза. Ца хаахь Iамо беза! Нохчийн халкъан поэтан Абдулаев Лечин дешнаш дагара ца довлу суна: «Нохчийн мотт а бицбина, кхин мотт Iамо дезаш хилахь, цхьа а мотт ца хууш вуьсийла со». Оьрсийн маттаца цхьатерра бакъо а йолуш, Нохчийн меттан де аьлла д1акхайкхийна хиларна ас дозалла до.

Наггахь к1орггера ойла йича, вешан маттах вай херлахь, хирий техьа вайн кхане? Вайн бераша х1ун дуьйцур ду, х1ун г1иллакх лелор ду нахаца, нохчийн меттан хазна цунна йовзийтина ца хилча шен хеннахь? Эсалчу, ховхачу маттаца дахаран новкъа даккха деза бер. Т1екхуьучу чкъуре –даима дийца деза Даймехкан исторех, меттан хазаллех, халкъан 1адатех, г1иллакх-оьздангаллех, къоман ламастех лаьцна. Хьехархоша ч1огг1а къа а хьоьгу вайн мотт 1аморехь, даима а хьега а деза.

А тахана нохчийн меттан хьехархойн ассоциаци кхоьллина боккха кхаъ бу, х1унда аьлча дуккха а халонаш нисло хьехархошна хьалха, уьш цхьана хоршехь схьабало, оьшучохь г1о-накъосталла дан аьтто хир бу аьлла хета суна. Суна даггара баркалла ала лаьа и кхолла 1алашо хиллачунна а, и 1алашо кхочушйинчунна а, цу юкъахь дакъа мел лаьцначунна а! Дала т1аьхье беркате йойла! Дала Шен дуьхьа лорийла аш мел лелош дерг!

Вайна т1ехь 1аламат доккха декхар ду – и мотт ларбан а, 1алашбан а, т1екхуьучу т1аьхене д1акховдо Дала кхетам а, собар а лойла вайна!

Нохчийн мотт, сан ненан нохчийн мотт!

Хьо беза а беза, эша а оьшу, хьоьца ду дерриг сан дахар.

Хьан сий деш, пусар деш, ехийла ца хилахь,

Сан оьмар яцъе ахь, доьху хьоь, Дела!







Получите в подарок сайт учителя

Предмет: Прочее

Категория: Мероприятия

Целевая аудитория: Прочее.
Урок соответствует ФГОС

Скачать
Доклад на тему: «Къоман г1иллакх-оьздангалла нохчийн маттаца ю»

Автор: Хуцурова Тоират Удусовна

Дата: 06.05.2021

Номер свидетельства: 579896


Получите в подарок сайт учителя

Видеоуроки для учителей

Курсы для учителей

ПОЛУЧИТЕ СВИДЕТЕЛЬСТВО МГНОВЕННО

Добавить свою работу

* Свидетельство о публикации выдается БЕСПЛАТНО, СРАЗУ же после добавления Вами Вашей работы на сайт

Удобный поиск материалов для учителей

Проверка свидетельства