11-г1а урок.
  Тема: «Деха а,доца а мукъа аьзнаш».
  1алашо: деха а ,доца а мукъа аьзнех нийса кхетам балар;уьш дешнашкахь каро, къасто хаар кхиор.
  Юкъара дешаран ардам (УУД):
  Предметни: берашна девзар ду деха а , доца а мукъа аьзнаш;хуур ду аьзнаш [а] , [о] ,[у] (ю,е) аьзнаш дехий , доций хуьлий. Церан деха я доца хилар маь1ница къаьсташ хилар; берашна хуур ду аьзнаш [и], [уь] (юь) аьзнаш деха хезаш хилча т1ехьа элп й яздеш хилар.  
  Метапредметни:
   Регулятивни: дешархошна хуур ду урокан коьрта 1алашонаш билгалъяха. 1емар ду уьш кхочушъян нийса некъаш каро; 1емар ду шайн белхан нийса мах хадо.
  Коммуникативни: дешархошна 1емар ду хьехархочун хаттаршна нийса жоьпаш дала; хуур ду шайна оьшург нийса хата, дуьйцучуьнга ладог1а.
  Х1ума довзаран: 1емар ду учебникаца болх бан ,оьшу материал лаха, цуьнах пайдаэца; 1емар ду х1уманан тидамбан.
 
  Личностни: 1емар ду нохчийн меттан башхаллаш йовза, дика деша лаам хир бу.
  Урок д1аяхьар.
  I.Урокан ц1е а , 1алашонаш а йовзийтар.
  II. Дешархойн хьалхалера хаарш жигарадахар.
  1.Ц1ера болх таллар.
   2. Т1адамийн метана оьшу элпаш дохкуш д1аязде.
   …иг, …хк, …орсам, аг…, …ахка , …рам, ци…иг, бух1… , со… , б…х1а, му…, л…м, м…нга, за…а, …алха, …кола.
  -Д1адеша дешнаш. Д1аязде уьш оьшу элпаш дохкуш.
  -Шаьш т1адамийн метана яздинчу элпашна буху сизаш хьакха. Царех керла дешнаш кхолла.
  -Д1адеша шаьш кхоьллина дешнаш. (Деха, доца , мукъа аьзнаш).
  -Х1ун хаьа шуна дехий доций мукъа аьзнех?
  2. Тобанашкахь болх бар.
  -1-ра тоба д1аязде мукъа аьзнаш билгалден элпаш.
  -2-г1а тоба д1аязде мукъа элпаш.
  -Х1ун ю аз? Х1ун ю элп?
  III. Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.Уьш кхочушъян некъаш  
  билгалдахар.
   Ловзар .
 
  
 
  (Хьехархочо уьн т1е д1аязйо предложенеш. Берашка суьрташ ло т1ехь дог1а, дог1а, г1аш долу суьрташ. Т1едуьллу х1ора предложенина оьшу сурт гайтар).
  Стиглара охьадог1у ….
  Яхас ц1енна ….. туху.
  Дитташ т1ера мажделла … г1аш охьаэга.
  К1ант …. ишколе воьду.
  -Д1аязъе предложенеш, оьшу элпаш дохкуш.
  -Д1адеша шаьш юкъадехкина дешнаш : дог1а-дог1а, г1аш-г1аш.  
  -Х1ун башхалла ю дог1а-дог1а дешнийн аларехь? (Аьзнаш [о],[а] деха а доца а ду).
  -Х1ун эр дара аша церан маь1нех лаьцна? ( Аьнаш деха я доца хиларо дешан маь1на хуьйцу).
  -Д1аеша вайн урокан ц1е. (Деха а,доца а мукъа аьзнаш).
  -Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?  
  IV. Керла хаарш а, гIуллакх даран кепаш а кхоллар.
   1.Дехий,доций мукъа аьзнийн тидам бар.
   -Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушъян еза упражнени?
  -Д1адеша дешнаш дешан хьалхачу декъера мукъа аз деха а доьшуш.
  -Мила ву дада? (Дада дедех олу).
  -Муха кхета шу дага бохучу дашах? (Дечиг дага , х1ума ягаран маь1на ду цуьнан).
  (Иштта толлу дисинчу дешнийн маь1наш).
  -Д1адеша и дешнаш хьалхарчу дешдекъера мукъа аз доца а доьшуш. Стенан тидам би аша? (Дешнийн маь1на хийцадели).
  -Муха кхета шу дада бохучу дашах? (Дада –цхьогал я цицг дадаран маь1на ду цуьнан).
  -Х1ун ю дага? (Диг т1етухуш йолу дечиг ю).
  -Кхин х1ун эр дара аша церан хийцадаларх лаьцна?
  -Д1аязде шайн маь1не хьаьжжина и дешнаш таблици чу. Доца мукъа аьзнаш ц1ечу т1адамашца,деха аьзнаш баьццарчу адамашца билгалдаха.
       Х1ума я адам.   |   Х1уманан дар   |   Х1уманийн билгало   |  
   дада   |   дада   |        |  
   дага   |   дага   |        |  
        |   ваха   |        |  
        |   ваха   |        |  
   мекха   |        |   мекха   |  
   дакъа   |        |        |  
   дакъа   |        |        |  
   худар   |   худар   |        |  
 
  -Ала шайна хетарг. (Аьзнаш деха я доца хиларо дешан маь1на хийина ца 1а , къамелан дакъа а хуьйцу).
  2. Бакъо таллар.
  -Д1аеша 24-чу аг1он т1ера бакъо.
  -Муха къаьстар ду аьзнаш [а] , [о] ,[у] ,[и] (ю,е) деха я доца хилар?
  -Муха билгалдоккху [и], [уь] (юь) аьзнийн деха хезаш хилар?
  3. Деха а,доца а мукъа аьзнийн тидам бар.  
   (Бераша шаьш кхочушйо упражнени).
   -Д1аеша байт. Муьлхачу дешнашкахь ду ду деха я доца мукъа аьзнаш? (Г1ашна , сийна)
  -Г1ашна дашехь [а] деха ду я доца ду? Х1ун ю цигахь юьйцург ? (Диттан г1аш)
  -Аз [а] доца а олуш д1адеша и дош. Х1ун тидам хили шун? (Маь1на хийцадели. Г1аш стаг волало)
  -Муха билгалдаьккхина аз [и] деха хилар? (Т1ехьа элп й дилларца)
  -Аз [и] доца а олуш д1адеша . Х1ун тидам хили шун? (Маь1на хийцало )
  V. Сада1аран миноташ.
  Жима Ваха г1отту
  Мало йоцуш хьала.
  Мел хан яьлла, хотту,
  Т1аккха йо зарядка.
  Охьа-хьалате1а,
  Ирх а кхиссало,
  Цхьана меттехь воду,
  Х1уммаъ к1ад ца ло.
  Пхьаьрсаш, накха башош,
  Сихха кхорзу хи,
  Дег1е «зузз» доуьйтуш,
  Хиларх шийла и.
  Цергаш, юьхь-куьг дила
  Цунна диц ца ло.
  Морса гата хьокхуш,
  Иза вакъало.
  (Хь. Саракаев)
  (Бераша Вахас дийрриг до)  
  VI. Пайдаэцар — хаарш а, шардалар а кхоллар.
   Аьзнаш [и], [уь] (юь) деха я доца хиларан тидам бар.
  
  -Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушъян еза упражнени?
  -Д1аязъе предложенеш.
  -Муьлхачу дешнашкахь яздина аша т1адамийн меттана элп й ?
  -Учебника т1ехь болчу дагалецамах пайда а оьцуш , дийца.
   2. Логически ойлаяр кхиор.
   -Д1аеша байт. Муьлхачу дашехь ду г1алат? (Д1атуьйра).
  -Дийца цуьнан нийсаяздаран бакъо. ( Аз  [уь] деха ду, цунна т1ехьа элп й ца диллина).
  VII. Рефлекси.
  -Дийца шайн кхиамех лаций.
  VIII.Урокан жам1.
  -Муха къаьста аьзнийн [а] , [о] ,[у] (ю,е) деха я доца хилар?
  -Муха билгалдоккху [и], [уь] (юь)?
  IX. Ц1ахь бан болх балар.
   Упражнени № 51, аг1о 25.
  Бакъо, 25-чу аг1онна т1ера.